Соьлжа-ГIалахь А.-Хь.Кадыровн цIарахчу пачхьалкхан галерейхь, дуьненахь а вевзачу оьрсийн литературин классикна Белинский Виссарионна лерина суьртийн гайтам схьабиллина «Взгляд на русскую литературу» ю цуьнан цIе.
Оцу гайтаме даьхна дукхах долу суьрташ художникаша галерейна делла суьрташ ду.
Гайтам схьабоьллуш баьхкинчарна юкъахь къона художникаш хилла ца Iаш, оьрсийн классикин литература езархойн а бара.
Дуьненахь а йоккхачу пачхьалкхан – Россин пейзажаш, натюрморташ яра суьрташна юкъахь. Хууш ма-хиллара Росси шен башхачу Iаламца евза дуьненчохь. Оьрсийн къоман культура, истори, оцу къоман шатайпаналла оьрсийн юьртара схьадолуш ду. «Берриге а художникашна хаза хета юрт шайн суьрташкахь гойтуш. Даймахке безам кхуллу оцу суьрташа, цара карладоху винчу, кхиъначу меттиган безаме мел хетарг» – билгалдина гайтамна лерина кечйинчу пресс-релизехь.
Иштта В.Белинский а гIараваьлла вара оьрсийн литература кхиорна боккха тIеIаткъам барца. Цо литература кхиа еза некъ гайтина ца Iаш, ша вехачу хенахь цхьамогIа къона яздархой кхиийра. Иза литературин критик вара. Реализман теори юкъаяьккхина, тIечIагIйинарг а иза ву.
Цуьнан статьяш – монографеш оьрсийн литературин дозалла долчу А.Пушкинах, Н.Гоголах, С.Грибоедовх, М.Лермонтовх лаьцна йолу, мехалла ю даима а.
З.ХИЗИРОВА
№ 83, шинара, 28 июль, 2015 шо