В.Путин а, А-Хь.Кадыров а

2000-чу шеран 8-чу июнехь Россин Федерацин Президента В.В.Путина куьг яздира «Нохчийн Республикехь кхочушдаран Iедалан органийн ханна йолу система вовшахтохаран хьокъехь» долчу Указна а, Положенина а. Ткъа 12-чу июнехь – Кадыров Ахьмад-Хьаьжа Нохчийн Республикин Администрацин Куьйгалхо хIотторан хьокъехь долчу Указна.

0_43eb6_9f7755bf_L

Мехкан Президентан В.Путинан а, регионан Куьйгалхочун А-Хь.Кадыровн а юкъаметтигашкахь, юьххьехь дуьйна, гучуделира амалш вовшашна тайна хилар, вовшашка тешам хилар. Ахьмад-Хьаьжас дийцарехь, иза цецваьккхира Россин лидер хьулам боцуш, догцIена хиларо, мел чолхе гIуллакхаш а кхета атта долчу маттахь дийцаре дан хааро, Iалашонаш, декхарш хьекъалца, хьикматца билгалдаьхна ца Iаш, уьш кхочушдан таро лун йолу некъаш довзийта хааро.

Нохчийчуьра карзахе хьал синтеме дерзорехь цхьаьна хьалхара гIулчаш яха волавелча гучуделира республикерчу юкъараллин-политикин хьоле цу шиннан цхьабосса хьежар хилар, уьш листаран некъаш а цхьабосса гуш хилар. И ший а кхеташ вара «нохчийн кризис» дIа ца яьккхича Къилбаседа Кавказехь ондда машар дIахIотталург цахиларх. Ткъа иза Россин къилбан форпост ю, Россина доккха стратегически а, геополитически а маьIна долуш а ю.

Уггаре а коьртаниг, и шиъ цхьаъ хуьлий дIахIуттура Россин а, Нохчийчоьнан а исторически кхолламаш цхьаъ хиларх тешаш хиларехь, Россин вежараллин халкъийн юкъараллехь бен Нохчийн Республика баккъал а маьрша хирг цахиларх тешаш хиларехь. Оцу халкъийн цхьааллехь ю Россин сийлалла. Оцу цхьааллехь бу цуьнан ницкъ а, ларам а.

И шиъ цхьана чкъурах, советски цхьана мехаллаш тIехь кхиийна, юкъара советски дIадахнарг долуш ши стаг хиллехь а, царах хIора а шен некъаца воьдуш вара.

В.Путин мехкан куьйгалле хIоьттира, иза йохаран зила тIе хIоьттича, федеральни Iедалан, республикийн юкъаметтигаш кхоччуш галъевлча. Iаламат чолхе а, кхераме а нисделлачу политикин а,  социально-экономикин а хьелашкахь федерацерчу Iедалан вертикаль меттахIоттийра цо, политикин, экономикин, бакъонийн берриге а гIирсех пайда а оьцуш.

Кадыров Ахьмад-Хьаьжин, шен халкъаца цхьаьна, хала а, чолхе а некъ бан дийзира Россица йолчу юкъаметтигашкахь нийса хинйолу политика лоьхуш. ТIамах, Iазапах, гIелонех чекхдовла дийзира. Нохчийчоьнан лидерша хаьржинчу некъан кхане цахилар хиъча, иза къам хIаллакден долу некъ хилар гича, иза кхийтира. Иза кхийтира нохчийн халкъ Iалашдаран, кхиоран таронаш Россин Федерацин пачхьалкхехь, цуьнца цхьаьна гIуллакхдарехь бен цахиларх.

Ахьмад-Хьаьжа кхийтира Масхадовс а, цуьнан агIо лоцучара а хаьржинарг нохчийн халкъ хIаллакден долу некъ хиларх, шайгара Iедал дIа ца хеца гIерташ цара дерриге а дуьненахь – Европехь, Азехь, Iамаркехь шайна бартахой  лоьхуш хиларх. И дечу хенахь цара хьесапе ца оьцура халкъ хIаллакьхуьлуш  хилар. Шайн лаамаш чекхбахар доцург царна гуш хIума дацара. Кадыров Ахьмад-Хьаьжа кхета ца туьгура Советски Эскаран эпсарш хиллачеран кхетамбацарх, цара шайн жима халкъ нуьцкъалчу пачхьалкхан доккхачу, массо тайпана герзаш долчу эскарца бечу тIеман цIерга кхийсарх.

Россин Президентаца дуккха а цхьаьнакхетарш а, къамелаш а хилча бен тIаьхьа ца кхиира Ахьмад-Хьаьжа цара лелочунна: маьрша бахархой алссам байъаре хьаьжжина дуьненан юкъаралло сиха тидам тIебохуьйтур бу Нохчийчохь долчу хьолана, тIом сацор доьхуш Iаткъам бан буьйлалур бу Россин куьйгаллина. Иштта дара царна хеташ дерг.

Нохчийн баьчче В.Путине къаьсттина сий-ларам кхоллабелира, тIеман къизалле, Россин бIаьхошна юкъахь кхалхарш дукха хиларе, теракташ яре хьаьжна ца Iаш нохчашка цуьнан цкъа а цабезам цахиларна, дуьненаюкъара террористаш а, церан гIоьнчий а, нохчийн халкъ а цкъа а цхьаъ ца лараро. Ахьмад-Хьаьжина гуш дара Нохчийчохь долчу хьолан Россин Президент баккъал а сагатдеш хилар, бала-гIайгIа дукха лайначу республикехь машар а, синтем а хир болу бегIийла некъаш лоьхуш хилар.

snimok_ekrana_2013-06-30_v_104520__apsp24b (1)

В.В.Путинца хиллачу дуккха а цхьаьнакхетаршкахь А-Хь.Кадыровна хиира кризис дIаяккхарехь нуьцкъаллин боцург а некъ тIелаца иза кийча вуй. Иза кийча вара Масхадовца дийцарш дIадахьа а, нагахь санна иза Нохчийчоь Россин Федерацин бакъонийн хьаьрме юхаерзо реза хилча.

Кадыров Ахьмад-Хьаьжа дуьхьал вара Ичкерин лидершца дийцарш дIадахьарна, цаьрга оцу дийцарех шайн ницкъаш IаIорхьама, шайн Iедал меттахIотторхьама, республикин бахархошна беш болу Iаткъам меттахIотторхьама пайда ца эцийта.  Делахь а, цхьаболчу аренийн командирашца дийцарш дан тарло аьлла хеташ вара иза, цаьрга герзаш охьадахкийтаран хьелаш дийцаре дархьама.

Ахьмад-Хьаьжас жигара гIолецира тIеман къовсамехь дакъалаьцначеран, шайн гIуллакхаш цIенна уголовни зуламаш а, террористически а доцучарна амнисти яран хьокъехь долчу В.Путинан дIадолоран. Россин Президента иштта дIадолор дира нохчийн баьччанца дехха къамел хиллачул тIаьхьа. Цунна хаьара дуьххьалдIа герзийн ницкъаца проблема дIаяккхалур йоций. Иза а чекхваьллера, бакъоне боьдучу оцу чолхечу некъах. Ахьмад-Хьаьжа тешна вара герзашца йолчу тобанийн дакъалацархошна тIама юккъера бовла таро яла езаш хиларх. И таро яла езара шен халкъе цабезам боцучарна, зуламаш дарца шайн сий дайъина боцучарна.

Цуьнца цхьаьна Кадыров Ахьмад-Хьаьжа кхеташ вара Россин Президент дуьненахь мехкан сий-ларам хилийтаран хьокъехь г1айг1а бан безаш хиларх а, махкахь юкъараллина хеташ дерг хьесапе эца дезаш, иза лара дезаш хиларх а. Иштта, В.Путин а кхетара Масхадовца дийцарш дан резахиларца цо Нохчийчохь а, дозанал арахьа а цуьнан сий-ларам лакхабаккхарна гIодеш хиларх. Делахь а иза гайта дезаш вара тIеман къовсам машарца берзо лууш хилар. Амма и дарца я мехкан Президент а, я республикин Куьйгалхо а мехкан цхьааллина а, суверенитетана а эшам хуьлуьйтур болуш вацара.

Нохчийчуьра тIеман хьал машаран некъа тIе хьовзорехь федеральни правительствера даьллачу муьлххачу а гIалатех, къаьсттина Нохчийчохь леррина операцеш дIахьочу хенахь кест-кеста бIаьхоша Россин законаш, дуьненаюкъара гуманитарни нормаш талхорах Ичкерин агIо шайна политически са лоьхуш хиларна тIехь ойла цхьаьна йогIуш вара Путин Владимир а, Кадыров Ахьмад-Хьаьжа а. Ичкерин хаамийн туьшаша тайп-тайпанчу мехкашкахь шайна са хуьлуш пайдаоьцура Нохчийчохь контртеррористически операцеш дIаяхьарехь нислуш хиллачу кхачамбацарех.

Оцу муьрехь Нохчийчохь цхьаннах бозуш боцу ницкъ хилла дIахIоьттинера Россин эскар. Царна мегаш дара тIом «сийсаш» латтар, тIеман хьолан раж: граждански урхаллин органийн карахь хIумма а доцуш, республикехь дай бIаьхой а болуш. Эскар дар-кха законаш дахаран, кхочушдаран, кхиэлъяран  Iедал. И дерриге а хуьлуш дара федеральни эскаршкахь низам тIех ледара долуш, маларш муьйлуш, къоланаш деш, кхаьънаш оьцуш, адамаш духкуш, таIзар данне а деш а доцуш хьал хиларна.

БIаьхоша лелочунна тIехь терго латтош хилчий бен Нохчийчохь машар балург цахиларх  В.Путин тешо аьтто белира Ахьмад-Хьаьжин. Цо резадацар кхоьллира тIеман командованин векалшна юкъахь. Республикехь шайна луъург лелош лела Iемина бара уьш.

 

(Чаккхе еша рогIерчу номерехь)

«Стаг а, оьмар а: Кадыров Ахьмад-Хьаьжа» книги тIера

 №82, шот, 25 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: