Дахарера цхьа Iуьйре …

Вайн бахархойн дахаран хьал тодаларх доьзна ду аьлла хета, олуш ма-хиллара, вайн некъаш тIехь адамел дукха машенаш хилар. ХIетте а кIезиг бац вайна юккъехь Iуьйранна-суьйранна балха дIаса юкъараллин транспорта тIехь боьлхурш а. Ишттачу меттехь гучуйовлу вайн амалш, гIиллакхаш, девза ваьш ма-дарра. Iуьйранна 8 сахьт далале Баку-Ростов некъа тIехь лаьттачу суна луларчу юьртара схьайогIу «Газель» сацайо. Шоферна Дела реза хуьлда ала со кхиале, шен меттера хьалагIотту къона йоI. Сайна меттиг ларъеш иза ца еанехь а, цунна а диканна луца а баьккхина, со дIатарло. Хьалххарчу гІанта а тIехь Iачу суна дика го «Газель» чохь мел верг, царна со а иштта.                                                                               Массарах а цхьацца ойла кхоллало, дика-м дара ца кхоллаелча, делахь а…                                                                                                Суна аьтту агIор Iачу йоIна хIумма а ца го, оццул Iуьйранна а шина а куьйга телефон лаьцна, Интернет «чохь» ю иза. Наггахь юьхь тIе охьаохкало еха Iаьржа месаш, реза йоцуш хьалакхуьйссу цо уьш.                                                                                                Аьрру агIор Iаш йолчуьнгахь а гIеххьачу книшки барамехь телефон ю. Лергаш чу юхкуршца ший а лерг къевлина, шена хьалхарчу «доккхачу дуьненна» чуйирзина йоллу иза а. Маьлхан бос лепа цуьнан месаш а лерина кечйина хилар къаьста, амма коьртатуьллучуьнца къайла яьхна йоцу уьш а ца Iа йоIана новкъарло ца еш.                                                                                                                     Суна дуьхьала нисъелла хенаро зуда. Дала мукъ лахь, кхуьнан коьртахь-м йовлакх ду, амма басар бинчу кIужал юккъера схьакъеста къоьжа месаш. ГIентахь паргIат Iачу цуьнан йовлакхо а, тIерачу бедаро а ца хьулдиначу, хебаршка даханчу лаг тIе бIаьрг хIоьттича, сихха агIор хьожу со. ХIетте а дагадогIу: «Дависарг, куьзгана ца хьовсу техьа хIара зударий».                                       Хьовсу дера, иза суннат хиларна а, шайна тIе куьг хьаькхна, галдаьлларг дIанисдан а, амма уьш шайга хийрачу бIаьргашца ца хьовсу… .                                       «Газель» чохь наггахь бен боьрша стаг вац. Болчу зударех масех корта Iуьйра ю, масех белшаш тIе лаамаза доьжча санна, йовлакх долуш ю, масех уьш коьртахь долуш а, ши-кхо мас къайлайоккхуш йовлакх тиллина а ю. Вайна (зударшна) лазаме хеташ гIуллакх ду вайн духарх-йовлакхах хьакхалуш дерг. Къаьсттина иза божарша дуьйцуш хилча, вай «беий а ког гIортабой» дуьхьал а довлу. Амма нехан бIаьргашкахула вай ваьшка хьаьвсича, гур дара вешан ледара-Iуьйра дерг. Цул сов, мел паргIат, цхьалха духарца йолчуьнга а хьан духар бусалба зудчун духар дац, цундела хьо бусалба хиларан шеко кхоллало алахь, иза летачу хьоле а ер ю,  ша бусалба хиларх цо милла а тешор а ву. Алхьамдулиллахь, дика ду-кх вайн дог-ойла мукъане а иштта йолуш.

ХIора цхьацца, шишша километр некъ бича лаьтташ ю некъан инспекци, цундела цхьа майрра машен дIа ца лоллу тхан шопара, амма лергаш Iадо санна: «Сан бIаьрхин меха хьо воцийла хиира суна», – йир, ца соццуш, Iенаш ю чохь мел волчунна а тIехула. Цхьаъ чекхъяьлча шолгIаниг а карайо иштта чулацам болуш. Къонахчо ша а ла муха дугІур ду иштта чулацам болчу «говзаршка»? Ца лекхча ца торуш делахь, мел хаза чулацам болуш иллеш, эшарш ю вайн.                                                                                                                                             «Бисмил» даккха а, Дела дагаван а меттиг бац хIокху готтачу «Газела» чохь. Суьйранна могаш-маьрша юхакхачаре сатуьйсуш нах болчу, цхьана нохчийн хIусамера, доьзалера арадевлла тхо дерриш. Хийла некъан хьовзамаш-авареш хуьлуш лаьтта вайн некъаш тІехь. Суьйранна шен цIаверззалц тешаме а, маьрша а вац цхьа а. Делан цIе йоккхуш а, Цуьнан къинхетаме сатесна а, Цуьнга диканиг доьхуш а хила дезара некъаца дIаса доьлхуш мукъане а.                                                        Оцу къоначу йоIарийн наной а къена бац, кхеташ ду церан сакъерало шайн мехкарех. Дала мукъ лахь, дай а, вежарий а бу церан. Амма суна къахета царах а, царах а. Къахета мехкарех, шаьш хIун леладо ца хууш, шайн хазалла кхоамза йойъуш, цунах «гучунна со гойла, ца гучунна ши бIаьрг болийла» бохучу гайтаме-беламе шаьш бахкарна. Къахета церан нанойх, шайн бIаьргашна болчу томанна, царах «тайнигаш» йина Iаш болчу. Къахета дайх а, вежарех а – тахана дуьненахь а, кхана Къемат дийнахь а царах жоп дала дезаш болчу. Суна къахета вайх а, цаьрга хьоьжуш, вешан къинош дебош долчу…

ХIан-хIа, вай-м цхьа а кхето а, цхьанна а дахаран Iилма дала  а ца гIерта. Ваьш цхьа нахал а  гІолехь  хеташ а, я цхьанна а ле-ала а ца яздо вай иштта. Дукха хан яц шалха йиллинчу жIабанна тIехула «полоска» тиллина со лелла а. Со саннарш кIезиг боцийла а хаьа суна. Сайга хаьттича, бехказло а карайо суна: паччахьан заманахь дуьйна а, бIеннаш шерашкахь, вайн къоман дахаран дIахIоттамна, цуьнан маршонна, кхерамзаллина, цуьнан син- оьздангаллина, гIиллакхашна, динна, ийманна даима  а тIеIаткъам лаьттина. Ткъа муьлххачу а къоман са доллу меттиг, цхьа а шеко йоцуш, зуда ю. Иза экаме, маргIал, куьпчичо лело поппар санна хІуъа а тІелоцуш,  хIума ю. Вай а ма дац дерриш а Дадин АйбикагIар. Цундела, вай оццул лардаларх а Делан къинхетам бу, олий хета. Бакъду, цунах Дела Iехалур вац.                                                                                                                                     Мел халачу, къизачу дахарх чекхдовла дезнехь а вайн ворхIе а дайша, баккхийчара, Iеламнаха шайн аьтто болччул ламаз-марха а, Делан дош а Iамор а, лардар а бахьана долуш, вайн цIийца ду ваьш бусалба ларар. Цуьнан ойла цаярна олу вай, хIинццалц ма ца хилла ламаз-мархица зударийн йовлакх-духар дуьйцуш. Иза ца хууш-м хилла хир бац шуна уьш а, амма бусалба динан тIум – 5 фарз къоме ларделча а, иза бусалбаллин некъа тIера дIадер дацар-кх а, бохург хилла хир ду-кх церан. Цул сов, ламаз дечу заманчохь  мас а, дегI а дIахьулдо вай. И дина девлча, паргIат хила мегар ду бохург ма дац цхьанхьа а аьлла. Вайн къоман дахарехь цкъа а ца хилла хIинца санна, хаа луучу хIуманна тIаьхьакхиа таро йолуш зама. Нийсачунна тIаьхьакхиа Iеламнахе хьовха, паччахье кхаччалц хатта йиш йолуш ду вай.

Шуна а хезна хир ду девзаш долу хьадис: «Шух хIора а Iу ву, шух хIоранга а шун Iуналлехь долчух хоттур долуш ду».

Ткъа муьлш бу и Iуналлехь берш? Вайн дай, вежарий, хIусамдай, кIентий. Бехк ма биллалаш, сан духар а, сан мас а бахьанехь, суна хIокху дуьненчохь уггаре а дукхабезаш а, сан лерам а болу нах – жоьжахатин цIаре кхачо таро йолу хIума иза хилча, ас хIун до кху дуьненчохь сарралц нахана гун йолчу хазаллех? (Нагахь лаг, пхьарс, ност гойтуш, бен доцу духар лелор а, месаш къайла цаяхар а хазалла елахь).

Цуьнан ойла йича, цхьана а нохчийн зудчо реза хилла тIелоцур долуш хIума дац иштта паргIата лелар. Суна хаьа, вайн зударий яхь йолуш а, хьуьнар долуш а, доьналлех буьзна а буйла. Ткъа ден, вешин сий дан дезачохь, уьш юьхькIайчу хIиттор болчу хIуманна тIехь, вайх муьлххачо а вешан синош а кхоор доцийла а хаьа суна.                                                                                                            Къемат дийнахь ваша бахьанехь жоьжахате даххал доьналла долуш ваьш хеташ долчу вай, тахана дуьненахь сов паргIат лела лаарна, ма хIиттабе вай уьш цуьнан неIаре…

Некъан ял дIа а кховдош: «Зорбанан цIийнахь охьайоссийталахь со», – боху ас шофере. Цо йир лахйо, цхьа цкъоцкъам ирхдададой, цакхетаран хаттар хIутту цуьнан бIаьргаш чохь. Уллехь Iачу жимачу зудчо гочдо: «Дом Печати», – олий. Ший а, сох цхьа къахеташ санна, хьожу и шиъ. «Дала Iалашдойла вай. Зен-зулам доцуш хьайн цIаверза АллахIа пурба лойла хьуна, йир меттана «бисмал-эльхьам» даккха мегар ду хьуна», – олий, охьаюссу со.

Сан бакъдолчух сох къахеттал галъяьлла-те со? Алийша…

Т.САРАЛИЕВА                

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: