ХIокху деношкахь №6 йолчу цIеяйъаран-гIодаран декъан белхахоша Аргун гIалин бахархошца цIарна дуьхьала профилактика яран белхаш дIабаьхьира.
Цара бахархошна дийцира цIаро хьо малвеллачу хенахь, тешнабехк беш хилар. Цундела даима а сема хила веза цIарах шена бохам ца хилийта.
№6 йолчу цIеяйъаран-гIодаран декъан инспектора Задаев Акъбулата бахархошца хиллачу къамелехь билгалдаьккхира чохь лелош болчу газан а, электрически а г1ирсашна тIехь даима терго латто езаш хилар.
«Хууш ма-хиллара, аьхкенан мур бу карахь берг. Арахь мел йовха хилча а газан а, электрически а г1ирсех пайдаоьцу. Цундела сан дехар ду шуьга и г1ирсаш муьлхачу хьолехь бу хьовсар. Уьш цхьа кIезиг галбевлча а цунах боккха бохам хуьлу. Кхин цхьа дехар дара сан: арахь цIанйо бохуш якъаеллачу бецах цIерш ма тийсахьара аш. Латийна цIе жимма бен яцахь а, мох хьакхахь дукха сиха дIаса яьржа и. Вай ларъян езаш йолу бакъенаш ларъяхь, цхьа а хIума кхераме дац». – элира инспектора.
Иштта, Аргун гIалин бахархошца хилла шайн цхьаьнакхетар дIадерзош, МЧС-н белхахоша цIарах муха ларвала веза а, ткъа цIе яьлла меттиг хилча иза д1аяйъарехь хIун бахьанаш лело деза гойтуш йолу, экстренни лоьмарш (101,112) тIехь йолу буклеташ дIасайийкъира.
Билгалдаккха деза, цIе латош йолу меттиг цIеношна а, дитташна а мел кIезиг а 50 метр генахь хила езаш хилар. Цул сов латийна йолчу цIеран хаддаза терго еш хила веза цхьаъ.
А.АДАМОВ
№ 83, шинара, 28 июль, 2015 шо