КетIарчу гIантахь хиъна Iа безамехь, хаза аматаш долу воккха стаг. Дахаран йис йиллина цуьнан коьрта тIе а, юьхьа тIе а. Беран берийн ловзаро Iехийна, велааьшна хилла, цаьрга хьоьжуш Iаш волчу цунна кIентан кIентан леларехь шен аматаш хаало. Дан а ду цуьнан лелар дедечух тера: велар, хьажар, дIахIоттар, бIаьргаш…
Цуьнан терго еш Iаш волчу воккхачу стеган ойланаша иза вадийна бераллин шерашка дIавиги. Веданан районехь уггаре а ширачех йолчу Эрсанарчу Вахин цхьаъ бен воцу воI вара хIара. Автарби аьлла цIе тиллинера кхунна, нохчашна юккъехь наггахь бен хаалуш йоцу. Ден марзонах хIара кхета воьлла хан яра иза. Да ца гича кхуьнан са а гатлуш. Оцу Iуьйранна дада цунна ца гира. Ерриге а юьртара адамаш а даьхкира цаьрга, зударий а царна дуьхьал ара а ца велира дада. Уьш чIогIа боьлхура. ХIара а вилхира, нанна улле а хиъна, ша хIунда воьлху а ца хууш. Вилхира шолгIачу дийнахь а. Дада вуьжучу маьнги тIе а вахана. Цуьнан меттехь цхьа а вацара. Иза а вацара. Нана иза генна дIавахана, вай а цига даха дезаш ду элира. Кхо шо бен доцчу кхунна хIетахь ца хаьара зуькарш а деш барми тIехь дIаваьхьнарг, юьртан коьртехь долчу ширачу кешнашкахь дIавоьллинарг шен да вуй, иза кхин юха вогIур воций.
ХIора Iуьйранна ден маьнги тIе воьдура хIара, иза схьавеаний хьажа. И ган чIогIа сагатделира цуьнан. Амма пхоьалгIачу Iуьйранна Автарби мара а къуьйлуш, елха а йоьлхуш араелира цуьнан нана, бартаза яьккхира дерриге а хьалха санна… Цул тIаьхьа беха, къиза, меца, шийла некъ бира. Шарал беха некъ. хийрачу махка. Хийрачу халкъа юккъе… Цул тIаьхьа кхузткъе итт шо даьллехь а, Автарбин бIаьргаш тIунделлера, шашаха лиэшара бIаьрхиш.
– Дада, Дада, хьуна хIун хилла? Воьлхуш ма вац хьо ваций? Къонахчунна эхь ду вилхича дуй? – хаттарш деш хIара маравоьллира кIентан кIанта, ойланийн йийсарера воккхуш.
– Дера ду, – тIаьххьарчу хаттарна жоп делла. Коьртах куьг хьокхуш, иза хьаста а хьаьстина: – Вало ловза гIо, – элира цо.
Хала, меца мур баьхьира Авторбис а, цуьнан нанас а Казахстане дIакхалхийначу хьалхарчу шерашкахь. Хуьлуш долчух башха кхеташ вацара кIант. Амма бераллехь дуьйна цхьана а хIуманна бIокъажош вацара, халонна къарвелла кIел соцуш вацара иза. Цуьнан и амал тайра кхуьнан тренершна школехь спортан цхьацца секцешка хIара лела волавелча. Цхьана хенна гимнастикина, боксах латарна, яйчу атлетикина Iама волавелира кIант шен хуьнарш зуьйш. Къаьсттина боксах латарехь билгалвелира Автарби. Казахстанехь кхиазхошна юкъахь хьалхе яккхаран къийсадаларшкахь толам а баьккхина, Казахстанан чемпион хилира цунах. Вайнахана цIа дахка бакъо яьлча, 1957-чу шарахь шен даймахка цIавирзина, Веданарчу №7 йолчу школа-интернате деша вахара. Цигахь доьшуш волчу хенахь хIайт-аьлла волчу дешархочунна тидам тIебахийтира физкультурин хьехархочо Самойлов Юрийс. Цо цхьана дийнахь элира:
– Музаев Автарби, гарехь хьо спортаца «со-ас» долуш волчух тера ду. Хьуна лаахь, вайшимма хьан говзалла лакхаяккхарна тIехь болх бийр бу. Реза вуй хьо?
– Ву.
– Делахь-хIета, вайшиъ республикин къийсадаларшкахь дакъалаца лелар ву, – дош делира цо.
Ша ма бохху дан а дира цуьнан тренер хилла дIахIоьттинчу Ю.Самойловс. Кест-кеста Соьлжа-ГIала воьдура и шиъ. Автарбига дакъалоцуьйтура мехкадаьттан институтехь дIахьочу охьатохарх латархойн къийсадаларшкахь. Шех летачарна тIехь атта толамаш а бохура кIанта.
1960-чу шарахь хьехархойн институтехь деша волавелча, махкахь а дика вевзаш волчу тренере Багаев Дегига Iамавайта, цунна тIевахара А.Музаев. Кхаа шарахь цо Iамийначул тIаьхьа кхиамийн лакхенаш яха волавелира къона спортсмен. РСФСР-н «Урожай» ДСО-н ЦС-н чемпионатехь хьалхара меттиг яьккхира хIокхо, дукхах болу говзанчаш цец а бохуш. Оцу кхиаме кхачарна СССР-н спортан мастер цIе елира цунна. И къийсадаларш чекхдевллачул тIаьхьа «Ленинан некъ» (Даймохк») газето яздора: «ЧIогIа тасадалар хилира Соьлжа-ГIаларчу А.Музевний Къилбаседа ХIирийчуьрчу СССР-н спортан мастерна И.Пагаевний юкъахь. Вайн махкахочун аьтто белира цунна тIехь бIаьрла толам баккха. Багаев Дегица денна дIаяьхьначу тренировкийн дика тIаьхье яра иза. Оцу къийсадаларшкахь А.Музаевс «цIенна» толам баьккхира Дагестанерчу Р.Абдурзаковна, ХIирийчуьрчу М.Архаевна, Якутерчу М.Вашаевна, НГIАССР-чу Т.Эльмурзаевна тIехь. Пхеа латарехь – пхи толам».
Иштта къеггина толамаш бохура цо кхечу къийсадаларшкахь а. Цул тIаьхьа шайн командашкахьа латар доьхуш ГIебартойн-Балкхаройчу, ХIирийчу, Дагестане, Москва дIакхойкхура иза. Амма церан хабарех ца Iехавелира нохчи. Массо а цец а волуш, цо цIеххьана йитира спорт. Цунах дерг дийцар дезаш вацара иза цкъа а. ХIинца мухалле а ца деза. Делахь а тхан аьтту белира цхьадолу бахаьанаш довза.
СССР-хь хьалхеяккхаран къийсадаларшна кечамбаран сборашка бахийта кечбинчу Нохч-ГIалгIайчуьрчу спортсменашна юкъахь вара Автарби а.
Амма КПСС-н Обкомо а, дешаран министерствос а цунна дихкира цига вахар, дешархошкара экзаменаш схьаэца стаг хир вац иза сборашка вахча, аьлла бахьана а хIоттийна. ХIетахь хьехархочун болх беш вара иза. Оцо цуьнан дог даьккхинчух тера дара спортах. Мехкан а, халкъан а дуьхьа лелош ма дара цо и дерриге а.
Цул тIаьхьа Музаев Автарби балхана тIевирзира. ТIехула тесна хIума дита хууш воцчу цо доггаха къахьоьгура. Балхахь а дикачу агIор билгалвелира иза. И бахьана долуш тайп-тайпанчу жоьпаллин, комсомольски а, партийни а, советски органашкахь белхаш бан кхойкхура. Шех тешийна гIуллакх даима хьанал кхочуш а дора цо. А.Музаевс Ростов гIалахь чекхъяьккхира КПСС-н ЦК-н Лаккхара партийни школа.
Делахь а, ша мичча даржехь хиларх а спортаца йолу зIе ца хадайора Автарбис. Шена ма-хетта спортехь лакхенашка кхача аьтто ца хиллехь а, къоначарна и аьтто бан гIерташ схьавеана иза шен дахарехь. Къаьсттина кхиаме хилира цунна оцу декъехь 1990-гIа шо. Оцу шарахь НГIАССР-н Спорткомитетан председателан хьалахара заместитель хIоттийра иза. ХIетахь цо шен берриге а ницкъ хаарш, зеделларг тIехьажийра республикин берашна, кхиазхошна юкъахь спортан тайп-тайпана кепаш яржорна.
Ткъа СССР йоьхначул тIаьхьа деанчу кхойтта шарахь, хийца а ца луш, цо болх бира Нохчийчоьнан пенсионни отделенин цхьаьнатоьхначу профсоюзийн комитетан председатель волуш. Оцу даржехь волчу стеган спортаца дозуш хIумма а дац аьлла хеталахь а, Автарбис дуккха а гIулалкхаш дира пенсионни отделенехь болх беш берш республикехь дIахьочу спортан къийсадаларшна юкъаозорехь.
Тахана воккха хилла Автарби. Кхузткъе итт шарал тIехваьлла. Амма хIинца а дагца къона ву иза. Цуьнан самукъадолу шеца цхьаьна спортан къийсадаларшкахь тренировкашкахь хилларш дагалоьцуш. Царна юкъахь цо кест-кеста хьахабо дуьненан а, Олимпиадийн а чемпионаш Хасамиков Салман, Бусултанов Асламбек, ткъа иштта Бадалов Руслан, Джамалдинов Алихан, Ахтаев Увайс, Альтемиров Дик, цхьамогIа кхиберш.
Автарбин башха дика доьзал бу. Цо а, цуьнан оьздачу хIусамнанас Маккас а кхо кIант а, ши йоI а кхиийна. Шайн да санна спортаца юххера гергарло долуш ву цуьнан кхо кIант а.
Цуьнца цхьаьна дахарехь шайн говзаллаш караерзийна а бу уьш. Воккхах волчу кIанта – Адама Нохчийн пачхьалкхан университетан юридически факультет чекхъяьккхина. Юккъерчу Замира оццу университетан спортфак цIечу дипломаца чекхъяьккхина. Уггаре а жимах волу кIант техникумехь доьшуш ву.
…Шен дехачу, амма чулацамечу дахаран агIонаш луьстуш кетIарчу гIантахь хиъна Iа Автарби. Эрна ца техкийна нанас цуьнан ага. Даккхийчу зерех, халонех корта айббина чекхваьлла иза, шех ала дика дош дуьтуш. ЮьхькIам бу иштта да, доттагIа, накъост хилар. Цунах масал эца догIу, цунах дозалла дан хьакъ ду.
С.ХАСАНОВ
№83, шинара, 28 июль, 2015 шо