Абдулаев Зияудди, яздархо, вина 1926-чу шеран август беттан 1-чу дийнахь ТIехьа-Мартан кIоштарчу Котар-Юьртахь. Юьртара юьхьанцара школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа Нохч-ГIалгIайн рабфакехь доьшу, кхалхийначохь чекхйоху техникийн-гIишлошъярхойн курсаш. Юьхьанца Казахстанехь, Даймахка цIа дирзинчул тIаьхьа ГIебартойн-Балкхаройчохь а, Краснодарски крайхь а, Нохч-ГIалгIайчохь а яккхий гIишлош ечохь прорабан белхаш бо.
Амма жимма а мукъа еана хан литературин кхоллараллина дIалора Зияуддис. Прозехь язйинчу еа книгин автор ву иза: «Iассин бердашкахь» (1975 шо), «Оранша» (1978 шо), «Iуьйкъехь серлонаш» (1988 шо), «ХIуьппIалгаш йохор» (1992 шо). Яздархочун къаьсттина боккха кхиам лара догIу «Iуьйкъехь серлонаш» («Всполохи») повесть а, «ХIуьппIалгаш йохор» («Сокрушение идолов») роман а.
Яздархочун кхалхар хилла 1994-чу шарахь.
Кибиев Мусбек, поэт, вина 1937-чу шеран август беттан 7-чу дийнахь Веданахь. Веданара юккъера школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа доьшу М.Горькийн цIарахчу литературни институтехь. Белхаш бина хьехархойн институтан «За педагогические кадры», Ведана районан «Колхозан дахар» газеташкахь, «Орга» журналехь, кхечанхьа.
Поэтан стихийн хьалхара «Ши зама» цIе йолу гулар араелира 1962-чу шарахь. М.Кибиевс шен хьуьнарш зийна прозехь, драматургехь. Нохчийн, оьрсийн меттанашкахь арайийлинчу поэзин, прозин иттех книгин автор ву иза («Наьрташ», «Денойн чам», «Беттасин догIа», «Хьекъалан бохь», «Седарчийн чIара»…).
Поэтан кхалхар хилла 1996-чу шарахь.
Хасбулатов Ямлихан, поэт, вина 1935-чу шарахь август беттан 7-чу дийнахь Соьлжа-ГIалахь. Дешна Казахийн пачхьалкхан университетехь. Яздан волавелла ХХ-чу бIешеран 50-чу шерийн чаккхенехь.
1969-чу шарахь зорбане йолу поэтан «Сатийсам» цIе йолу стихийн дуьххьарлера гулар. ХIетахь дуьйна нохчийн, оьрсийн меттанашкахь поэто арахецна 10 сов стихийн, поэмийн гулар: «Лекха цIе» (1972 шо), «Кхокханан йиш» (1974 шо), «Шир ца ло мерзаш» (1977 шо), «Лаьттан йозалла» (1985 шо), «Песня голубя» (1977 шо), «Высокое имя» (1986 шо, оьрсийн маттахь), и.дI.кх. Стихаш зорбане йийлина нохчийн поэтийн юкъарчу гуларшкахь а, ткъа иштта «Орга», «Вайнах», «Поэзия», «Молодая гвардия», «Аврора» журналашкахь а.
Ямлихан вевза говза, похIма долу журналист санна а, вуьшта аьлча, цуьнан къинхьегаман некъ журналистикица бозабелла бу. Оцу некъан юьхь хилира 1955-чу шарахь Алма-Атахь арадала доладеллачу «Къинхьегаман байракх» газетехь болх бан волавалар. Цул тIаьхьа цо болх бира Казрадиохь, «Ленинан некъ» газетехь, еххачу хенахь – Соьлжа-ГIаларчу телевиденехь.
№84, еара, 30 июль, 2015 шо