«Со патриот ву»

22-чу июнехь Нохчийн къоман библиотекехь дIаяьхьира иштта

цIе йолу дуьненаюкъара конференции

Иза вовшахтоьхнера Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн зорбанан, хаамийн министерствос а, кегийрхойн «Ахмат» боламо а, Нохчийн Республикин транспортан, зIенан а, чоьхьарчу гIуллакхийн а, кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу а министерствийн а, республикин Правительствон туризмехула йолчу комитетан а гIоьнца.

IMG_2250

Конференци  дIайолийра Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствон арахьарчу зIенийн департаментан директора, «Ахмат» боламан куратора Хаджимурадов Iийсас. Цо шен къамелехь дийцира хIара тайпа цхьаьнакхетарш  вайн кегийрхошна вуно мехала а, оьшуш а хилар. Конференцин коьрта тема «Сан Даймохк – Нохчийчоь» аьлла яра. Дерриге а къамелаш нохчийн маттахь дIадаьхьира. Цигахь дакъалоцуш вайн республикин вузашкара а, кхечу республикашкара баьхкина а студенташ бара.

Конференцехь дийцира гIиллакх-оьздангаллех лаьцна. Хаджимурадов Iийсас элира: «Вешан меттан сий дан а, иза бийца а, Iамо а, хьеха а декхарийлахь ду вай. Тахана нохчийн мотт Iалашбина, вай кегийчаьрга дIакховдийча, царна кхане ларъян хуур ду».

Иштта  дийцира  – нохчийн къомах болу нах Европин мехкашка дIакхелхаш хиларх а, иза вайн къомана дика цахиларх а лаьцна.

Дакъалацархойн цхьабосса аьтто хилира шайна хетарг ала а,  шайн ойланаш йовзийта а. Цул тIаьхьа конференцин дакъалацархоша «25 шо даьлча, 50 шо даьлча нохчий муха хир бу» аьлла тема йийцаре йира.

Делкъе йинчул тIаьхьа А.Шахбулатовн цIарахчу нохчийн пачхьалкхан филармонин артисташа концерт елира. Цул тIаьхьа конференци дIаяьхьира леррина кхайкхинчу хьешаша. Царна юкъахь вара Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочун заместитель Тесаев Амин, республикин Куьйгалхочун гIоьнча Алиев Тимур, къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Умаров Джамбулат, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институтан ректор Халадов Хож-Ахьмад, кхиберш.

Конференци чаккхене йоьдуш дакъалацархой кхаа секце бекъабелира: «Дайн гIиллакхаш лардар», «Кху заманахь дуьненахь нохчийн йолу меттиг билгалъяр», «Кегийрхойн интеллектуальни таронаш лакхаяхар»  темашна къамелаш дира цигахь.

ШолгIачу а, кхоалгIачу а деношкахь (23-24-чуй июнехь) «Ахмат» боламан дакъалацархой а, тIебаьхкина хьеший а Веданан районерчу Къоьзан Iома тIехь а, Итон-Кхаьллан районехь еш йолчу «Ведучи» курортехь а хилира.

 

Хь.АВХАДОВА

№82, шот, 25 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: