«Полларчий» кхиочохь

IMG-20150727-WA0004

Вайн махкахь евзаш ю берийн вокальни «Полларчий» ансамбль.  2001-чу шарахь вовшахтоьхна и тоба Хьалха-Мартанарчу культурин цIийнехь. Деа шарера исс шаре кхаччалц болу йоIарий бара схьагулбинарш. Церан  боккха лаам бара эшарш лакха Iама. Юьхьанца уьш Iамош Нохчийн Республикин культурин хьакъйолу белхахо Янгульбаева Роза яра. Вовшахкхетта дукха хан ялале Хьалха-Мартан кIоштахь девзина ца Iаш, Нохчийчоьнан массо а маьIIехь девзаш дара «Полларчий». Зевне аьзнаш, хаза юьхь-сибаташ, шатайпа башхаллица хьовсархой йийсаре лоцуш дара. 2005-чу шарахь дуьйна «Полларчий» ансамблана куьйгаллехь лаьтташ Душаева Айсет ю. Нохчийн Республикин хьехархойн институт чекхъяьккхина еара иза Хьалха-Мартанан кIоштан культурин цIийне балха. Лакхарчу дешаран кхерчахь доьшуш цо караерзина говзалла а «нохчийн меттан а, литературин а хьехархо» яра. Делахь а, цуьнца цхьаьна караерзийна кхин цхьа говзалла а яра къоначу хьехархочун. Соьлжа-ГIалара искусствон колледж кхиамца чекхъяьккхина, мукъамийн исбаьхьа къайленаш евзаш, берашна уьш хьеха бакъо йолуш яра Айсет.  IMG-20150727-WA0003Уггаре а хьалха «Полларчийн» репертуар цIинйира цо. Нохчийн меттан говзанча ша хиларе терра, лерина терго йора бераша дIалокхучу эшарийн чулацаман. Дукха къахьоьгура хьакъдолчу тIегIанехь и чулацам хилийта гIерташ, берашкахь товш дерг нисдан гIерташ, ийза ца луш, сцени тIехь бераш хецна, паргIат хила Iамош. Муьлххачу хьаналчу къинхьегамо  санна, кестта беркате заза хийцира Айсета, берашца бечу балхо а. Нохчийн Республикехь  евзаш берийн вокальни ансамбль хилла дIахIоьттира «Полларчий». Цара даима кхиамца дакъалоцура вайн махкахь кест-кеста дIахьочу берийн конкурсашкахь, фестивалашкахь, хьажаршкахь. Нохчийн маттана лерина дIахьош хиллачу «Бекалахь, ненан мотт» цIе йолчу республикин фестивалехь вайнехан берийн эшарийн номинацехь хьалхара меттиг йоккхура цара даима. Бераш  хьуьнаре, похIме  хиларна къеггина тоьшалла ду иза. Делахь а, муьлхха похIма кхио дезаш, цIиндан, шардан дезаш ду. Цунах дика кхета «Полларчий» вокальни тобанан куьйгалхо Душаева Айсет. Цундела къахьоьгу цо де-буьйса ца лоьруш шена дукхадеза бераш кхоллараллин лакхене кхачо лууш. Иза йоьлла царах. ХIоранна а сагатдо шен доьзалера долуш санна. «Полларчийн» кхиамо самалха доккху цуьнан, керлачу анайистошка кховда дог-ойла ира-кара хIоттайо.

 

А.ДАЧАЕВА

№ 83, шинара, 28 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: