Нохчийн Республикин прокуратурехь

Дехарш  жоп доцуш дуьсур дац

 

Нохчийн Республикин прокурора Абдул-Кадыров Шарпуддис бахархой т1еэцар д1адаьхьира Нажи-Юьртан районехь. Леррина ладуьйг1ира цо районерчу  цхьайтта вахархочун дехаршка. Ткъа уьш тайп-тайпана дара: гражданско-бакъонан а, уголовни а, декъехь йолчу юкъаметтигех а, балха д1анисварх а.

Ша аьлча, республикехь контртеррористически операци д1ахьочу хенахь шайн гергара стаг х1аллакьхилар бахьанехь   хилла моральни зен меттах1оттор доьхура Кадырова Маликас а, Оздамирова Падама а, Уземирова Натальяс а. Ткъа Абдуразаков Тиграна доьхура юьрта йисттера некъ тобарехь г1о дар.

Районан бахархоша Матрашов Гайрата, Мнеркаев Яхьъяс, Насуханова 1айнаа дийхира ц1енош дарна лаьттан дакъош къастадайтарехь шайн доьзалшна г1о дар. Озиева 1айшата лоьхура республикехь бевзаш болу хиламаш болчу хенахь йохийна шен х1усам меттах1отторна шена дог1уш долу компенсаци, харц кехаташ а кечдина, схьаэцнарш уголовни жоьпе озор. Герггарчу хьесапехь дахаран ишттачу г1уллакхех хьакхалуш дара кхидолу дехарш а.

Терго латторан органан куьйгалхочун тидамза ца дисира цхьа а дехар. Царах цхьадерш къастор циггахь цо т1едиллира шен  заместительна а, районан прокурорана а. Цо иштта тидам т1ебахийтира гражданийн талхийна бакъонаш меттах1итторна т1ехьажийна хьакъ доллу г1уллакхаш дийриг хиларна.

 

Сацам бух боцуш лерира

 

Нохчийн Республикин Лакхарчу суьдо къастийра Соьлжа-Г1алин Ленински районан суьдо бинчу сацамна дуьхьал прокурора язйина хилла апелляци. Иза йоьзна яра, прокурор дуьхьал  воллушехь,   шена моральни зен хилла аьлла Шамсудинова Кужала Россин  финансийн министерстве бина хилла искан лехам цхьана декъана кхочушбеш, оцу суьдо сацам т1еэцна хиларца. Лехам беш ерг федеральни бюджетера   схьаэца г1оьртинера кхо миллион соьман барамехь ахча.

Таллам бича гучуделира суьдо шена хеташ долчунна т1ехь бух х1оттийна сацам т1еэцна а,  буха дехкина бакъдерш а доцуш искан лехамна жоп делла а хилар. Иза хьесапе а эцна, Лакхарчу суьдо районан суьдан сацам боха а бира, искан лехам жоп доцуш а битира.

 

Ахча меттах1отто дезар ду

 

Нах бехачу меттигийн коьртачу библиотекехь бюджетан хьокъехь долчу законан лехамаш кхочушбар муха ду хьожуш бинчу талламо гучудаьккхира Россин Къинхьегаман кодексан 191-чу статьян лехамаш талха а беш, д1адаханчу шеран мартехь учрежденин директора Сулиманова Зулайс шена совг1атана ахча яздина хилла хилар. Оццу баттахь иза цо схьа а эцнера.

Талламан материалаш Т1ехьа-Мартан районашна юкъарчу талламан отделе яхьийтира Сулиманована дуьхьал уголовни г1уллакх долор къастадайта. РФ-н УК-н 160-чу статьян 3-чу декъаца дог1уш  та1зар дайта цунна дуьхьал уголовни г1уллакх долийна лакхахь билгалъяьккхинчу талламан отдело.

 

Законан лехамаш кхочуш ца бича…

 

РФ-н УК-н 282-чу статьян 1-чу декъаца билгалдина зулам дарна Салжиевна дуьхьал долийна уголовни г1уллакх толлуш Россин талламан комитетан Нохчийн Республикехь йолчу талламан урхаллехь законан лехамаш талхийна хилар гучуделира регионан прокуратурина. Цунах лаьцна республикин прокуроран заместитела Хабаров Николайс хаам бира оцу урхаллин хьаькаме.

И г1уллакх талларо гайтира  дина зулам гучудаккхарехь, билггал бехкенаш уголовни жоьпе озорхьама дерриге а бахьанаш билгалдахарехь  талламхочо законан лехамаш кхочушбина цахилар. Прокурора бинчу лехамна жоп делла, гучудевлла кхачамбацарш д1адаьхна. Цунна бехке волу талламхо низаман жоьпе озийна.

 

 

 Нийсонан кхиэл

 

РФ-н УК-н 216-чу статьян 2-чу декъаца билгалдина зулам дарна бехке лоруш хиллачу Джанбеков Юнусна дуьхьал долийна хиллачу уголовни г1уллакхехула кхиэл йина Нажи-Юьртан районан суьдо. Иза доьзна дара «Чечводоканал» ГУП-н Нажи-Юьртан филиалехь инженер волчу Джанбековс юьртахь ремонтан белхаш д1ахьочу хенахь кхерамазалла 1алашъярна т1ехьажийна хьакъ доллу г1уллакхаш дина цахиларца.

И бахьанехь шена т1ехь 1уналла доцуш дисина хилла 4 шо кхаьчна бер иза дехаш хиллачу меттигна гена доццуш предприятин белхалоша даьккхина хиллачу ор чохь делира. Цунах болу берриге а бехк шена т1елецира бехке веш хиллачо. Цуьнга хьаьжжина яра суьдехь йина кхиэл а: Джанбеков Юнусна арахь яккха цхьа шо хан туьйхира, зеран цхьа шо  а х1оттош. Цул совнаха, цунна дихкина цхьана шарчохь билггалчу даржашкахь болх бар.

 

Герз дохкарна чувоьллина

 

Кху шеран 20-чу июнехь Соьлжа-Г1алин Старопромысловски районан суьдо сацам бина Дагестан Республикин Хасав-Юьртара полицин белхахо Джабраилов 1ела ханна чуволла. Юьхьанцара таллам д1ахьочу хенахь гучудаьлла  2015-чу шеран 16-чу июнехь цо бакъо йоцуш Гуьмсан вахархочунна 230 эзар соьмах кхечу пачхьалкхехь дина долу герз – «Glok-17c» тапча йоьхкина хилар.

Цуьнца доьзна Джабраиловн адвоката республикин Лакхарчу суьде апелляцин арз делира суьдан сацам бохор а, чувоьллинарг схьахецийтар а доьхуш. Дов хоттучохь дакъалоцуш хиллачу прокурорана Юнусов Сулумбекана хетачунна т1е а доьг1на, дина зулам боккха кхерам болуш а лерина, апелляцин суьдо ца хуьйцуш битира хьалхарчу т1ег1анан суьдан сацам, жоп ца луш дитира адвокатан дехар.

 

Хаамаш кечбинарг – Л.БАКАРОВ

 №82, шот, 25 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: