Сайн мах хаьара

Геннарчу, цкъа а ца гинчу мехкашка шайн кхолламаш зен хIурдан кеманца новкъа ваьлла хилла цхьа ши стаг. Цхьана гIайре тIекхаьчча, берда йистехь, шайн некъан «гIоьнча» дIа а тесна, меттигерчу нахана тIевахана хIара шиъ. Оцу нехан элан ши йоI хилла. Йоккхах ерг хаза, товш хилла, ткъа жимах ерг башха дIогара тIе бIаьрг хIуттуш а ца хилла. ТIаккха оцу шина доттагIчух цхьаммо вукхуьнга аьлла:

– Суна сайн ирс карийна, со кхузахь соцур ву, хIокху элан йоI ялор ю ас.

– Йоккхах йолу йоI хаза ю, хьекъал долуш ю. Яло мегар ду иза-м.

– ДоттагI, хьо сох ца кхийти. Со жимах ерг яло воллу.

– Вай, хьера ваьлла хьо! Ирча яй иза-м!

– Иза ас бина сацам бу, ас хаьржина некъ бу.

Цхьаъ, кхидIа а шен ирс лаха воьду аьлла, дIавахана, ткъа шолгIаниг зуда яло гIайри тIехь сецна.

ЙоI йолчу тайпанан ламаст хилла шаьш зуда маре дIалучу хенахь цунах бежнаш доьхуш. Товш йолчу зудчух итт етт луш хилла. Иштта, итт етт лаьллина, веана иза йоI еха.

– ХIай эла, хьан жимах йолу йоI йига дагахь лелара со. Цунах закъалтана итт етт балийна ас, – аьлла жимачу стага.

– Забар йо ахь? – хаьттина йоьIан дас.

– Иза бен яло лууш вац со, – аьлла кIанта.

– Дика ду. Амма со нийсо езаш стаг хиларе терра, цунах итт етт ца богIий хууш, сайн йоIах 3 етт бен схьа ца оьцу ас, – аьлла дас.

– ХIан-хIа, суна цунах итт етт бала лаьа, – аьлла, ша бохучунна тIера ца ваьлла кIант.

Ялийна цо и йоI.

Цул тIаьхьа, масех шо даьлча, кхуьнан, шен «ирс лаха» воьду аьлла, дIавахана накъост веана хилла кхаьрга. ХIинца шен долахь доккха  хIурдакема хилла цуьнан.

Бердан йисте кхаьчча сецна, схьаволавелла хьаша. Эццахь дуьхьал йогIуш исбаьхьа, хаза зуда гина кхунна. Стага хаьттина цуьнга, шен доттагI лоьхура ша, иза мичахь карор вара техьа шена, аьлла. Цо гайтина.

Схьакхаьчна доттагI, дIахьаьжча цунна гина хиъна Iаш ирсе да, цунна гуонаха дIасауьду бераш а.

– Муха Iаш ву хьо? – хаьттина кхуо.

– Ирсе, – жоп делла вукхо.

Эццахь чоьхьа яьлла кхунна некъ хьехна йолу и хаза зуда а.

– ХIара сан хIусамнана ю

– Муха? Ахь шолгIа а ялийра зуда? – цецваьлла накъост.

– Ца ялийра. Изза ю-кх хIара, – жоп делла цо.

– ХIара ма хийцаелла, иза муха хир ду иштта? – бохуш, ца тешаш хилла иза.

– Ахь айхьа хаттарх а дац хьуна хIумма, – велавелла доттагI.

Зудчуьнга хаьттина цо:

– Бехк ма биллалахь суна, хьалха а хьо гина вара со. ХIетахь хилларг яц хьо. Хийцаелла, хазъелла. Хилларг хIун ду, хьо оццул хазлуш хийцаяллал?

– Къайле яц. Со цхьана дийнахь кхийтира сайн мах баккъал а итт етт хиларх… – аьлла хилла зудчо.

Зорбане кечйинарг – З.ЭЛЬДЕРХАНОВА

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: