Школин дахар а, цуьнан дIахIоттам а ца бевзачунна, иза цхьа хьерахь хьархочо кIах дама ма-даккхара, хьехархочо бераш Iамош йолу меттиг бен яц аьлла хета. КIах дама доккхуш дIакъаьста дуьйраш а, хIур а санна, хьехархочун балхахь а къаьста дика доьшурш а, цадоьшурш а, гIеххьа доьшурш а. Бакъду, Соьлжа-ГIалин №106 йолчу юкъарадешаран школерчу юьхьанцарчу классийн хьехархочун Дикаева Маликин болх тарбан йиш яц
дамах дуьйраш, хIур къасточу хьерарчу хьархочун балхах.
«ХIара дейтталгIа шо ду Малика тхан коллективехь болх беш йолу, – дийцира цунах лаьцна цуьнан белхан накъоста, оццу школехь нохчийн меттан, литературин хьехархо йолчу Бергоева Азас. – Суна хаьара Малика кхоллараллин агIор доккха зеделларг долуш хьехархо юйла, амма лакхарчу классашкахь болх бечу суна, кхушарралац Маликас хьехна бераш ца нисделлера. Школин юьхьанцара дакъа Маликин классехь чекхдаьккхина бераш ду кхушара сан классехь. Со царах йоккхайийна а ца йолу. Цхьа гIиллакхе, оьзда, хьекъале бераш ду уьш. Деша, яздан, ойла ян ца хууш бер дац царна юккъехь. Ткъа нохчийн мотт мел хаза буьйцу цара! Маликин башха «школа» ю иза. Иштта хьехархой оьшу вайн школашкахь, къаьсттина юьхьанцарчу классашкахь. Ша а нохчийн мотт безаш а, и хаза буьйцуш а ю Малика. Нохчийн меттан хьехархо суо хиларе терра, суна гергара ву нохчийн мотт безаш-буьйцуш верг, ткъа Малика, баккъал а ненан меттан а, ша бечу белхан а говзанча ю». Схьахетарехь, шен белхан накъостана иштта тоьшалла деш меттиг кIезиг карор ю. Цундела лиира тхуна Малика уллера йовза. Иза дара 1960-чу шеран аьхка. Казахстанера цIабирзинчу ТIехьа-Мартан районерчу ШаIми-Юьртарчу вахархочун Дикаев Лубан доьзалера пхоьалгIа бер, ши шо долу йоI Малика аган чу йиллина, шура чекхйоккху машен вовшахтесна, кертара цхьацца гIуллакхаш деш йоллура нана Баяди. Тоххара едда-хьаьдда хьийзаш хила еза йоI, гена махкара цIа беанчу некъаца лайначу халонах цамгарш лехьош, денъелла дIа ца йоьдура. Iуьйранна лулахойх массарал а хьалха шура чекхъяккха йогIу йоккха стаг ПетIамат схьакхечира. РагIу кIелахь кийча лаьттачу машен тIе йоккхачу стеган шура а кхоьхкхина, шега йист хуьлучу Баядига ПетIаматан цецъяьлла хьажар тосаделла хIара кхийтира, йоккха стаг стенах цецъяьлла. ТIе шаршу тесна, гуш йоцуш, кхалонна кIелахь аганна чохь, ша шена эшаран мукъам беш яра Малика. «Ванах, гуш адам доцуш, и хIун йиша ю суна хезарг?», – дIасахьаьжира ПетIамат. Нанас бIаьргашца ага гайтира: «И дIогара «йоккха йоI» ю-кх тхан оцу гIуллакхан корматалла йолуш». ТIеяхана, йоIана тIера шаршу дIа а тесна: «Ватталхьана, артист кхиа там бара молла Амин доьзалехь!», ¬– элира, цецъяларх меттаяза йолчу йоккхачу стага, тата доккхуш, ши куьг вовшахтоьхна… Цул тIаьхьа масех шо даьлча а, дегIана жима йолу Малика стоьла тIе я гIанта
тIе а хIоттайой, йоьIан хаарех а, цуьнан цIеначу озах а цецбуьйлуш, гуо баьккхина лам бу ала» тIера дIайолайолуьйтий, эшарш лоькхуьйтура цуьнга баккхийчара. Амма йоI йоккха хилла мел йогIу а нана реза ца хуьлура йоьIан «концерташна». Дахар а, цуьнан галморзахаллаш а дика евзачу Баядина хаьара, махкахдаьхначу къизаллехь а цкъа а ледарло йина дIа ца тосуш, ламаз-марха а, Къуръан дешар а кIорггерчу лерамехь хилла волчу, тахана а шайн юьртахь хьовха, гуонахарчу ворхI юьртахь а лерамца «Ама» олучу йоьIан дедена, Ахьмад-Моллина, эшарш лекхар товр доцийла – йоI кхете ма яьлла дихкира нанас «йоь1ан ловзарш»… «Хьехархой дукхабезарна, школехь атта доьшура ас, – дагалоьцу Маликас, – нанас дихкинехь а школехь йолчу хенахь эшаршца гергарло лелон лууш а хуьлура со, цундела дара а хаац, амма нохчийн меттан а, йишалакхаран а
урокашна даима а «пхиъ» хуьлура сан. Нохчийн меттан хьехархо Агамурзаев Жапар а, «пени» хьоьхуш хилла Гаршуева Умидат а хІинца а боккхачу безамца дагалоьцу ас. Цуьнан масалш бахьана долуш, собаре а, лераме а хила гIерта со сайн дешархошца – тахана бераш делахь а, кхана сан шайца хиллачу юкъаметтиган а, белхан зеделлачун а, ас шайна деллачу хаарийн а мах хадорхой хир бу уьш».
Дика дешарца, 1976-чу шарахь чекхъяьккхира Маликас юьртара юккъера школа. Цо ша дийцарехь, кегий бераш дукхадезарна а, шен хьехархошца а, церан балхаца а болчу лерамна а Гуьмсерчу хьехархойн училище деша яхара иза. «Юьхьанцарчу классийн хьехархой Iаморан йоккха «университет» яра Гуьмсера училище, – дуьйцу Маликас, – дуккха а пайдениг Iемира суна цигарчу сайн хьехархошкара Ковальковски Борис Ивановичера а, Варелас Надежда Григорьевнигара а, иштта кхечаьргара а. . Цу хенахь а дешархошна дукха ницкъ хир боцчу агIор, урокехь кхочушбечу белхийн хатI хуьйцуш, темица доьзна синкъераме дешнашца «физминуткаш» еш, мукъамаш юкъабалош, Iамадора тхо цара. Дешна яьллачул тIаьхьа цхьана шарахь ТIехьа-Мартан районерчу Котар-Юьртарчу №2 йолчу школехь а, цул тIаьхьа 16 шарахь айса дешначу ШаIми-Юьртарчу школехь а юьхьанцарчу классашкахь болх бира ас. Сайн балхахь, дешаран декъехь юкъадалочу керлачуьнца нийсса болх бан ларалора со, амма оьрсаша ма-аллара, «муьлхха а керланиг, дикка дицделла шираниг ду», цундела сайн хьехархойн «школано» даима а дика гIо дора суна».
1999–2000-гIа дешаран шо долалуш еара Малика тахана ша болх бечу школе. Республикин а, цуьнан бахархойн а дахарехь муха зама яра и шераш, дицдалаза ду вай. Аьчканекъан пхьалгIанаш хиллачу готтачу чоьнаш чохь дIатаръеллера 106-гIа школа. Юьхьанца кIеззиг бен боцчу дешархошна а готта хуьлура классан чоь, уьйтIе-м ян а яцара. Амма тIамах довдийна лелийначу берашка дешийта боккха лаам бара дай-нанойн, ткъа царна дIахьеха цкъа а кIордор доцучу Маликас 10–11 шарахь хьалхарчу классера бераш Iамош болх бира. «Юьхьанцарчу школин уггаре хала а, жоьпаллин а болх бу хьалхарчу классера бераш Iамор, – дийцира школин директора Арсанукаева Марема а, юьхьанцарчу классийн завуча Юсупова Залинас а, –амма Малика дика ларайо шен декхаршца. Хууш ма-хиллара, берашна юккъехь сиха кхетарг а, тIаьхьадуьсург а хуьлу, бакъду хьехархочо, кхин дIадолчу дешаран бух биллар жоьпаллица кхочушдаре терра, цо Iамийна, 2-чу классе девлла бераш, тIаьхьа дуьсуш ца хуьлу. Тахана а шен урх малйина а, паргIатъяьлла а яц Малика. Даима а кхоллараллин лехамашкахь ю иза. Цуьнан дешархой дика доьшуш хиларал сов, шаьш дечунах жоп дала а, цуьнан мах хадо а хууш хуьлу. Дешаран керлачу стандартийн лехамашца масех шо бен дац бераш кхетош-кхиор а, цара шайн къинхьегаман мах хадор а юкъадалийна, ткъа Маликин балха тIехь даима а хилла ду иштта».
Шен коллективан а, лулахойн а, шена бевзачу а, ца бевзачу а адамийн дикалла йийцина ца йолу Малика: «Сайн дахарехь вуон адамаш девзина яц со, уьш хуьлу аьлча а тамашийна хета суна, – дуьйцу цо, – ткъа вайн адамаш чIогIа яхь йолуш а, хьуна дика-вуон тIеIоттаделча дакъалоцуш а бу. Диъ-пхи шо хьалха дина девлла цIенош дегира тхан. Доьзалца цхьаьна кIелхьара довла ларайина, Iаьнан Iуьйранна арахь диснера тхо, амма массара а дика дакъалецира, гIо-накъосталла дира. Дела реза хуьлда царна. ЦIерш ца йоху ас, царах цхьа а юкъараваларна кхоьру дела, амма сан коллективо, куьйгалло, лулахоша, гергарчара, бевза-безачара, ца бевзачара а дика гIолацар бахьана долуш, тхо юха а тхешан тхов кIелахь ду. Адамийн гергарлонал, церан марзонал, адамаллал деза хIума дац хIокху дуьненахь, ткъа уьш бераш делахь, муххале а, цхьа а шеко яц, цIеначу, мекха а, хьагI а йоцучу диллинчу даггара уьш хилар, иштта цIена дахаре уьш бахар коьрта ду суна …». Шен доьзалехь а тIехдика доьшуш дешархой бу Маликин. 11-чу классехь волу Турпал а, 6-чу классера Адам а тIехдика доьшуш а, школин юкъараллин дахарехь жигара дакъалоцуш а, нохчийн мотт дукхабезаш Iаморца шайн ненан юьхькIайъеш а ву. Зударийн денна леринчу республикин «Дика ешархо» конкурсехь толамбаьккхира Адама. Ткъа Турпал, цуьнан хьехархоша дийцарехь, тIехдика доьшуш а, школин юкъараллин дахарехь жигара дакъалоцуш а, гIиллакхе, оьзда кIант ву. Юха а ала дог догIу: «ненан Маликин школа»…
Маликин дуьххьарлерчу дешархойн берийн бераш а дуьйладелла. «Цхьадолчунна тIаьхьависар-м зен ца дов-кхи, – йоьлу Малика, – уьш кегий болуш царал йоккха хилла со, уьш баккхий хилча, царал жимъелла. Цхьа чIогIа лаьа суна, сайн «берийн бераш» хьалхарчу классе а даьхкина, царна хьеха. Ма тамашийна доккха хIума хир дара иза!». Иза дуьйцучу Маликин юьхь ерриге а елаелла, шерийн хершнех цIанъелла, аз долчул а зевне хийтира суна. «Дала хьехархо хила кхоьллина Малика», – дагадеара суна. Малика санна, шайн балхана чу садиллина, шаьш дийриг даггара, цунах доьзна доллучу а дуьненан гIуллакх долуш санна, кхочушдеш бу вайн дукхах болу зударий. Иштта болу вайн зударий, наной, йижарий алсам хиларна, хийла харцонаш, тIемаш, зиэраш тIехIоьттича а вуочух цIанлой, дикачунна дог доьллий, яхьах, доьналлех, хьуьнарах ца духуш гIотту нохчийн къам.
Дала керлачу кхиамашца беркате тIаьхье йолуш дойла Маликин а, вайн берриге а зударийн а дахар.
Т.САРАЛИЕВА Суьрта тIехь: М. Дикаева шен классехь