Турпалхочун цIе тиллина

Соьлжа-ГIаларчу цхьана урамна

Соьлжа-ГIали юккъерчу, хIинццалц  Н.Буачидзен цIарах хиллачу, урамна Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман турпалхочун Абдурахманов Кантин цIе тиллина.  Цу хьокъехь  сацам тIеийцира Соьлжа-ГIалин депутатийн Кхеташоно  2015-чу шеран 7-чу майхь.  Иза боккха кхаъ бу вайн махкахошна.  Мехкан  паргIато ларъеш шен са дIаделлачу къонахчун цIе тIекхуьучу тIаьхьенан иэсехь юьсур ю иштта гIуллакхаш бахьанехь.

1941-чу шарахь Сийлахь-боккха Даймехкан тIом болабелча,  Абдурахманов Кантас тIеман комиссариате а веана, ша фронте хьажавахьара  аьлла, дийхира. Шен дехар тIехь цо ядора: «Махкана тIе кхерам беъна, цунна гIо оьшучохь хила веза со».  Амма, комиссариатехь цуьнан лаам кхочуш ца бира. Ханна жима вара иза.  ТIамехь долчу эскарна герз а, яахIума а оьшура. Цаьрца  эскаршна кхачо еш, къахьега дийзира Кантин.

Фронтера кхочуш болу хаамаш сингаттаме бара. Фашисташ шайн ма-хуьллу  чугIерташ бара. Царна дуьхьал тIом бан хьаьгна  волчу кIантана эххар а пурба делира тIаме хIотта.

1941-чу шеран 10-чу октябрехь цо чIагIо йира халкъана а, махкана а муьтIахь хила.

Дукха хан ялале  Абдурахманов Ташкентерчу  лахарчу командирийн школе деша вахийтира.  Школин курсант-артиллерист волуш, Канта билгалвелира  доьналлица, хьекъалца. Иза сиха тIекхуьура шайна Iамочунна, цунна тIехдика карадоьрзура герз.  Школа  кхиамца чекхъяьккхинчул тIаьхьа, 1942-чу шеран июнехь дуьйна Кантас  Юккъерчу Азин тIеман округан 174-чу стрелкови полкехь гIарол дIадаьхьира. 1943-чу шеран февралехь  Канта танкашна дуьхьало ечу къаьсттинчу 16-чу дивизин взводан командиран гIоьнча хIоттаво.

1943-чу шеран октябрехь К.Абдурахманов тIеман эскаре хьажаво.  Прибалтикин хьалхарчу  фронтана юкъа йогIучу  К.Е. Ворошиловн цIарахчу  ЦIечу  Байракхан дивизин  156-чу гвардин стрелкови полке хьажаво иза. Фронтана куьйгаллехь вара Советски Союзан маршал Баграмян Иван.

1944-чу шеран тIеман коьрта хиламаш Белоруссехь хила безаш бара. И операци кхиамца чекхъяккха, еа фронтан эскарш  тIеоза дезаш дара:  Царна юкъахь – хьалхарчу Прибалтикин,  Белоруссин хьалхарчуй, шолгIачуй, кхоалгIачуй фронтан  эскарш.  МостагIчун эскаран тоба хIаллакьяр а, Белорусси немцойх паргIатъяккхар а коьрта а долуш, политикин а, стратегин а декхарш дара царна хьалха хIиттийна.

1944-чу шеран 23-чу июнехь баккхий тIемаш хилира Белоруссехь. 26-чу июнехь  мостагIчун тоба хIаллак а йина, вайн эскарша  Витебск паргIатъяьккхира. Иза паргIатъяьккхинчарна юкъахь вара К.Абдурахманов а. Цу тIемашкахь майралла а, доьналла а гайтарна, нохчийн бIаьхочунна  3-чу даржан Сийлаллин орден елира. Ткъа  фронтан командующис Баграмяна  цIе тIеязйина герз делира Кантина.

Витебск схьайоккхуш артиллеристаша бина тIемаш дагалоьцуш, К.Абдурахмановн тIеман накъосташа  дуьйцура, Канта чохь волчу окопана тIехула танк яларх лаьцна.  Кантех схьаэца хIума  дисина хир дац аьлла дог диллинчу накъосташна хьалха дIахIоьттира нохчийн майра кIант. Взводан командира  Гузиенко Романа олура: «Канта санна болу тIемалой бу хих, цIарах чекхлелхалуш берш».

МостагIчунна дуьхьал тIом беш даккхий хьуьнарш, майралла  гайтарна 156-чу гвардейски полкан  батарейн старшинана Абдурахманов Кантина 2-чу даржан Сийлаллин орден елира. 1945-чу шеран 9-чу майхь цунна  «Германина дуьхьал болчу тIамехь толам баккхарна» аьлла,  мидал  елира. Прибалтикехь а, Белоруссехь а Абдурахмановс  бIенаш фашисташ хIаллакбира.

ТIамехь, Кантина  чевнаш еш меттигаш  а нислора  дукха.ТIех яккхий уьш ца хилча, госпиталехь Iилла синтем ца хуьлура  майрачу артиллеристан. Иза сиха юхавоьрзура эскаран могIаршка.

Сталина а, Берияс а нохчийн халкъаца лелийна харцо хала лайра Абдурахмановс. Амма тIамера юха ца велира. Шен  сица патриот вара иза. Цунна чIогIа дукхабезара шен Даймохк. Кийра буьззина яхь яра цуьнгахь. Цо цунна  ницкъ лора  кхидIа а мостагIчунна дуьхьал лета.

Сийлахь-боккха Даймехкан тIом  дIабоьдуш болуш  Кантина Советски Союзан Турпалхочун цIе яларан хьокъехь долу гIуллакх мосуьйттазза айъира. Амма, цу хенахь лакхарчу даржашкахь болу хьаькамаш ца баьхьира нохчичунна и цIе яла.  Бакъо туьйлира 50 шо даьлча. Абдурахманов Кантина Россин Федерацин Турпалхочун  сийлахь цIе  яларан хьокъехь долу Россин  Президентан Указ араделира  1996-чу шеран 16-чу  майхь.

Дуккха а шераш ийшира Кантин синна йина чевнаш ерзо. Цуьнан хIусамнанас Абдурахманова Тумишас ма-дийццара, мостагIчун хIоьан геригаш тIеман шерашкахь дуьйна шен дегIаца лелийра Кантас. Муонаш  дуьтуш, къайлаевллачу цара, иштта са ца гатдора.  Мехкан гIуллакхаш хьалха а даьхна, шайн синош дIаделла кIентий дагахь бохкура.

Маьршачу дахаре юхавирзинчул тIаьхьа, Кантас тайп-тайпана белхаш бира: шофер, комбайнер, «Пищемашан» белхало, и.дI. кх. Коллективехь иза гуттар а лоруш, везаш вара. Шена тIедиллина гIуллакх жоьпаллица кхочушдора цо.  Баккхий кхиамаш бохура шех тешийначу балхана тIехь. 1977-чу шарахь «Къинхьегаман ветеран» аьлла цIе а елира цунна.

1994-чу шарахь Нохчийчохь тIемаш буьйлабелча ла ца делира цуьнга. Иза цомгаш хилира.

2000-чу шарахь Абдурахманов Канта дIакхелхира.

Нохчийн халкъан иэсехь гуттаренна  а ваха  висина Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман турпалхо  Абдурахманов Канта. Цуьнан цIе Соьлжа-ГIаларчу цхьана урамна тиллар кхин  а цхьа тоьшалла ду турпалхой бицлуш цахиларан.

 

Б.ДУДАЕВА

№83, шинара, 28 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: