Экстремизмаца, терроризмаца къийсам латтор – коьрта декхар

Экстремизмана а, терроризмана а хаамийн гIирсашца дуьхьало яран гIуллакх дийцаре дира кху деношкахь Соьлжа-ГIаларчу  Радион цIийнехь дIаяьхьначу кхеташонехь. Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин бусалбанийн динан урхаллин председатела Межиев Салахь-Хьаьжас, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Умаров Джамбулата, Нохчийчоьнан Куьйгалхочун хьехамчас, «Некъ» телерадиокомпанин директора Шахидов Адама, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департаментан директора Дадаев Ризвана, республикин шуьйрачу хаамийн гIирсийн куьйгалхоша, кхечара.

Цхьаьнакхетар дIадолош Д.Умаровс билгалдаьккхира маьршачу нахана зуламе йолчу экстремизмана а, терроризмана а дуьхьало яр массо а агIор дIадахьа дезаш хилар.

– Иблисан пачхьалкхо лелош дерг цхьана агIор бусалба динца догIуш дац, иза терроризм ю. Вайна ма-хаъара Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана къаьсттина тидам тIебохуьйту оцу зуламна дуьхьало ярна. Республикин Куьйгалхо бахьана долуш вайн махкахь денна чIагIлуш ду бусалба дин.  Цо нийса политика дIаяхьар бахьана долуш терроризмана тIехь толам баьккхина вай. Ткъа хIинца вайн Iалашо Нохчийчоьнан бахархой оцу  зуламах ларбар ю. Цу тIехь ерриге а министерствоша, ведомствоша цхьаьна къахьега деза, – бохура министра.

С.Межиевс  билгал ма-даккхара: «Дуьненахь а бале яьллачу террористийн организацина тайп-тайпанчу пачхьалкхаша тайп-тайпана цIераш тохку. Иблисан пачхьалкх аьлла вай тиллинарг цунна чIогIа йогIуш цIе хета суна, хIунда аьлча цара деш дерг иблисан гIуллакх ду. Къинхетам боцуш бераш, зударий, баккхий нах хIаллакбо цара. Цундела вайн бераш а, кегийрхой а царах ларбаран Iалашонца царна дуьхьал белхаш бан беза вай».

Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран заместитела Курашева Екатеринас а, зорбанан, хаамийн департаментан директора Хатуев Ислама а, оцу департаментан директоран заместитела Хаджиев Тимура а шайн докладашкахь бовзийтира дIадаханчу эхашарахь министерствос а, цунна чуйогIучу организацеша а экстремизмана, терроризмана дуьхьало ярехь бина белхаш.

Р.АБДУЛМУСЛИМОВ

 №83, шинара, 28 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: