«Ирсе бералла»

DSC_0752
ХIокху деношкахь Берийн а, кхиазхойн а кхолларалла кхиоран республикин туьшо вовшахтоьхнера берийн хелхаран «Ирсе бералла» флэшмоб. Соьлжа-ГIалин самукъадаккхаран «Гранд парка» хьалха дIадаьхьира и гIуллакх. Цигахь дакъалецира билгалъяьккхинчу туьшан аьхкенан «Аьхке, аьхке» майданан 23 жигархочо.  

ТIекхуьу тIаьхье ийманехь кхетош-кхиоран юкъарчу Концепцин гурашкахь дIахьош яра иза. Шаьш вовшахтоьхна гIуллакх дIадоладале, хьалхара дош олуш йистхилира лакхахь хьахийначу туьшан хьехархо Шуаипова Мария. Цо дийцира шаьш вовшахтоьхначу гIуллакхан коьртачу Iалашонех а,  туьшан балхах а лаьцна.

Цул тIаьхьа, аьхкенан майданан жигархоша шаьш кечйина йолу хелхарийн программа гайтира. Гуш дара, бахархойн цунах самукъадаьлла хилар, тIехбуьйлуш соьцура цаьрга хьовсархьама. Хелхарийн программа гайтинчул тIаьхьа, «Гранд-парк» чу а, ара а довлучу берашна бес-бесара лоппагаш дийкъира. Цу тIехь берзийра флэшмобан болх.

З.ЛОРСАНОВА

№84, еара, 30 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: