Индин къилбаседехь пассажирийн автобус хи чу йоьжна. Цу тIехь хиллачарах 30 стаг кхелхина, 22 стаг лазийна. Оцу бохамна бехке мила ву хьожуш таллам бу дIахьош.
***
Мисарарчу (Египет) Синай гIалахь теракт йича оцу мехкан 4 эскаргIуллакххо велла, масех стагана чевнаш хилла. Оцу зуламах долу жоьпалла тIе ца эцна экстремистийн цхьана а боламо.
***
Ливера мигранташ тIехь болу хIорда кема доьхна, хи буха дахана. Цу тIехь хиллачарах 40 гергга стаг кхелхина, бисинарш кIелхьарабаьхна.
***
Иракан куьйгалхойн Багдадехь цхьаьнакхетар хилира США-н арахьарчу мехкашца долчу гIуллакхийн министраца. Цара дийцаре дира «иблисан пачхьалкхана» дуьхьал къийсам дIабахьаран хьокъехь долу гIуллакхаш.
***
США-н Конгрессехь дийцаре дира Иранан ядерни программин хьокъехь ялх пачхьалкхо бинчу бартаца доьзна гIуллакхаш. Дукхах болчу сенаторша къобалбеш бац и барт.
***
Францерчу фермерша, мехкан коьртачу шахьаршка догIу некъаш дIа а къевлина забастовкаш еш йолу масех де ду. Цара лоьху Россина дуьхьал йина санкцеш дIаяхар, юьртабахаман сурсаташ дохкаран рынок шоръяр.
***
Донецкан областехь хилира ОБСЕ-н куьйгалхочун заместитель Хуг Александр. Меттигерчу бахархоша цунна гайтира Украинин Iедалан эскарша денна дохош долу цIенош. Амма царна дала жоп цахилира цуьнан.
***
Россин Президента В.Путина финансийн гIуллакхашкахула кхеташо дIаяьхьира мехкан премьер-министраца а, финансийн министраца а.
***
Россин Правительствехь тIеэцна Курилаш социально-экономикин кхиоран федеральни Iалашонан программа. Цуьнца нийса а догIуш, итт шарна 70 миллиард сом къастор ду и регион кхиорна.
***
Москвахь Пачхьалкхан Думин председатель С.Нарышкин цхьаьнакхийтира Францин парламентан депутатийн делегацица. Цул тIаьхьа делегаци ГIирме яхара.
***
Леррина операци дIахьочу хенахь ялх боевик вийна ГIебартойн-Балкхаройн пачхьенехь Нальчикехь. Гучуяьлла цара лелхаш болу гIирсаш кечбеш хилла лаборатори.
№82, шот, 25 июль, 2015 шо