Мусхаджиева Заремина ненан мотт марзбинарг Джамалханов Зайнди ву
Иза дуьнен чу яьлла 1971-чу шеран 13-чу январехь Шелан районерчу БелгIатойн-Эвлахь. Юьртарчу юккъерчу школехь дешна цо. Дика доьшуш яра иза, къаьсттина нохчийн маттаца шовкъ яра цуьнан. Школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа, 1989-чу шарахь Соьлжа-ГIаларчу хьехархойн училище деша яхара. Царна цигахь нохчийн мотт хьоьхуш хиллачу Джамалханов Зайндис шен урокашкахь дукха хаза дуьйцуш хиллачу халкъан дийцарш, кицанаш, забарш бахьана долуш бахана цуьнан нохчийн матте безам. Зайндис нохчийн мотт хьоьхуш, лерина ладугIура цо. Иштта, цу хенахь шен дахар ненан маттаца дуоза лиира цунна.
Хьехархойн колледжехь дешна яьллачул тIаьхьа, Нохчийн пачхьалкхан университетан филологин факультете деша яхара Зарема. Иза чекхъяьккхича Соьлжа-ГIаларчу №42 йолчу школе нохчийн мотт а, литература а хьеха балха яхара. Цо нохчийн мотт хьоьху 26 шо хан ю.
Цуьнан дешархойн нохчийн маттехула лаккхара хаарш ду, цара кхиамаш боху районан, гIалин, республикин конкурсашкахь, олимпиадашкахь. Шен урокашкахь цо пайдаоьцу керлачу методикех а, фольклорах а, кхиболчу тайп-тайпанчу гIирсех а. Цо беш болу болх билгалбаьккхина ведомствон Сийлаллин грамоташца а, дипломашца а. 2011-чу шарахь Соьлжа-ГIалин мэрин грант елла цунна. Ша болх бечу хенахь Заремас дакъалаьцна хьехархошна юкъахь дIахьочу тайп-тайпанчу конкурсашкахь. Масала, 2013-чу шарахь хиллачу республикин «Нохчийн меттан тоьлла хьехархо-2013» конкурсехь дакъа а лаьцна, «Говзаллина тешаме» номинацехь толам баьккхира цо.
«Нохчийн къомах волчу муьлххачунна а беза а, хаа а безаш бу ненан мотт. Хийлазза нисло нохчаша вовшашка оьрсийн мотт буьйцуш. И тайпа сурт гича, новкъа догIу. «Суна нохчийн мотт ца хаьа», бохуш лела мегар дац. Халахеташ ду, кегийрхоша дукха хьолахь оьрсийн мотт буьйцуш хилар.
З.ЛОРСАНОВА
Авторан сурт
№ 83, шинара, 28 июль, 2015 шо