Махко а цIе йоккхучу дикачу иллиалархойх цхьаъ ву Межидов Сахьаб. Нохчийн литературин беркатечу хьаьттахь къахьоьгучу массо а бохург санна поэтийн дешнаш тIехь даьхна иллеш ду цуьнан репертуарехь. Мамакаев Мохьмад, Сулаев Мохьмад, Рашидов Шаид, иштта дуккха а цIарна цIеяххана болчу кхечу авторийн дешнаш тIехь болх беш илли дIаолуш ву иза. Церан чулацамечу кхоллараллина тIехь Iемаш схьавеана халкъан, мехкан дукхавеза иллиалархо. Бакъду, кху тIахьарчу хенахь ша дешнаш, мукъам боккхуш, илли дIаала волавелла Нохчийн Республикин халкъан артист волу иллиалархо. Цундела вайн бакъо ю аьлла хета Сахьабах нохчийн къоман илланча ала. Цуьнан хьаналчу къинхьегамо бакъо ло оцу сийлахьчу цIарна артист цхьанна а кепара шеко йоцуш хьакъ ву ала. «Дечиг-пондар чIогIа безаш ву со жимчохь дуьйна а. Iемар а буй-те суна хIара олий хетара жима волуш. Цхьанхьа цхьамма и локхуш хезча цуьнга ладогIа гIерташ хуьлура со – дуьйцу Сахьаба. – И безар бахьанехь нисделла-кх сан кху новкъа валар а, хIара некъ дIакхехьар а».
Курчалойн-кIоштарчу Iаларой-Эвлахь 1961 шеран 16-чу январехь дуьненчу ваьлла Межидов Сахьаб. Цу юьртахь вахана иза хьалхарчу классе деша а. Школехь боьду Сахьабан нохчийн къоман мукъамашка безам. Цунна жимчохь дуьйна дукхадезара Дагаев Валида, Буркаев Мовлада, Магомедов Султана дIаолу иллеш. Школин даздаршкахь кIанта кест-кеста кхочушдора уьш. Бакъду, юккъера школа чекхъяккхар-м ца нисло хинволчу артистан. БархI класс чекхъяккхинчул тIаьхьа, 1978 шарахь Соьлжа-ГIаларчу №11 йолчу профтехучилище деша воьду иза, гIишлошяран говзалла Iамо. Амма кхолларалле болу безам нуьцкъала хуьлу. Цундела вайн мехкан коьртачу шахьарахь вовшахтухуш хиллачу «Илли» тобане вогIу кIант, балха хIотта дагахь. Делахь а, рицкъа цахилар хир ду иза, «Илли» тобанан куьйгалхой реза ца хуьлу къоначу артистана. Бакъду, Сахьаб къар-м ца ло, кхоллараллин новкъахь нислучу кега-мерсачу дуьхьалонашна.
1984 шарахь Соьлжа-ГIаларчу культпросвет училище деша воьду Межидов Сахьаб, говзалла караерзо, театральни отделени а хоржий. Цу хенахь ерриге а Къилбаседа Кавказехь уггаре а тоьллачарех кхоллараллин дешаран кхерч ларалуш бара и училище. Ткъа театр, вайна массарна а ма-хаъъара, сценически искусство ю. Цундела театральни отделенехь дуккха а хIума Iамадо: музыка, хелхар, вокал, декламаци а. Доцца аьлча, сцени тIехь оьшу массо говзаллин къегина хьуьнарш, шардой, тодой, «тIома доху» цигахь. И дерриге а шеца долуш волу Межидов Сахьаб училище чекхъяккхале «Вайнах» ансамблан оркестре балха схьаийцира. Сахьабан да Хьамзат реза-м ца хилира шен кIанта юьхьарлаьцначу некъана. Iеламстаг ша хиларе терра, Хьамзатан даго тIеоьцуш бацара артистийн болх. Цундела хилла хила там бу цуьнан дахарехь хIара бакъдерг нисдалар: цкъа а шен дена хьалха дечиг-пондар лекхна бац Сахьаба, илли-м муххале а ца аьлла.
30 шо ду илланча кхоллараллин новкъа ваьлла. 2015-чу шеран 28-чу июнехь нийсса ткъе итт шо кхечира иза дуьххьара корматаллин сцени тIе ваьлла. Цо дукха болх бина «Вайнах», «Ловзар», «Даймохк» ансамблашкахь. Тахана а ву иза Нохчийн Рейпубликин Шахбулатов Iаднан цIарахчу пачхьалкхан филармонехь болх беш. Бакъду, цхьанхьа къахьегарх тоам бечарех вац вайн турпалхо. 7-8 шо хьалха нохчийн шира мукъамаш мел дезарш вовшех дага а бевлла, Нохчийн Республикин халкъан артист Адаев Султан коьртехь а волуш, кхара юхаметтахIотийна халкъан мукъамийн гIирсийн ансамбль. Тахана цигахь а болх беш ву артист. Цуьнан концерташкахь дакъа лаца а лараво Межидов Сахьаб. Нохчийн Ренспубликин халкъан культурехь ша цхьаъ къахьегна Iаш вац иллиалархо. Дуккха а шерашкахь «Ловзар» цIе йолчу хелхаран ансамблехь болх бина Сахьабан йоIа а, кIанта а. ЙоIа шен доьзал болабелча дитина корматаллин сцени тIехь хелхаялар, ткъа кIант хIинца а и гIуллакх дIакхоьхьуш ву. Шен дена санна, кхолларалле болу безам дагчу бижинчух тера ду Асхьабана.
Россин дуккха а гIаланашкахула чекхъваьлла Сахьаб концерташ луш. КIезиг яц цо дозанал арахьа елла концерташ а. Иза хилла Хонкарахь, Иорданехь, Чинехь. Цул совнаха, Россин гIарабевллачу артисташца цхьаьна концертехь дакъалацар а нисделла цуьнан хийлазза.
Илланчин хьанал болх тидамза ца битина мехкан Iедало. Вайна массарна хууш ду, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана культурин болх хаддаза шен семачу тидамехь латтош хилар. Цхьа а дезде дIа ца долу халкъо, махко лоруш болчу артисташна хьакъдолу совгIаташ ца деш. Иштта «Даймохк» ансамблан 10 шо кхачар даздеш Сахьабана елира «Нохчийн халкъан артист» сийлахь цIе а, дикачарех машен а. Вай хазахетарца ладугIу цуьнан хIора а иллига, дозалла а до вайн культурехь иштта белхахо хиларх. Нохчийн эстрадехь шатайпа хатI долуш Межидов Сахьаб хиларе терра иза хIоранна вевзаш ву, цуьнан кхолларалла а лору. Нохчийн Республикин къоман культурин хазнин мах боцу беркат хилла дIахIоьттина цуьнан башха кхолларалла.
ГАЗИЕВА Аза
№84, еара, 30 июль, 2015 шо