Спортан хаамаш

А.Чакаевн дашо толам

 

Дукха хан йоццуш Дагестанан Каспийскерчу спортан цIийнехь дIаяьхьира дуккхаза а дуьненан чемпион волчу Алиев Iелин цIарах йолу паргIатчу кепара охьатохархлатарехула дуьненаюкъара 46-гIа турнир. Цигахь дакъалоцуш 14 пачхьалкхера 170 спортсмен вара. Царна юкъахь Нохчийн Республикера Чакаев Ахьмад а вара.

ДегIан йозалла 61 йолчу категорехь леташ волчу вайн махкахочо  хьалхарчу тасадаларехь  дIахаийтира ша оцу турнирехь хьалхара меттиг яккха лууш хилар. Шен  шолгIачу а, кхоалгIачу а цхьаьнакхетаршкахь дукха атта толамаш бехира Чакаев Ахьмада. Финалехь цуьнан лата дийзира Дагестанерчу Магомедов Мохьмадца. Вайн спортсмена цуьнга а шена дуьхьало ца яйтира. ЖамI 12:2 долуш нохчичо  эшийра меттигера спортсмен. Цу тайппана вайн махкахочо турнирехь дашо мидал яьккхира.

Вайн боксерийн кхиамаш

 

Севастополь гIалахь чекхъелира 2001–2003-чуй шерашкара болчу кхиазхошна юкъахь Россехь боксехула хьалхеяккхаран чемпионат. Цигахь дакъалецира тайп-тайпанчу регионашкарчу 300 спортсмена. Царна юкъахь  Нохчийн Республикера боксераш а бара.

ДегIан йозалла 41 кийла йолчу категорехь леташ  финале велира Вахаев Мухьаммад. Чемпионатан коьртачу латарехь Къилбаседа ХIирийчуьра Карибян Борис эшорца дашо мидал яьккхира цо.

ДегIан йозалла 65 кийла йолчу категорехь дакъалоцуш хиллачу  Ахматов Денис а чемпионатехь хьалхара меттиг яьккхира.

ДегIан йозалла 76 кийла йолчу категорехь леташ шен дашочу Iалашоне кхечира Никерхоев Мансур.

Иштта, шайн-шайн дегIан йозаллин категорешкахь совгIатан меттигаш ехира Хасавюртахь Iаш  болчу нохчийн боксераша Шахманов Хьамзата ( 40 кг), – хьалхара меттиг . Солтуханов Алибека (46 кг) – шолгIа меттиг. Шовлаев Бештос (43 кг) – кхоалгIа меттиг.

Цхьа а ца туьйлира

ШолгIачу дивизионан командашна юкъахь Россехь хьалхеяккхаран чемпионатан хьалхарчу туран матчехь Соьлжа-ГIалара «Терек–2» шайн цIахь С.Билимхановн цIарах йолчу стадионехь цхьаьнакхийтира Новочеркасскерчу МИТОС командица.

Матчан хьалхарчу миноташкахь дуьйна шина а агIор тIелатарш дора. Царна лаьара керла чемпионат толамца дIайоло. Бакъду, футболистийн вовшашна гол тоха аьтто ца белира. Цхьаьнакхетар долалуш хилла счет кхин хийца ца луш чекхделира ловзар.

Соьлжа-ГIалара «Терек–2» 2-чу туран матчехь хьошалгIахь цхьаьнакхетар ю Ставрополерчу «Динамоца»

А.АБДУЛАЕВ

 № 83, шинара, 28 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: