Нохчийн пачхьалкхан Х.Нурадиловн цІарахчу театран актераш хIокху тIаьхьарчу кIиранашкахь кечамаш беш бара вайн республикин бахархошна, театран искусство езачарна доккха совгIат дан. Нохчийн къам генарчу Сибрехара цIадирзича доьхна лаьттина дегнаш делош, хIоранна а езаш, даггара тIеэцна хилла йолу «Бож -Iела» спектакль юхагайта кечйина цара. Цуьнца йолийна театро шен 83-гIа сезон.
Шовзткъа шо сов хан ю Хамидов Абдул-Хьамидан забаречу пьесин буха тIехь хIоттийна и спектакль еха. Вайн халкъо, хIора тIекхуьучу чкъуро, кхи дIа йолчу заманахь а иза хIинца вайн санна, езаш, кхеташ тIеоьцург хиларан цхьа а шеко яц.
– «Бож-Iела» шатайпа нохчийн къоман халкъан забарех юьзна спектакль ю. Цу чохь болчу турпалхойх хIора а шен амал, васт долуш ву. Цу тIе, церан дешнаш, хабаран кийсакаш вайн нахана юкъахь кицанаш хилла лелаш, дахарехь цхьацца хIума нисделча шайн къамелана юкъаялош ю. Суна чIогIа мехала хета иштта маьIне, чулацаме спектакль вайн театран репертуарехь хилар, муьлххачу махкахь гайтича а адамийн дегнашна хьаам бийр болуш хилар, — боху Соьлжа-ГIалин яхархочо З.Алдамовас. Ала лаьа, 13-чу ноябрехь гайтинчу спектаклехь, дукхахолахь дакъа лоцуш бара, дуьххьара иза хIоттийначу 1965-чу шарахь ролаш ловзош хьалхарчу хIоттаммехь хилла болу актераш, Дениев 1аьлви а, Исаева Асет а йоцург. Царна юкъахь : Россин Федерацин халкъан артисташ Давлетмирзаев МутIелип, Багалова Зулай, Гичаева Раиса, Омаев Дагун, иштта кхин дIа а. Цуьнан режиссер Хакишев Руслан ву. Нохчийн Республикин пачхьалкхан ерриге а телерадиокомпанеш яра спектакль дIаязъеш.
«Бож-Iела» пьеса 1960-чу шарахь язйина. Иза дуьххьара гайтинчул тIаьхьа, вайн махкара дерриге бохург санна, газеташ хастамаш беш дара и спектакль дика а, Россин уггаре тоьллачу театрашкахь гайта юьхькIам болуш а ю бохуш.
Халимова Фаиза