ХIокху деношкахь А-Хь.Кадыровн цIарахчу «Сийлаллин аллей» мемориальни комплексехь вайн луларчу Къилбаседа ХIирийн Республикин къоначу художникан Закороева Айсиятан суьртийн гайтам схьабиллира. Цуьнан цIе «Познание истины» аьлла тиллина авторо. Ша хIокху тIаьхьарчу шерашкахь диллина 27 сурт ду Айсията хьовсархойн кхиэле диллинарг.
Гайтам схьабоьллуш дакъалецира Нохчийн Республикин муфтин хьехамчас Осмаев Iусмана а, Нохчийн Республикин Юкъараллин Палатин кегийрхойн политикин комиссин председатела Дунаев Мусас а.
Иштта, цигахь дакъалецира «Ийман» клубан жигархоша а, вайн а, луларчу Къилбаседа ХIирийн Республикера леррина шайн махкахочун гайтаме баьхкинчу хьешаша а.
Санкт-Петербургерчу И.Е.Репинан цIарахчу исбаьхьаллин академин 4-чу курсан студентка А.Закороева йина а, кхиъна а ю Къилбаседа ХIирийчуьрчу Моздок гIалахь. Жимачохь дуьйна а яра иза суьрташ дохкуш. Моздокерчу берийн исбаьхьаллин школехь дешна яьлча, Россин Федерацин хьакъволчу художникан Мусаев Мусан дешархо хилла иза.
Ткъа художник вайн республике кхачаран бахьана ду цо хIокху тIаьхьарчу 2–3 шарахь каллиграфи олучу жанрехь къахьегна суьрташ дахкар. Iарбийн каллиграфино кхин а чIогIа совбаьккхина цуьнга бусалба дин довзаран лаам. Шен къоман ламасташ а, гIиллакхаш а мехала хета цунна.
Хууш ма-хиллара, каллиграфи дуьненахь мел болчу бусалба наха къобалъеш искусствон жанр ю. Оцу йозанца маьждигаш, зераташ кечдо. Шен балхана цо леладо басарш, даьтта, ийна басарш. Айсиятан белхаш шайн башхалла йолуш бу. Цо фосфор а леладо ша суьрташ дохкуш. Масала, буьйсанна чиркх дIабайъича цо диллина сурт ( аят, сурат делахь) иза, серладолий, лепаш хуьлу.
Бусалба нехан хIусамехь товш хир долуш, хьарам ца динчу суьртехь ду оцу гIумкийн йоIа дохку суьрташ.
Гайтам даздаран хьолехь схьабиллича, Закороева Айсията баркалла элира Нохчийн Республикин культурин министерствон а, ткъа иштта А-Хь.Кадыровн цIарахчу «Сийлаллин аллей» мемориальни комплексан а куьйгаллина шен дуьххьарлера «персональни» олу гайтам Нохчийн Республикехь вовшахтоха аьтто барна.
Искусствоезархошна хаза кхаъ бу аьлла хета оцу тайпанчу гайтаме хьажа аьтто хилар.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
Авторан сурт
№84, еара, 30 июль, 2015 шо
