Кадыров Рамзана цIен дипломаш дIаделира

И де шайн дерриге а дахарехь дагахь лаьттар ду финансийн а, бакъонан а институтан  Гуьмсера филиал кху шарахь  чекхъяьккхинчу кегийрхошна а, мехкаршна а. Бехк а бац. Царна дипломаш дIадаларна леринчу даздаршкахь дакъалоцуш  ма вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, Нохчийн Республикин Парламентан Председатель Даудов Мохьмад, Нохчийчоьнан Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин куьйгалхо Кадыров Ислам, республикин Правительствон Председателан хьалхара заместитель Тумхаджиев Iийса, ткъа иштта правительствон  декъашхой, гIаланийн, районийн администрацийн куьйгалхой.

Хьешашка маршалла а хоттуш, даздарш дIадолийра  филиалан директора, экономикин а, филологин  а  Iилманийн кандидата, профессора Дуллуева Раисас. Цо дийцира, ша болх бечу ткъе шина шарахь вузо шийтта эзар юрист а, экономист а кечвина хиларх, царах дукхахберш экономикин дерриге а дакъошкахь, Россин бакъонаш ларъяран а, урхаллин а органашкахь къахьоьгуш хиларх лаьцна.

«Тхан вуз чекхъяьккхинчарна юкъахь кIезиг бац вайн махкахь а, дерриге а дуьненахь а бевзаш болу нах. Уггаре а хьалха царах ву Нохчийн  Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа, цуьнан кIант, Нохчийн Республикин Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан. ХIара вуз чекхъяьккхинчарна юкъахь пхиъ Россин Турпалхо ву, дуьненан а, Европин а ткъа чемпион ву. Со тешна ю тахана  дипломаш схьоьцу  долчу 340 кегийрхоша  а, мехкарша а республикин зовкх лакхадаккхарна юккъе хьокъала йоллу хазна юьллург хиларх. Царах 110 экономист, 230 юрист ву», – бохура Р.Дуллуевас.

Шен къамелехь цо къаьсттина тидам тIебахийтира хIара вуз чекхъяьккхина  волчу Кадыров Рамзанна. Цо дийцарехь,  кхузахь  дешна ваьллачул тIаьхьа цунах экономикин Iилманийн кандидат хилла. Р.Дуллуевас цунна даггара  баркалла элира вузан материально-техникин бух чIагIбарехь, филиалан болх лаккхарчу тIегIанехь хилийтарехь хаддаза гIо-накъосталла дарна.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана декъалбира филиал чекхъяьккхинарш. Цо элира: «Тахана шун дахарехь мехала де ду. Шуна дIалур ду лаккхара дешар чекхдаккхаран дипломаш. Шайна институтехь деллачу хаарех, Iилманех  дахарехь  пайдаэца беза аш. Шун ирс хилла Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас чекхъяьккхинчу институтехь деша…

Тахана вайн кегийрхойн дерриге а хьелаш ду, аьттонаш бу шайн  таронех, хаарех, хьуьнарех, говзаллех буьззина пайдаэца. КIорггера Iилма а, хаарш а, доккха жоьпалла а хилахь шуьга  дахарехь кхиамаш  бахалур бу. Со тешна  ву шух  дика  говзанчаш хирг хиларх. ТIаккха шу махкана а пайдехь хир ду».

Цул тIаьхьа Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан Указца, Нохчийчохь дешаран а, Iилманан а дакъа кхиорехь  хьуьнарш гайтарна, лаккхара корматалла йолу  говзанчаш кхиорна а, кечбарна а, дуккха а шерашкахь  хьанал  къахьегарна а  финансийн а, бакъонан  а институтан Гуьмсерчу филиалан  директорна профессорна  Дуллуева Раисина Кадыровн  орденца совгIат дира. Иштта, Нохчийчоьнан Куьйгалхочун сацамца  Сийлаллин грамоташ елира вузан хьехархошна а, белхахошна а. «Нохчийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна» мидалца совгIат  дира Махачкаларчу финансийн а, бакъонан а институтан Верасаллин (Попечительски) советан председательна, юридически Iилманийн кандидатана Сулейманов Сулейманна.

Даздарш дерзош Кадыров Рамзана цIен дипломаш дIаделира тоьллачу  19 жимачу стагана а, йоIана а.

№83, шинара, 28 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: