Берийн библиотека

Снимок

Грозненски районерчу Iалхан-ГIаларчу берийн библиотекин ешархоша аьхкенан хенахь къаьсттина дукха хан йоккху библиотекехь. 2009-чу шарахь, библиотека схьайиллинчу хенахь  дуьйна болх беш схьайогIуш йолчу Абдулазиева Хьаван чIогIа самукъадолу,  бераш книгаш езаш хиларх а, библиотекехь долчу хьолан уьш бала кхочуш хиларх а. Масала, бибилиотекин фонд  зорбане яьллачу книгица тIеюьзча. Шаьш муьлха книга еша олий хотту библиотекаре. Ткъа Хьавана дика хаьа оцу берийн книгашца йолу уьйр хер ца ялийта а, церан книгашна тIехь ойла латто а. Книгаш ешар дезаш долу адамаш вовшах кхетча, церан дийца а, вовшех дагадовла дукха а хIуманаш хуьлу.                                                                                                                                           Хьавас  тайп-тайпана викторинаш а, цхьанакхетарш а, ешаран суьйренаш а вовшахтуху. КIирнах шозза ешаран суьйре йо. ЧIогIа самукъадолий тIеоьцу ешархоша и кхаъ. Шина могIарехь ешархой  охьа а ховший, шайна дукха безачу яздархойн, поэтийн байташ а, цхьацца дийцарш а доьшу, дешначул тIаьхьа дийцаре а деш. Цул сов библиотекин ешархоша районехь хуьлуш долчу  тайп-тайпанчу даздарашкахь а, конкурсашкахь а дакъалоцу, совгIаташ даьхна меттигаш а ю.                                                                                             Ткъа иштта, Культурин министерствон планаца нийса а догIуш, лаам болу ешархой зераташка а,  дарбане хиш долчу меттигашка а бига билгалдина. Гергарчу хенахь кхочуш дийр долуш ду боху цара шаьш  и гIуллакх.

Дансаликова Аза

Архивера сурт

№ 83, шинара, 28 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: