ДIаелла тIеэцаран экзаменаш

Кишин-Кунта-Хьаьжин цIарах йолчу Соьлжа-ГIаларчу Россин исламан университетехь дIадаьхьна кечамбаран отделенин хьалхарчу курсе тIеэцаран экзаменаш дIаялар. Абитуриенташа хIокху деношкахь дIаелира Сийлахь Къуръан (таджвидца) бакъенаш ларъеш дешарехула а, Исламан баххашкахула а (Iамми джуз) йолу экзаменаш. Школашкахь ЕГЭ дIаялаза болчара оьрсийн маттехула а дIаелира экзамен.

FotorCreated

Карарчу шарахь хIокху университетехь кечамбаран отделенехь бюджетан 100 меттиг ю. Оццул меттигаш ю «ШарIан Iилманаш» факультетехь а. Оцу шиннахьа а деша дIаоьцу юккъера дуьззина дешар дешна болу кегийрхой а, мехкарий а. Кечамбаран отделенин хьалхарчу курсе деша ван лууш верг 232 стаг вара, планаца билгалйинарг цхьа бIе меттиг йолуш. Ткъа «ШарIан Iилманаш» факультетан хьалхарчу курсехь деша лууш верг 21 абитуриент бен вацара. Оцу факультете тIеэцна кечамбаран отделенера кхин а 87 стаг. Кхул хьалхарчу шерашкахь санна, университето кхочушйо абитуриенташ тIеэцаран план. Ткъа уьш тIеэцар дIахьо конкурсан буха тIехь.

ДIадаханчу шерашца дуьстича билгалдолу бусалба дин Iамо лууш болу кегийрхой а, мехкарий а шо-шаре мел долу алсамбовлуш хилар. Оцо тоьшалла до къонанаш бусалба Iилма Iамо лууш хиларна.

Экзаменаш дикачу вовшахтохараллица дIаяьхьира. Абитуриенташа шайгара дика хаарш гайтира. ТIеэцаран экзаменийн юкъара жамIаш довзуьйтур ду июль беттан тIаьххьарчу дийнахь. Цу хьокъехь хаам бира университетан хаамийн отделехь.

С.ХАМЗАТОВ

 №84, еара, 30 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: