Жима а, юккъера а бизнес кхиорна – леррина тидам

ХIокху деношкахь Нохчийн Республикин Правительствехь дIаяьхьначу рогIерчу кхеташонехь дийцаре дира вайн регионехь жима а, юккъера а бизнес кхиорца доьзна гIуллакхаш. Кхеташо дIахьош вара Нохчийчоьнан Правительствон Председатель Эдельгериев Абубакар. Цигахь дакъалоцуш бара министерствийн, ведомствийн, гIалийн, районийн администрацийн куьйгалхой, ткъа иштта предпринимательш.

Снимок

Шен къамелан юьххьехь министрийн кабинетан куьйгалхочо тидам тIебахийтира тIаьхьарчу хенахь вайн бахархойн гIуллакхаллин жигаралла лакхаяьлла хиларна. Цо дийцарехь, цуьнан бахьана ду вайн республикин куьйгалло  жимачу а, юккъерчу а бизнесна массо а агIор гIо-накъосталла деш хилар, церан бакъонаш ларъеш хилар, царна болх бан бегIийла хьелаш хилийтаран дуьхьа дуккха а гIуллакхаш деш а, дан лерина а хилар.

«Шайн цхьа гIуллакх дIадолийначарна гIо-накъосталла до Нохчийчоьнан Iедало, цара деш дерг къобалдо. Массо а агIор гIо лоцу. ГIоленаш йо гранташ къасторехь. Тептарш кечдарехь а, гIуллакх дIадахьарехь а оьшуш долу юридически гIо  до. Оцу дерригено а дика тIаьхьенаш ло», – бохура премьер-министра.

Эдельгериев Абубакара билгалдаьккхина ма-хиллара, Малхбузено вайн махкана экономикин Iаткъам бинчу хьелашкахь къаьсттина доккхачу маьIне ду предпринимательство кхиоран гIуллакхаш, цу юкъахь жима а, юккъера а бизнес кхиор. ХIунда аьлча импортан метта сурсаташ а, товараш а арахецаран политика кхочушъярехь  доккха  дакъа кхача  декхар ду жимачу  а, юккъерчу а бизнесна.

«Хууш ма-хиллара, Россина хьалха лаьтта шен сурсаташ а, товараш а арахецаран барам сихха лакхабаккхаран, дозанал арахьара чукхоьхьуш долчу сурсатех дозуш  хилар дIадаккхаран декхар. Кхузахь а йоккха  дегайовхо  ю бизнесах. Цундела вай массо а агIор кхин а жигара  гIолаца деза предпринимателийн, къаьсттина производствона юкъаозийначеран. Вуьшта аьлча, товараш а, сурсаташ а арахоьцучеран», – бохура вайн правительствон куьйгалхочо.

Кхеташонехь къамелаш динчу предпринимательствон а, бизнесан а векалша билгалъехира  шайн балха тIехь нислуш йолу  проблемаш, уьш дIаяхаран некъаш. Правительствон Председатела хьокъала боллучу  куьйгалхошна  циггахь  тIедиллира цара йовзийтина  проблемаш  дIаяхарехьа  сихонца гIуллакхаш дар, жимачу  а, юккъерчу а бизнесан  векалшна шайн балха тIехь оьшучунна хаддаза само яр.

Теша, гIуллакх цу  тайппана дIахIотторо Нохчийчохь жима а, юккъера а бизнес  лелочеран  могIарш кестта  кхин а дикка шорлург хиларх.

 

Хь.САЙДАЕВ

№83, шинара, 28 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: