Иттех стаг тIехаалуш долу жима кема доьхна Японехь. Иза стиглара чудеана, цхьана цIенна тIе а кхеташ. Кема а, цIа а даьгна, кхо стаг велла, пхиъ лазийна.
***
Камерунан къилбаседехь теракт йина. Оцу бохамехь 19 стаг велла, 62 стагана чевнаш йина. Оцу зуламах долу жоьпалла тIе ца эцна цхьана а террористически организацис.
***
Нью-Джерсин бахархоша демонстраци дIаяьхьира шаьш полицин къизаллина реза цахилар дIахоуьйтуш. Экспертийн хаамашца полицин белхахоша США-хь хIора дийнахь, юккъерчу хьесапехь, маьрша ши стаг воь.
***
ОвгIанера 120 сов эскаргIуллакххо талибашкахьа ваьлла. Кхул хьалха ишттаниг хилла дацара.
***
Африкин цхьамогIа пачхьалкхашкахула чекхволуш волу США-н президент Б.Обама цхьаьнакхийтира Кенин а, Эфиопин а, кхечу мехкийн а куьйгалхошца. Африка социально-экономикин кхиорна 1 миллиард доллар дала тIелецира цо.
***
Хонкарахь машен эккхийтар бахьанехь ши полицейски кхелхина, веанна чевнаш хилла. Iедало оцу бохамна бехкебо Курдистанера боевикаш.
***
СаIудин Аравин тIеман куьйгалло дIахьедина ша пхеа денна Йеменерчу хуситийн гIаттамхошна хIаваэра тохарш дар сацош хилар.
***
Желтойчоьнан куьйгалхойн кредиторашца долу технически дийцарш тахана дIадуьйладала дезаш ду. Цигахь дийцаре дан лерина керла кредиташ даларан хьокъехь долу гIуллакхаш.
***
Украинин Iедалан эскарша даккхий герзаш деттачу нисбелла ОБСЕ-н векалш. Царах цхьанна а зен-зулам ца хилла.
***
Россин Президентан В.Путинан телефонехула къамел хилира Хонкаран Президентаца Р.Эрдоганца. Цара дийцаре дира Герггарчу Малхбалехь, Шемахь, Иракехь долу кхераме хьал.
***
В.Путина дакъалецира Калининградан областехь тIеман-хIордан флотан денна леринчу даздаршкахь, Балтийски флотан тIеман-хIордан кеманашка а хьаьжира.
***
Россин Премьер-министр Д.Медведев шина дийнан визитца Словенехь хилира. Иза цхьаьнакхийтира оцу пачхьалкхан куьйгалхошца. Цаьрца дийцаре дира вовшашна пайдехь йолу юкъаметтиггаш чIагIъяран хьокъехь долу гIуллакхаш.
№83, шинара, 28 июль, 2015 шо