Жоп ца доьхуш дуьсур дац цхьаъа а зулам

Мехкан бахархошна кхерамазалла хилийтар пачхьалкхан уггаре а коьртачу Iалашонех цхьаъ ю. Иза кхочушъярехь доккха дакъалоцу Россин Федерацин Талламбаран комитето. Оцу комитетана юкъайогIу тайп-тайпана талламбаран тIеман отделаш.

Россин Талламан Комитетан 505-гIа талламан тIеман отдел Къилба тIеман округан талламан органашна юкъайогIуш а, шен болх Нохчийн Республикехь кхочушбеш а ю. Отделан коьртачу декхаршна юкъадогIу тIеман эскаргIуллакххоша а, Россин Герзашца кечбинчу Ницкъийн а, эскаран цхьаьнакхетараллийн а, органийн а векалша а дина долу зуламаш таллар а, оцу нехан хьокъехь талламал хьалхара белхаш дIадахьар а.

Талламан органийн белхан башхалле хьаьжжина, тайп-тайпана зуламаш талларехь (жима хIума лачкъорна тIера коррупцин декъехь долчу уголовни гIуллакхашна тIе кхаччалц) шуьйра къахьоьгу 505-чу талламан отдело.

ТIаьхьарчу хенахь коррупцин декъехь долу зуламаш лахделлехь а, юкъарчу гайтаме хьаьжча хIинца а дукха ду уьш. Халахеташ делахь а, эскаршкахь хIинца а йолуш ю коррупци. Масала, 2015-чу шеран хьалхарчу эхашарахь талламан 505-чу отделан талламхойн тергонехь хиллачу 140 уголовни гIуллакхах  45 гIуллакх коррупцин декъехь зуламаш дарх лаьцна дара. Уьш а ду шайна юкъахь башхаллаш йолуш. Масала, кIеззиг ахча даьккхина меттигаш а нисло, белхан декхарш барамал дукха тIехдовлийтар а хуьлу. Миллионаш соьмаш ахча даккхарна  тIекхаччалц. Нохчийчоь 2015-чу шеран хьалхарчу эхашарахь суьде а хьажийна а, саца а дина 600 эзар сов соьмана коррупцин зуламаш даран  хьокъехь  долу  уголовни гIуллакхаш а.  Юьхьанцара таллам, дIахьош цунах 400 эзар сом меттахIотто ницкъ кхаьчна.

Пачхьалкхо тIедехкина декхарш кхочушдарца цхьаьна Талламан комитетан белхан Iалашо ю бакъонаш талхийначу бахархошна гIодар. Цундела, талламан 505-чу отделехь даима болх беш «тешаман телефон» ю. Цуьнан номер 8 (8712) 33-23-21 ю.

«Тешаман телефонехула»  Россин Талламан комитетан органашца зIене бовла таро ю бахархойн. ЗIене а бевлла, талламан тIеман отделашца доьзна долу законехь магийна доцу гIуллакх дина я деш хилар, я цу гIуллакхна кечам беш хилар шайна гучудаьллехь, схьадийца деза (лаахь шайн цIе ца йоккхуш а). Цул сов, шена луъучу хенахь, муьлхха а хаттар кхолладелча, талламан 505-чу отделе а веана, шен гIуллакх довзийта  таро ю хьеннан а. Отделан адрес: Нохчийн Республика, Ханкала поселок. Россин Талламан комитетан 505-гIа талламан тIеман отдел кийча ю вайн мехкан эскаршкахь закон, бакъо, низам лардеш, къахьега.

А.ВАХАЕВА

 №83, шинара, 28 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: