Премьер-лигин командашна юкъахь Россехь хьалхеяккхаран чемпионатан 2-чу туран матчехь Соьлжа-ГIалара «Терек» шен цIахь, «Ахмат аренехь» цхьаьнакхийтира Краснодарерчу «Кубань» командица.
СоьлжагIалахой: Я.Годзюр, Родолфо, И.Айссати (Р.Мирзов), А.Семенов, Д.Кузяев, В.Адилсон (Ж.Маурисио,64), О.Иванов, М.Рыбус, Ф.Пириз, И.Лебеденко, З.Садаев (А.Мбенгуе,63).
Хьеший: А.Беленов, С.Манолев, Т.Шуньич, Л.Мельгарехо, Шандао (И.Армаш,43), Р.Бугаев, С.Ткачев, В.Кулик, В.Игнатьев (А.Хубулов,90), М.Рабиу, И.Бальде (А.Тлисов,46).
Коьрта суьдхо Федотов Игорь (Москва).
Соьлжа-ГIаларчу «Терекна» Россехь хьалхеяккхаран чемпионатехь муьлхачу командица ловза хала хуьлу аьлла, хаттар дича, массара а Санкт-Петербургерчу «Зенитца» я Москварчу ЦСКА-ца ала тарлора. Амма тамашийна хетахь а, иза иштта дац. СоьлжагIалахошна премьер-лигехь уггаре а ловза хала Краснодарерчу «Кубань» командица хуьлу. Иза иштта хилар статистикано а гойту. Соьлжа-ГIалара «Терек» Краснодарерчу футболисташца чемпионнатехь уьттазза левзина. Царех пхеа цхьаьнакхетарехь эшна СоьлжагIалахой. Доьазза цхьа а ца тоьлуш чекхъяьлла матч. Ткъа цхьаъ бен толам ца баьккхина вайн командо (2014-чу шеран 23-чу мартехь «Ахмат аренехь хиллачу ловзарехь). Оцу хьелашкахь вайн республикин коьртачу командина шен чоьте кхо очко д1аязъян хала хир дуй матч йолаялале хууш дара, амма нохчийн хIора болельщико толаман жамIе са-м туьйсура.
Цхьаьнакхетар доладелла пхи минот ялале счет схьаелла герга бара хьеший. Игнатьев Владислава ондда тоьхна буьрка кевнан дукъах кхетта, чу ца йоьдуш йисира. Бакъду, цул тIаьхьа хьалхарчу таймехь тIелатарш вайн командо бен ца дора. Рыбус Мацейн таро яра матчехь билгалвала, амма цуьнан аьтто ца белира серлонан табло тIе шен цIе д1аязъяйта. 32-чу минотехь хьешашна гол туьйхира СоьлжагIалахоша. Билгалваьлларг вара Пириз Факундо. СадаIа бахале нохчийн футболистийн счет йоккхаян мел кIезиг а кхузза аьтто бара, бакъду, уьш шайн Iалашоне ца кхачабелира. ШолгIачу таймехь а дара изза сурт. СоьлжагIалахой дикка гIолехь ловзура. Ткъа Краснодарерчу «Кубань» командо дийнна таймехь шайн цхьаъ бен ца хилла долу тIелатар гол тохарца дерзийра. Счет дIанисйинарг вара Мельгарехо Лоренцо. ЖамI 1:1 долуш чекхъелира матч.
1-чу августехь 3-чу туран матчехь Соьлжа-ГIалара «Терек» хьошалгIахь цхьаьнакхетар ю Санкт-Петербургерчу «Зенит» командица.
А.АБДУЛАЕВ
№84, еара, 30 июль, 2015 шо