Школаш керлачу шарна кийча хир ю

Цхьа бутт хан ю дешаран керла шо доладала йисинарг. Август бутт юккъе балале Нохчийн Республикин ерриге а школашкахь ремонтан белхаш чекхбаьхна хила а беза, цул совнаха оцу школашкахь хьехархошца кхачояр нисдина хила а деза. Дешаран керлачу шарна кечам баран хьокъехь тхоьца шен хиллачу къамелехь Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министран заместитела Каимов Iабдурахьмана дийцира школашкахь карарчу хенахь долчу хьолах лаьцна. Вайн республикехь ерриге а 456 школа ю, царна юкъахь 14 школа – очни а, заочни а дешаран кеп йолуш. Оцу школашкахь къахьоьгуш 25 эзар хьехархо ву. Царех ах хьехархой 35 шарал лахара хенаш йолуш бу.

24-чу июлехь министерствехь хиллачу кхеташонехь школийн куьйгалхошна тIедиллина университетан а, институтан а выпускникаш балха  дIанисбар. Царна гIо дар тIедиллина меттигерчу куьйгаллина. Масала, хIусам ян латта даларца а я, хьехархойн петаран цIа делахь, царна чохь хIусам яларца а.

Республикерчу хьехархоша юккъерчу барамехь 22 эзар сом алапа оьцу.

Хьехархой 15-чу августехь балха арабевр бу.

Дешаран керлачу шарна хIинцале а кийча ю Хьалха-Мартан, Шелан, Нажи-Юьртан, Невран районера школаш. Йисинчу районашкахь ремонтан белхаш беш бу. 18-чу августехь кийча хир ю ТIехьа-Мартан районера школаш.

Нохчийн Республикехь еш керла 8 школа ю. Соьлжа-ГIаларчу Жуковскийн урамехь еш ю математикин хаарш дезачарна лерина республикин №1 школа. Иза 720 дешархочунна лерина ю.

Старопромысловски районехь еш ю №1 йолу школа. ХIинццалц дешархой берийн бешан гIишлочохь дIатарбина, готтехь бара. Иштта, Ленински районерчу Петропавловски шоссе урамехь еш ю №15 йолу школа. Уьш ерриге а хьалхара сентябрь тIекхачале йина евр ю.

24-чу июлехь хиллачу министерствон кхеташонехь районан дешаран отделенийн куьйгалхошна тIедиллина профильни классаш вовшахтохар. Цундела оьшуш болу хьехархой, гIирсаш хьалххе вовшахтоха безар бу. Дешаран программа хьесапе а оьцуш, нисдина хила дезар ду церан дешар, ЕГЭ дIаяла дезча дешархойн хаарш тоьаш хилийта. Кестта билгалдер ду цунах дерг а.

Нохчийн Республикехь коьртачу декъехь ца тоьа  кхечу къаьмнийн меттанийн а, математикин а, информатикин а хьехархой бу.

 

З.Хизриева

№84, еара, 30 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: