Дуьйцу а ца хезнарг, хила йиш а йоцург дара хилларг. Соьлжа-ГIалина юххехь йолчу Шина Суьйра юккъехь яьхна яра Тими. Шен ялар а, ерзар а иштта хир ду аьлла, цкъа а дага ца деанера цунна.
ЦIийндеца цхьаьна 3 кIант, ши йоI кхиийра Тимис. Нохчийн дикачу зудчо санна, Iуналла деш, чIогIа цIена, дика леладора нанас бераш. Уьш нийса кхиор, царна гIиллакх-оьздангалла Iамор коьрта дара нанна.
Школехь бераш къаьсташ дара тIехдика дешарца. Олимпиадашка, конкурсашка дакъалаца билгалбаьхначарна юккъехь хуьлура уьш. Математика, оьрсийн мотт дика хаарал сов, царна евзара мехкан а, кхечу пачхьалкхийн а истори, кIорггера хаарш дара химин, физикин, астрономин дакъошкахь. ХIуьттуш долчу суьртаца, сирла кхане хир йолуш дара Тимин берийн хаарш. Тимис дозалла дора берех, цунна ша ирсе хетара.
Бераш хьалакхиира. Школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа, берех хIора а лаккхарчу дешаран заведене деша дахара. Филологаш, экономисташ, бизнесменаш хилира царах.
Зуда а ялийна, Соьлжа-ГIалахь ваха хиира воккхах волу кIант. Цуьнан доьзал болабелира. Дехой баккхийбера шайн берех. Амма, царна ца хаьара кхолламо шайна хIун кечдина…
Нохчийчохь дуьххьара тIеман хиламаш буьйлабалале Тимин цIийнда кхелхира. Дерриге а беркат цуьнца дIадахча санна, ирча хийцамаш хилира церан доьзалехь. Шина йоIах лазар кхийтира. КIорггера хьекъал долуш хилла ши йиша хьекъална ийшира. Дукха хан ялале церан шолгIа ваша а хилира цомгаш. Ненан берриге а доьзал цамгаро лецира. Соьлжа-ГIалахь вехаш волу воккхахволу ваший, Россин цхьана гIала болх бан дIавахана волу жимах верггий бен, могаш ца висира. Iаьржачу мархашна тIехьа цIеххьана къайлабаьлла малх санна, дайра Тимин доьзалан ирс. Хиллачух кхеташ цхьа а вацара: лоьраш, гергарнаш, лулахой , юьртахой. Царна гIо а ца далора цхьаьнгга а. Цаьрца цхьаьна вехаш воцу ши кIант могаш хиларна хастам бора Тимин гергарчара. Юьртахь бехаш шичой а, церан доьзалш а белахь а, лазаро лаьцначаьрга хьажа вежарий бисар доккха хIума хетара царна. Амма, Тимин доьзале беанчу бохаман тIаьхье еха хиллера.
ТIаьххьара тIеман хиламаш вайн махкахь буьйлабелча, цIахь висина ваша дIакхелхира. Церан кертахь гIийла тезет хIоьттира. Доккхуш сагIа а дацара, зударийн белхар а ца хезара. Тезет дIахьош волу воккхах волу кIант хийра стаг санна лаьттара. Марваша дIаверзош цуьнан хIусамнана а, девешина боьлхуш цуьнан йоIарий а ца гира тезета баьхкинчарна.
Тезет дIадирзира. Цомгаш йолчу шина йоIаца ша йисира нана. Жимах волу кIант Россин цхьана гIалахь, воккхах верг Соьлжа-ГIалахь вехаш вара.
ТIамо дохийна Тимин цIенош дехха лаьттира кIурзах дуьзна, чу догIа а оьхуш, мох а хьоькхуш. Дукхах йолу хан Тимин вежарий болчохь йоккхура цара. Марзахошца гергарло доцчу воккхах волчу кIентан зудчо тергал ца бора маьрйижарий а, марнана а. Шайн нанас дийриг дора цуьнан йоIарша а.
Шен ваша дIаваьлча Россин гIалахь волу Тимин жимах волу кIант цIа веара. Иза юха дIа ваха дагахь вацара. ЦIенош а тодина, балха а хIоьттина, зуда яло дагахь вара иза. Амма, цIа веана масех бутт балале, иза а лецира цамгаро. Йижаршна кхетта цамгар кхийтира цунах а. Цу хьолехь дукха хан ца яьккхира цо. Иза а кхелхира.
Цул хьалха кхелхинчу вешин санна дара цуьнан тезет а… ГIийла…
Дуьне доьхначу ненан хIинца цхьа сатийсам бисинера – воккхах волу кIант. Цо ша тергал ца йича а, иза бехке ван ца лаьара нанна. Шаьш несана халахетар динехь, тIедаьхкинчу вуонаша цуьнан кийрара ша башор бу моьттура. Гуттар а цаьрга сатуьйсуш йолчу нанас, ша царна халахетар динехь Деле гечдар доьхура. И сатийсам гIел ца луш, нана ша йисира. Ши йоI психо-неврологин больнице дIаелира. СемаIашкарчу психо-неврологин больницин отделенин заведующис Эльжуркаева Лидас элира: «Ши йоI чIогIа сагатдеш хуьлура шайн нанна. Иза багара охьа ца юьллура цара. Цу шинна чIогIа лаьара цIа яха. Гуттар куьйгаш лоций лелара и шиъ. Цхьанна а новкъа а ца хуьлура».
Шина йоIан ваша а лехна, ши йиша цхьана-шина баттана цIа йига аьлла, лоьраша хабар дахьийтича, цо уьш Шеларчу психо-неврологин интернате йигира – гуттаренна а. Шен хIусаме ши йиша йига ца хIоьттира ваша.
Шен шичойх, маьхчойх а ша Iаш волу меттиг а къайлаяьхьнера Тимин кIанта. Иза царна тIе а ца воьдура, я уьш ша волчу а цо кхойкхура.
Иштта хила деза моьттуш кхиира Тимин кIентан доьзал. Дас-нанас шайн шина йоIана а, кIантана а лакхара дешар Iамо а, говзаллаш караерзо а хьелаш кхоьллира. Амма, ца делира царна коьртаниг – адамалла, къинхетам. Тимин кIентан йо1арий Нохчийн пачхьалкхан университетехь хьоьхуш бу. Цара студенташна хаарш ло хир ду, амма, царах дан хIума дац Дала неIалт аьллачу гIиллакхашца бехаш, уьш гулдина делахь.
ТIаьхьарчу хенахь кIентан хIусамехь Iаш хилла йолу Тими хIокху деношкахь дIаелира. И хаам бан буьйсанна шен шичой болчу Шина Суьйре юккъе веара иза. Iуьйранна юьртахь тезет хIотто сацам а бина, дIавахара Тимин кIант. Сатоссуш, такси чу ненан дакъа а диллина схьакхечира иза. Доьзалх цхьа а вацара дена юххехь. Цуьнца вуон декъа ца еанера хIусамнана а, ши йоI а, кIант а. Больницехь йолчу шина йоIана хилларг хууш дацара. Тимин кIентан воккхах волу шича ца Iе велира шен дог ца дассийча. Цо бехк баьккхира шен шиче. Цунах дегабаам бина Тимин кIант, ненан дакъа машен чу а диллина, юха дIавахара. Соьлжа-ГIаларчу мехчин хIусаме даьхьна хиллера ненан дакъа.
Ненан дакъа Шина Суьйра Коьртарчу маьждиге дIадаьхьира. Цигахь маха а, докъан ламазаш а дира. Тимин кIант цигахь а лаьттара юьстах а ваьлла.
Нана дIайоьллинчул тIаьхьа, кешнашкара шичойн керта юха ца веара Тимин кIант. Цунна ца лиира тезет хIотто а, иза дIакхехьа а.
Нохчашна юкъахь цкъа хилла доцу, хила йиш а яц аьлла хета хIума ду лелларг. Дала гечдойла Тимина. Дала лардойла вай яхь йоцчу кIентех а, ийман доцчу зударех а.
Б.ДУДАЕВА
№84, еара, 30 июль, 2015 шо