«Голос Кавказа» регионийн юкъарчу IV-чу радиофестивалехь дакъалацарна заявкаш схьаэцар 1-чу августехь сацориг хиларан хьокъехь хаам бира оцу фестивалан вовшахтохараллин комитето. «Денна а болу хаамаш», «Тематически программа», «Iуьйренан шоу» номинацешкахула кечбина белхаш бу конкурсе дIаоьцуш берш. Оцу декъехь буьззина хаамаш бовза таро ю golos-kavkaza.ru сайта тIехь.
Билгалдаккха догIу, радиофестиваль Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствос Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин сийнна дIахьош хилар. Нохчийн радио шуьйра йовзийтаран а, региональни радиокомпанешкара похIма долу белхахой билгалбахаран а, радиокомпанийн белхахошна зеделларг вовшашна довзийтаран а Iалашо йолуш дIахьош ю фестиваль. Номинацешкахь толаман меттигаш яларал сов, радиофестивалан гурашкахь дIахьур ю «горга стоьлаш» а, концерташ а.
Вовшахтохархошна ма-лаъара, радиофестиваль хIора шарахь а Къилбаседа федеральни округан а, Къилба федеральни округан а тайп-тайпанчу субъекташкахь дIахьош ю. Ткъа и дIахьон йолу субъект, кхаж тосий, къастайо. ДIадаханчу шарахь Владикавказехь дIаяьхьира иза, Къилба а, Къилбаседа а федеральни округашкарчу 50 радиостанцера 100 сов журналист вара цигахь дакъалоцуш. 2012-2013-чуй шерашкахь Соьлжа-ГIалахь а, Дона- тIерачу-Ростовехь а дIаяьхьира иза, ткъа карарчу шарахь Симферополехь дIахьур ю.
«Голос Кавказа» радиофестивалан генеральни партнер ю «ТРАКТЪ» юкъаралла.
Р.МУСИПОВ
№82, шот, 25 июль, 2015 шо