Приморски мехкан Владивосток гIалахь йина а, кхиъна а ю таханлерчу дийнахь Соьлжа-ГIалин №3 йолчу клинически больницин ревматологически отделенехь лор-ревматолог болх беш йолу къона говзанча Баханаева Лайлаъ.
Орджоникидзера юьртан бахаман институт чекхъяьккхинчул тIаьхьа, дешарца дика ларош, дика говзанча хиларна, Приморски мехкан Владивостоке хьажийра Баханаев Асхьаб зоотехникан болх бан. Цигахь доьзал а болийра цо.
Баханаева Лайлаан дас Асхьаба а, нанас Амината а бархI доьзалхо кхиийна (5 йоI, 3 кIант). Лайлаъ доьзалехь йоккхах ерг ю. Iилманца дерг деза дуйла хуучу дас школехь дешна ваьллачу хIора доьзалхочуьнга лаккхара дешар дешийтина. Лайлаан цхьа йиша цергийн лор ю, важа – дерматолог, и.дI.кх.
Вайн къоман Iадатехь дерг дезаш а, лоруш а долчу дас-нанас шайн доьзал гIиллакхе а, оьзда а кхиийна. Ненан мотт доьзалехь баьрччехь хилла. Ишттачу доьзалехь кхуьу дукха хьолахь доьзална пайдехь хилла а ца Iаш, шен халкъана а пайдехь адамаш. Царах ю вай йовзийта лерина йолу Баханаева Лайлаъ.
Дукха жимчохь (пхи шо кхаьчча) дуьйна а лор хила лууш йолчу жимачу йоьIан ловзарш а дара «аптечни». Иштта, 2006-чу шарахь Владивостокера №3 йолу юккъера школа дато мидалца чекх а йоккхий, кхин дукха ойланаш ца еш, оццу шарахь Л.Баханаева деша йоьду Тихоокеански лоьрийн институтан «Лечебное дело» отделене. 2012-чу шарахь цIечу дипломца иза чекх а йоккху.
Лоьран болх кIорггера бовза болчу лаамца, 2013-чу шарахь цо чекхйоккху Терапин декъехь йолу интернатура. Оццу шарахь Лайлаъ Соьлжа-ГIала шен деваша волчу цIа йогIу. Дукха хан ялале Соьлжа-ГIалин №3 йолчу клинически больницин ревматологин отделене лор-ревматологан болх бан хIутту иза. 2014-чу шарахь ревматологин декъехь юьхьанцара специализаци чекхйоккху йоIа.
Безамца дагалоьцу Лайлаа университетехь шайн хилла хьехархой: «Университетехь тхан хиллачу хьехархоша тхуна чIогIа дика хьоьхура, оьшучохь гIо-накъосталла дора. Шайн белхан баккхий говзанчаш бара уьш. Цундела студентийн дешар тIехь кхиамаш а хуьлура».
Хьалхара белхан денош дагалоьцуш Л.Баханаевас элира: «Балха хIоьттинчу хьалхарчу деношкахь хала дара. ХIора дархочунна тIебоьду некъ тайп-тайпана хуьлу. БIаьста а, гуьйранна а дархой дукха хуьлу. Оцу хенахь чIагIло хуттургашца долу лазарш. Нахаца болх беш хазахета суна. Кхин болх сайга балур бара аьлла а ца хета. Дена дика хета со нохчашна юккъехь Iаш, болх беш хилар. Цо олу: «Ирс ду хьан, бусалба нохчийн къомана юккъехь Iаш юй хьо!»
Белхан декхаршца дика ларош, дархочуьнга къинхетамца хьожуш, хьанал шен декхарш кхочушдеш схьайогIуш ю Лайлаъ. Цуьнан дахаран къилба ду шен нахана а, халкъана а пайдехь йолуш хьакъ йоллу нохчи хилла яхар.
Л.ИБРАГИМОВА
Авторан сурт
№83, шинара, 28 июль, 2015 шо