Кху деношкахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраца Алханов Русланца а, бакъонаш ларъяран ведомствон подразделенийн командирашца а дIаяьхьначу кхеташонехь дийцира регионехь кхерамазалла латторан хьокъехь долчу гIуллакхех лаьцна.
Кхеташо дIайолош Нохчийчоьнан Куьйгалхочо билгалдаьккхира бакъонаш ларъяран структураш шайна тIедиллина муьлхха а декхар кхочушдан кийча хилар. Иштта цо тIетуьйхира чоьхьарчу гIуллакхийн министерствос ерриге а министерствошца, ведомствошца, муниципалитеташца, динан урхаллица, юкъараллица цхьаьна белхаш дIабахьа беза аьлла.
– Вайн уггаре а коьрта Iалашо кхерамазалла латтор ю. Муьлххачу а мехкан а, регионан а кхиаран бух бу иза. Бакъонаш ларъяран структурийн белхахоша шайн белхан декхарш дика кхочушдахь, вайн республикин дахар кхин а сирла хир ду. Белхаш лакхарчу тIегIанехь дIабахьа бина кечамаш а, тоьлла гIирсаш а бу вайн. Тахана вайн санна терроризмана дуьхьал къийсам дIабахьаран зеделларг долуш цхьа а регион а, пачхьалкх а яц. Цундела вайх Iама луурш шортта бу, – бохура Р.Кадыровс.
Республикера хьал синтеме дара аьлла паргIат довла йиш цахилар дIахаийтира регионан Куьйгалхочо. Цо билгал ма-даккхара, шаьш бусалба дин лардеш ду бохуш хабарш дуьйцуш, и дин хIаллакдар Iалашо йолуш зуламаш лелош ю ИГИЛ а, кхийолу террористийн организацеш а.
– Малхбузен пачхьалкхийн лерринчу службийн тIедахкаршца бусалба нах бехачохь уьш хIаллакбеш зуламаш лелош ю Иблисан пачхьалкх. Уьш иштта вайн республикера паргIат дахар галдаккха а гIорта тарло. Цундела вай дийнахь а, буьйсанна а къахьега деза, царна дуьхьал само ян еза, – элира цо.
Кхеташо ерзош Р.Кадыровс дIахьедира Шема а, Ираке а дIабаханчу нахана Нохчийчу богIу некъ бихкина хилар.
Р.АБДУЛМУСЛИМОВ
№82, шот, 25 июль, 2015 шо