(Юьхь еша 82-чу
номерехь)
Ахьмад-Хьаьжига Iаламат боккха сий-ларам а, тешам а бара Россин Президентан В.Путинан. Иза гучуделира Къилбаседа Кавказехь Цхьаьнатоьхначу эскарийн группировкин командующица В.Барановца къовсам баьлча, и къовсам боьзна бара бIаьхоша маьрша бахархой хьийзош хиларца. В.Путина нохчийн баьччанехьа гIодаьккхина, В.Баранов дIа а ваьккхина, цуьнан метта В.Молтенской хIоттийра. Керлачу командующис шен гIуллакхашца гайтира В.Путина яьккхинарг нийса гIулч хилар. Делахь а, веккъа цхьа командующи хийцарх а кхачаме дацара Нохчийчуьра хьал тодан а, российски бIаьхойх йолу дог-ойла хийца а.
Цу шинне а хетарехь а, проблема дIаяккхархьама билггал гIулчаш яха езаш яра бIаьхошний, маьршачу бахархошний юкъахь тешаме юкъаметтигаш хилийтарехьа. Оцу декъехь яьккхина хьалхара гIулч яра Къилбаседа Кавказехь цхьаьнатоьхначу эскарийн группировкин командующис В.Молтенскойс 2002-чу шеран 27-чу мартехь №80 йолуш арахецца омра. Цуьнца билгалйохуш яра «зачисткаш» дIаяхьаран бакъенаш. «Зачисткаш дIахьочу федеральни эскаргIуллакххошна тIедуьллура нехан керта доьлхучу хенахь шаьш довзийтар, бIаьхаллин машенийн бортийн номерш къаьсташ хилийтар. Цул совнаха, «зачисткаш» дIахьочу хенахь дакъалоцуш хила безара прокуратурин векалш. Бакъдерг аьлча, федеральни эскарша и омра дукха хьолахь кхочуш-м ца дора. Цундела Нохчийчоьнан администрацин, Россин куьйгалло а гIо а лоцуш, дукха къахьега дийзира Нохчийчохь бехачу Россин гражданийн бакъонаш талхор лахдархьама.
Политикин хьал синтеме дерзон а, бахархойн Iедале тешам хилийта а республикин экономика а, социальни дакъа а меттахIотто дезаш хиларх тешна вара В.Путин а, А-Хь.Кадыров а. Ткъа цунна дуккха а ахча оьшура. Оцу некъа тIехь Россин Президента мехала гIулч лорура болх бан хьуьнаре боцчу бахархойн (берийн, заьIапхойн, пенсионерийн, шаьш Iачу нанойн) материальни хьашташ кхочушдар. ТIаккха цо сацам бира царна шен-шен хенахь пенсеш а, пособеш а дIадалийта. Царна уьш делла а дацара Дудаев Iедале веанчул тIаьхьа. Уьш дIадала долоро доккха маьIна лелийра Нохчийн Республикехь Россин Iедале болу сий-ларам лакхабаккхарехь, мехкан нуьцкъаллин структураша леррина операцеш дIахьочу хенахь кхоччуш дIабаьккхина болу. Хууш ма-хиллара, леррина операцеш дIахьочу хенахь массо меттехь хьоьшуш яра маьршачу бахархойн бакъонаш.
Вовшашца хуьлучу цхьаьнакхетаршкахь В.Путина а, А-Хь. Кадыровс а дийцаре дора бахархошна белхан меттигаш кхолларан хьокъехь долу гIуллакхаш, республикехь белхазаллин барам лахбаран некъаш а лоьхура. Ахьмад-Хьаьжина хаьара белхан керла меттигаш кхолларо а, адамаш балхана, къинхьегаман юкъаозоро а социально-экономикин проблемаш дIаяьхна ца Iаш, юкъараллин-политикин хьал тодарна а дика Iаткъам беш хилар. 2001-чу шарахь Россин Президента дийхира Къилбаседа Кавказехь жима а, юккъера а бизнес кхиоран программа юкъаяккхар. Цигахь къаьсттина меттиг билгалъяьккхинера Нохчийн Республикина. Программица нийса а догIуш, бан болх боцу адамаш юкъаозо дезаш дара жимачу а, юккъерчу а бизнесехь къахьегарна, тIамо йохийна регионан социально-экономикин инфраструктура меттахIотторна.
Кадыров Ахьмад-Хьаьжас кест-кеста хьехадора Нохчийчохь пачхьалкхан Iедал д1ахIотторехь мехкан куьйгалхочо лелош долу доккха маьIна. Цуьнан куьйгаллица чIагIйира республикин бакъонаш ларъяран органаш, могашалла Iалашъяран, дешаран, культурин материально-технически бух. Цо даре дора Путинца къамелаш дар шена политикин дика школа хилар. Цуьнца хуьлучу къамелаша Ахьмад-Хьаьжин аьтто бира дика политик, регионан куьйгалхо хилла дIахIотто, дахаран заделларг IаIо.
А-Хь.Кадыровс шен «Сан харжам» книги тIехь яздора: «Путинан дукха луьйш Iедал дац. Хьолан духе кхуьуш ву. Хила тарлуш долчух а, доцчух а кхеташ ву. Билггал жамIашка кхача Iалашо йолуш ву. ЛадогIа а, хезначун маьIна дан а хууш ву. Ша цхьамма къамел дарал, къамел дIаса кховдош дар гIолехь хеташ ву. Карзахе, сацам боцуш вац, сапаргIат ву. Цхьана а хьолехь хьере хуьлуш вац. Цуьнан амалехь хаъане а ца хаало куралла, даржах Iехавалар. Iедале а, сий-лараме а талхалур волчух вац иза. Цундела цуьнан дикаллаш цуьрриг ийза а ца луш ягарйина ас. ХIунда аьлча, цара вайн махкана дика гIуллакх до…».
Россин Федерацин Президента В.В.Путина а лаккхара мах хадабора А-Хь.Кадыровн. «Кадыров Ахьмад-Хьаьжас дуьххьара гушшехь инзарваьккхира со экстремизмана дуьхьал ша хиларан бахьанаш къеггина гайтарца. Цул тIаьхьа а дуккха а цхьаьнакхетарш хилира тхойшиннан. Нохчийчохь тIемаш хиллачул тIаьхьа гергакхочуш яра республикехь долчу Iедалан хьокъехь долу гIуллакх къастон деза хан.
Суо цунах чIогIа тешаш хиларна, ас цуьнга юьхьадуьххьал а, дагахь ма-дарра а дIаэлира иза нохчийн админитрацин куьйгалхо хIоттор айса къобалдеш цахилар. ХIунда аьлча, суна иза еххачу ханна Iалашван, ларван лаьара. Суна хетарехь, и дан тарлур дара республикина а, Россина а, нохчийн халкъана а хала а, чолхе хьалха довларан а мур чекхбаьлча иза Нохчийчоьнан куьйгалле хIоттийча.
Амма, кIеззиг ойла а йина А-Хь.Кадыровс элира: «Суна хаьа суо нуьйжиний, варзапний юккъехь нислуш вуй. Со кхета Iедалан федеральни органаш, къаьсттина нуьцкъалчу структурашкахь берш сох дIора тешаш хир боций – ас нохчийн хьалхарчу тIамехь федеральни ницкъашна дуьхьал дIадаьхьначу гIуллакхашкахь дакъалаьцна хилар дагахь долуш. Хаьа оцу шерашкахь со шайца хиллачарех цхьаберш сайга ямартхочуьнга санна хьоьжур буйла. Амма ас и гIулч йоккху айса дечух дика кхеташ. ХIунда аьлча со оцу ерриге а халонех чекхваьлла, суна чIогIа дика девза Нохчийчохь а, нохчийн халкъехь а долу хьал. Иштта хаьа тахана республикехь и зеделларг долуш, оцу халкъан кхолламах долу жоьпалла шена тIелаца хьуьнар долуш адамаш кIезиг дуйла. Оцу декхарца со кхечул а дика ларор ву аьлла а хета суна».
Со иза дохко ваккха а ца гIиртира. Тхойшиннан къамелехь цо аьлла дешнаш дага а даьхкина. Цо элира хIинца шен хиндолчун хьокъехь ойлаян шен бакъо яц – ша шен халкъан хиндолчун хьокъехь ойлаян дезаш ву аьлла. Оцу ойланашца веара Кадыров администрацин куьйгалхочун дарже, цул тIаьхьа Нохчийчоьнан Президент а хIоьттира.
Шен дерриге а гIуллакхашца цо тешшош гойтура бандаташ а, террористаш а, дийнна халкъ а цхьаъ цахилар. Даима а, тхойшиъ мацца вовшахкхетча а, стеннах лаьцна дийца волавелча а, къамел хьаьвззе нохчийн халкъан хьашташна тIедог1ура. Дера, иштта кIентий шен болчу халкъах дозалла ца дойла ма дац.
Вайх дIакъаьстина Iаламат майра, похIме, оьзда стаг. Цхьаъ йоцург кхин Iалашо яцара цуьнан. Шен халкъана вацар яра и Iалашо. Иза оцу Iалашоне чолхечу некъаца воьдура. Амма иза даима а хьанал, догцIена вара. Вайн декхар ду Кадыров Ахьмад-Хьаьжас долийна дика гIуллакхаш чекхдахар!», – элира цо.
(«Стаг а, оьмар а: Кадыров Ахьмад-Хьаьжа» книги тIера),
№83, шинара, 28 июль, 2015 шо