Хин бохамах стаг хьалхаваккхар

drowning_man-4

Аьхка дуккха а адамаш  хи йисте садаIа  доьлху.  Муьлххачу стагах  а Iоттабала тарлучу  сингаттаман ойла ца  йо  ишттачохь цхьаболчара. Цхьа  а аьхке дIа ца йолу  хи бахьанехь бохам ца хуьлуш. Цхьаберш — кIелхьарбахало, вуьйш–баха тIаьхьа хуьлу. Цундела чIогIа мехала ду хи чохь  лийча хаар, дIатакхош волчу стагана нийса гIо  дан хаар. Цу декъехь долчух лаьцна тхуна дийцира Нохчийчоьнан МЧС-н хьалхарчу классан  кIелхьарваккхархочо Атсаламов Iумара.

– Iумар, дийцахьа, хIун бахьана ду хин тIехь бохамаш хиларан?

– «ХIунда такхаво хино стаг?», – хаттар кхоллало.  «Нека дан ца хуу дела», –жоп ло дукхах болчара.  Иза дац коьрта бахьана.  Стага йоккхуш йолу гIовгIа ю иза хи буха вохуьйтуш ерг. Цундела чIогIа  дика  хир дара школашкахь а, курорташкахь а  хих ларваларан  йоцца курс яьхча. Хи чохь луьйчучу стагана    шен дегIан дола дан хаа деза. И бохург, дегIан  йозалла яй а йина,  хIаваъ кийра оза хаар ду. ТIехь бедар а йолуш лийчаро новкъарло йо адамна. Цара кхин а совйоккху дегIан йозалла. Хи чохь нека дар атта хуьлу, кийра хIаваъ а оьзна, когашца болх беш стаг хилча. Дуьйсина лоппаг санна, хино шена тIехь латтаво и бакъонаш лар а еш, луьйчуш верг.

– Дийцарехь, кийра хIаваъ озар чIогIа мехала ду-кх?

– И хIума хIора а луьйчуш волчу стага шена тIехь зен мегар ду. Дуккха а кийра а оьзна, садеIар сацо деза.  Ас хьалха ма-аллара, дайн лоппаг санна, хино шена тIехь сацор ву иза. СадаIа лиъча, багахула хIаваъ ара а далийтина, юха чуоза деза.  Амма, иза сиха дан дезаш ду. Цул тIаьхьа, когаш а, куьйгаш а. меттах а дохуш, нека дан волавала мегар ду. Диц дан мегар дац, пехашна чуоьзначу хIавао латтаво стаг хи тIехь. Пехаш хIаваах паргIат а даьхна, куьйгаш, когаш дIасакхийссаро, стаг хи буха вохуьйту. Иза кхерало. ТIаккха вуху, ша хIун  дан деза  ца хууш вуьсу.

– КIелхьарбахархой, я лоьраш тIекхачале хIун гIо дан деза хи буха ваханчунна?

– Нека дан хуучу стагана хино дIатакхийначунна, гIо дан хаьа деза. Хи буха ваханчу стеган пехаш чу хи хIутту. Цуьнан  кийрахь  тайп-тайпана хийцамаш хуьлу.  Хи бухахь валар тайп-тайпанчу хIуманех доьзна хуьлу: хих  температурех, цу чохь болчу сацкъарх, кхечунах. Иштта доккха маьIна долуш ду хи буха ваханчун стеган кийра муьлхачу хьолехь хилла (кIадвелла, вехна, шелвелла, кхидIа а) бохург.

Эрна ду масийтта сахьт хьалха хи буха вахана стаг меттавало гIертар.

– Хино дIатакхийна, хи буха  вахана стаг хьалавоккхуш, хIун ду  тидаме эца дезарг?

– Хи чу вахана стаг хьалавоккхуш, чIогIа ларлуш хила веза. Иза пхьаьрсаш кIелхьара, я месаш тIера схьа а лоцуш, аркъал а ваьккхина хьалаваккха везаш ву. ГIо деш волчу стага цуьнга ша схьалацийта мегар дац. Цуьнан са карзахдаьлла хуьлу, цундела хи чу ваханарг чIогIа тасало шена гIо дан веанчух. ТIехьахула схьалаца веза иза. Вуьшта, цо шеца хи буха хьо ша кIелхьарвоккхуш верг.

– Берда тIе хьалаваьккхинчул тIаьхьа, леррина хьажа веза, цуьнгахь хIун хьал ду.  Хи чуьра хьалаваьккхинарг кхетамчуьра ваьлла а воцуш,  самалделла велахь,  нашатырни спиртаца гIо дан деза цунна. 5 минотехь сов стаг хи бухахь Iиллинехь, цуьнан балдаш а, дегI сенлой  хуьлу. 10 минотехь сов Iиллича, кир санна кIайло. 4-5 минот хи бухахь  цо яьккхича,  цуьнан салоцу. 15 минот яьлча,  дог болх бечура соцу. СадеIар а доцуш, наб кхоьтуьйтуш долчу пхенашца цIий леларан билгало хааеллехь, бага ихина гIум, сацкъар дIабаккха беза. ПIелга тIе киса а хьарчийна,  кхема белахь, иза  схьа а боккхуш, цIанъян еза бага.  Дукха хьолахь Iовшаран дилхана хилла спазма бахьанехь, хи буха ваханчун бага схьаеллалуш ца хуьлу. Иштта хьал хIоьттича, багара мера чу хIаваъ дохуьйтуш  искусственни садеIарца гIо до. СадоьIуш долу некъаш хих а, чопех а  цIандеш, хи чуьра хьалаваьккхинарг кIелхьарваккхархочун  настаран саттийначу голин тIе бертал  вилла веза. Цул тIаьхьа  тIех чехка тIетеIо деза цуьнан некхан ваз. Оцо паргIат доккху цуьнан садеIар. ГIодаран гIуллакхана сихо ян, цуьнан бага пIелгаш а дахийтина, стаг Iеттавайта  мегар ду.

– Берашна гIо дар муха хила деза?

– Нагахь хи чуьра хьаладаьккхинарг бер делахь, иза бертал а дерзийна, когаш тIера схьа а лаьцна, ласто деза. Масех секундехь цунна гIо ца хилахь, цуьнан пехашна искусственни вентиляци ян еза.

– Iумар, йовзийтахьа  искусственни вентиляци яран кепаш?

Аркъал  охьа а вуьллий, цхьа  куьг вортана тIе, важа хье тIе  дуьллу.  Лахара цергаш  лакхарчарел хьалха нисйолуьйту.  И до садеIар паргIат даккха . КхидIа гIо деш волчо дуккха а хIаваъ шен кийра а узий, садеIар саца а дой, шен балдаш гIо оьшучунна бета тIе дохку. ХIаваъ цуьнан кийра дохуьйту. Цу хенахь  меттавалочун мера Iуьргаш дIакъевлина хила еза.  Нагахь и дича бага хи хIоттахь, корта  агIор а берзийна, вукху агIор йолу белш хьалаайъа еза. Хи багахула арадала декхар ду тIаккха. Цул тIаьхьа  ян мегар ду пехашна искусственни вентиляци. Т1аккха шуьйрачу пхенаш тIехь пульс  ца хаалахь, дог детталуш дацахь, артериальни та1ам  ца къасталахь, гIо оьшуш верг сенвелла  велахь, искусственни вентиляцица цхьаьна дагна массаж  ян еза. Деган желудочкаш чуьра цIий доладалийта, некхан унний, букъадаьIахканий юккъера  меттиг (60-70-зза тIетаIор минотехь а долуш)  тIетеIо еза. ГIо оьшуш верг,  кхетам чохь а воцуш, садеIа волавелча,  искусственни вентиляци сацо мегар дац. СадеIар дикка меттахIоттаза хуьлу цуьнан.  Хи чуьра хьалаваьккхинчунна  сиха гIо дина аьлла, иза больнице ца вуьгуш  вита  мегар дац.

– Баркалла, Iумар,  хи йисте садаIа боьлхучу наха тидаме оьцур ду аьлла хета  ахь дийцинарг.

 

Б.АМАЕВА

№83, шинара, 28 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: