Бакъенаш лар ца йича…
2015-чу шеран 30-чу июнехь Теркан районерчу Ч1уьлга-Юьртан Закаевн урамехь Мецаев Вахас шен ГАЗ-53 машен юхайоккхуш ч1урга к1ел вахара 2010-чу шарахь вина волу Джабаев Мохьмад. И бахьанехь беран кхалхар хилира.
Регионан прокуратурин лехамца районехь йолчу талламан отдело бохам хилла шолг1ачу дийнахь – 1-чу июлехь Мецаевна дуьхьал уголовни г1уллакх долийна РФ-н УК-н 264-чу статьян 3-чу декъаца нийса а дог1уш. Ткъа бехке лоруш верг ханна чувоьллина.
Уголовни гIуллакх талламхошка юхадерзийна
2015-чу шеран 3-чу июлехь Грозненски районан прокурора талламан отделе юхадерзийна РФ-н УК-н 228-чу статьян 2-чу декъаца дог1у зулам дарна Асламбеков Мохьмадна дуьхьал долийна хилла уголовни г1уллакх. Цуьнан бахьана дара динчу зуламан хьакъ боллу мах хадо талламхочунна хиъна цахилар. Г1уллакхан бехкеваран декъехь гайтина дацара зулам даран бахьанаш.
Федеральни законан лехамаш кхочушбарехь гучудаьхна талхораш а, уьш хиларан бахьанаш а д1адахар т1едиллина республикин МВД-н талламан урхаллин хьаькамна. И г1уллакх регионан прокуратурин тергоне эцна.
Берийн бакъонаш ларйина
Т1ехьа-Мартан районан суьдо къастийра бераш кхиорца боьзна болу Дашаева Любиний, Сулейманов Анзораний юккъера къовсам. Дакъалоцуш прокурор а воцуш, суьдо бинчу сацамца кегий бераш Дашаевага д1аделлера. Бераш нуьцкъаша д1адаларан суьрташ дехира, шуьйра даьржира уьш социальни сеташкахь, юкъараллехь резадацарш кхоьллира.
Республикин прокурора Абдул-Кадыров Шарпуддис т1едилларца таллам бича гучуделира и сацам кегийчу берийн бакъонашца а, хьашташца а бог1уш цахилар. Цуьнца доьзна регионан прокуроран д1адолорца оцу г1уллакхе юха хьаьвсира. 2015-чу шеран 29-чу июнехь бинчу керлачу сацамца кегий бераш кхиор ду церан денанас Сулейманова Асета.
Сацам хийцина
Республикин прокурора т1едилларца теллира Багакашвили Зеламхин граждански г1уллакхехула харц тоьшалла дина хиларан бакъдерш. Цара гайтира Соьлжа-Г1алин Заводской районан суьде ша Ж.А.Дадагаев хиларх дерг ч1аг1дар цо дехна хилар. Цуьнца цхьаьна тешаша Авторхановс а, Магаевс а суьдехь харц тоьшаллаш дира Багакашвили бакъонца Ж.А.Дадагаев ву аьлла. Цунна т1е а доьг1на, иза Ж.А.Дадагаев ву аьлла суьдо сацам т1е а ийцира.
Зулам дина хилар даррехь гуш доллушехь Заводской районна юкъарчу талламан отдело дуьхьало йира уголовни г1уллакх доло. Республикин прокуратуро и сацам бохийна, ткъа материалаш кхит1е а таллам байта Россин Талламан комитетан Нохчийн Республикехь йолчу талламан урхалле д1аяхьийтина, г1уллакх шен тергоне а оьцуш.
Ведомствон сайта тIера хаамаш кечбинарг – Л.БАКАРОВ
№83, шинара, 28 июль, 2015 шо