Масех де хьалха Невран муниципальни районан администрацин активан рогIера кхеташо хилира. Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департаментан директор Дадаев Ризван, оцу районан администрацин куьйгалхо Кошлюков Владимир, цуьнан заместительш, ткъа иштта яртийн дай, маьждигийн имамаш, полицин каппийн инспекторш.
Цигахь дийцаре дира вайн еррриге а юкъараллин сагатдеш долу экстремизмана дуьхьал къийсам дIабахьаран декъехь деш долу, дан лерина долу гIуллакхаш. Нохчийчоьнан Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан кху шеран 26-чу июнехьлера тIедиллар кхочушдарца доьзна а дара и гIуллакхаш хIокху кхеташонехь дийцаре дан юкъадаккхар.
Хууш ма-хиллара, тахана а кхоччуш вайна юкъара дIаяьлла яц экстремизман а, вахабизман а уьне хьу. Делахь-хIета бахархошна юкъахь, къаьсттина кегийрхошна юкъахь, дIабахьа беза оцу зуламечу идеологех хуьлуш болчу бохамех кхеторан, экстремизман Iаткъамах тIекхуьуш долу къона чкъор лардаран болх. Леррина тидам тIебахийта беза оцу боламийн кхайкхамех атта Iехалуш болчарна, экстремистех а, вахабитех а тера лела лууш болчарна. Хьехамаш беш, дахарера бакъдерш, масалш далош уьш санна берш кхето беза бусалба цIена дин Нохчийчохь санна лерина лелош, лардеш мехкаш кхечанхьа цахиларх.
Цу хьокъехь дерг дийцарца цхьаьна Дадаев Ризвана билгалдаьккхира экстремистийн организацешна вайн цхьаболу кегийрхой юкъаозош хилар вайн массеран а юкъара сингаттам а, гIайгIа а хилар, цунна дуьхьал луьра къийсам, кхетаман болх дIабахьа безаш хилар. «Гучубаха беза экстремизман Iаткъамна кIел нисбелла болу кегийрхой. Цаьрца кхеторан, нийсадерг а, харцдерг а довзийтаран болх дIабахьа беза маьждигашкахь а, юкъараллин меттигашкахь а», – бохура цо.
Р.Дадаевс чоьхьарчу гIуллакхийн органийн белхахошка дийхира оцу зуламна дуьхьал дIахьош болу болх кхин а чIагIбар, яртийн дайшца а, маьждигийн имамашца а цхьаьна оцу декъехь гIуллакхаш дар. Оцу Iалашонца полицин каппийн инспекторш маьждигашка лела беза, жамIатехь ламазаш дан деза. Цигахь билгалбовла тарло экстремистех тера лела лууш берш, тIарикъатан некъа тIера дIасатеIаш берш. Циггахь цаьрца дина къамел шен метта а, дика тIаьхье йолуш а хир ду.
Дийцаре деш долчу лазамечу гIуллакхехь дакъалаьцначу В.Кошлюновс яртийн дайн, маьждигийн имамийн тидам тIебахийтира кегийрхошца дIахьош болчу кхетош-кхиоран балхана юьртахь сий-ларам болуш болу нах юкъаозон безаш хиларна. Цо а гIодийр ду экстремизмана дуьхьал дIахьочу къийсаман эвсаралла лакхаяккха.
Кхеташонехь тидамза ца дисира кегийрхой наркоманех ларбаран, наркоманина дуьхьал дIахьош болу къийсам кхин а шорбан безаш хиларан хьокъехь долу гIуллакхаш. Оцу декъехь профилактикин балхана коьрта тидам тIебахийта безаш хилар билгалдаьккхира къамелаш динчара.
Дагадаийта лаьа хIара санна йолу мехала кхеташонаш Невран районехь кест-кеста дIахьош хилар. Дукха хьолахь цигахь дакъалоцуш хуьлу вай лакхахь хьахийначу департаментан директор.
С.ХАМЗАТОВ
№83, шинара, 28 июль, 2015 шо