Саракаев Азамат

Азамат

1955-чу шарахь (цу хенахь  нохчий а, гIалгIай а, Къилбаседа Кавказера  цхьамогIа  кхин долу  къаьмнаш а махках, цIийнах  даьхна, Казахстане а, Юккъерчу Азин республикашка а дIадахийтина, цигахь дехаш дара) Казахстанан пачхьенехь Алма — Ата гIалахь  нохчийн маттахь арахеца  долийра «Къинхьегаман байракх» газет. Иза арахеца оцу ерриге а республикашкара    хьалха зорбанехь  болх бина, газетан  гIуллакх  девзаш а, журналистан корматалла  йолуш а болу нохчийн интеллигенцин векалш балийра. Царех цхьаъ вара Саракаев Азамат. Цигахь, газетехь, цхьаьна болх беш, юххера  вевзира суна иза.

Азаматна дика карабирзинера  журналистан болх. Цо  зорбатоха  кечйина материалаш дика язйина а, еша догдоуьйтуш а хуьлура. Къаьсттина дика карадирзинера цунна белхан  стагах  лаьцна  статьяш а, очеркаш а язъяр, цуьнан  дика нислора, халахеташ делахь а, хIинца газетан  агIонашна тIера дIаяьлла  йолу  фельетонан жанрехь  язйина, критически материалаш. Муьлхха  тема а муьтIахь хуьлура Азаматан къоламна. Амма ша яздеш дерг чIогIа  лерина а нисдора цо. Яздеш долчу кехата тIехь  йозанан могIа гал ца болуш, нийса хилийтархьама, Азамата цунна кIел дуьллура тIехь стомма Iаьржа сизаш долу кехат. И сиз,  цо яздеш долчу кехатах  чекхдолий, гуш хуьлура. Оцу сизца  нисбора цо шен йозанан хIора могIа. ДагадогIу  суна: цуьнан йоза нехан доцчу  кепара аьрру агIор таьIна, хаза элпаш цхьанхьа  ручкин шекъа  алссамдаьккхина, стомма, вукхазхьа  дуткъа хуьлура. Амма йозанан могIа локхаллехь-лохаллехь  цкъа а хийцалуш бацара. Хеталора Азамата шен оьздангалла,  шен деган дикалла оцу  йозанехь  гойту.

ХIетахь  газеташкахь  официальни материалаш кхечу  темина  йолчарел дуккха а алсам хуьлура. Кест-кеста  хуьлура  партин  съездаш,  конференцеш, ЦК-н пленумаш, СССР-н а, республикийн а Лакхарчу  Советийн  сессеш, дуккха а кхидолу цхьаьнакхетарш. Газетийн редакцеш декхарийлахь яра цигара отчеташ  а, мехкан, республикийн куьйгалхоша цигахь йина докладаш  а, кхидолу  къамелаш а зорбатоха. Газетан болх чолхе  бора  и материалаш нохчийн  матте  гочъян езаро. Оцу  декхарца дика ларавора Азамат. Цул совнаха, А.Саракаевс нохчийн матте  гочйора  цу хенахь  редакцехь  хиллачу книгийн  отделехула арахоьцуш хилла Iилманан-довзийтаран а,  къинхьегаман хьалхелелорхойн белхан  зеделларг даржоран книгаш а. Цо шен хеннахь  а, лаккхара  дикалла  йолуш а  кхочушбора гочдархочун болх. Азаматана и болх дика караберзаран бахьана дара цунна оьрсийн  а, нохчийн а меттанаш, нохчийн дахар, гIиллакхаш  кIорггера девзаш хилар. Ткъа и хаарш, журналистан  корматалла, дуьне  довзар  цунна а,  цуьнан кхечу  вежаршна а деллера дас-нанас.

Азамат лаккхара дешар дешначу, интеллигентийн доьзалехь кхиъна  вара.  Иза  вина 1917-чу шарахь. Цуьнан да Саракаев ИбрахIим-Бек республикехь хилла ца  Iаш, амма цуьнан дозанел генна арахьа  а вевзаш вара нохчийн дуьххьарлерчу журналистех, яздархойх  публицистех  цхьаъ хиларе  терра. Цо 1905-чу шарахь  чекхъяьккхира Соьлжа-ГIалара реальни училище. 1907-чу шарахь Буру гIала воьду иза. Цигахь цо болх бо «Терек», «Казбек» газеташкахь. Оцу газеташкахь болх бечу  хенахь цхьаьнакхетий, вевза цунна цIеяххана вевзаш хилла оьрсийн революционер, политикин деятель С.М.Киров. Цигахь  зорбатуьйхира ИбрахIим-Бека шен дика евзаш йолу исбаьхьаллин-документальни романаш: «Нохчийчоьнан  лаппагIанашна чухула» а, «Нохчийчоь а, Шемал йийсаре лацар а». Нохчийн вевзаш волчу яздархочо Х.Ошаевс оцу произведенех  лаьцна яздира: «Уьш Нохчийчоьнан исторехь нохчичо нохчийн халкъан дахарх лаьцна язйина  йолу дуьххьарлера книгаш яра». Азаматан  дас  жигара  болх бо кхечу  газеташкахь а.

ИбрахIим-Бекана, журналистана, яздархочунна,  публицистана дика хаьара  нохчийн халкъан истори,  фольклор, гIиллакхаш, Iадаташ, дахар. И шен хаарш цо  комаьрша дIаделира шен доьзална,  кхаа кIантана Азаматна, Юсупана, Хьамзатана (Нохчийчохь цIеяххана вевзаш хиллачу  яздархочунна).

Азаматан нана бевзаш хиллачу  ЧермоевгIеран доьзалера  Марем яра. Дийцарехь, чIогIа хаза, хьекъале зуда хилла иза. Иштта бара цуьнан доьзалш а. Нохчийн хьалхарчу зударшца цхьаьна  Марема  чекхъяьккхира Соьлжа-ГIалара зударийн гимнази. Цунна дика хаьара, бийца а буьйцура нохчийн а, оьрсийн а, немцойн а, французийн а, ингалсан а меттанаш. Цундела цуьнга цхьана газете нохчийн  гочдархочун балха кхайкхира.

Азамата дика доьшуш, чекхъяьккхира школа. Цунна къаьсттина дика хаьара оьрсийн мотт. Цул тIаьхьа рабфак чекх а яьккхина, Московски журналистикин институте деша вахара иза. Бакъду, иза чекхъяккха таро ца хилира цуьнан. Да-нана хьалхе  дIадаьлла, балха ваха дийзира. Юьхьанца цо болх бира радиохь диктор волуш, цул тIаьхьа театрехь конферансье  хилла. Цуьнца цхьаьна цо  статьяш язйора республикин газеташка.

Шен хааршца, дуьне, дахар  довзарца билгалвелира  Азамат.  Гочдархо хила  республикин  газете балха кхайкхира цуьнга. 1943-чу шарахь радион литературин отделан редактор хIоттийра. Амма нохчий цIерабахар бахьана долуш и болх бита дийзира. Лакхахь билгалдаьккхина  ма-хиллара, 1955-чу шарахь  Алма-Ата гIалахь  нохчийн маттахь «Къинхьегаман байракх» газет арахеца долийча,  цига  балха кхайкхира. Ткъа 1957-чу шарахь  Нохч-ГIалгIайн Республика метта а хIоттийна,  республикин «Ленинан некъ» (хIинца «Даймохк»), газет юха а арахеца  долийча,  хьалхарчаьрца  цхьаьна цIавеана, цига  балха вахара. Азамата цигахь  болх бо корреспондент хилла  а, хIетахь редакцехь коьрта корматалла ю ала мегар долуш хилла  гочдархо  волуш а.

Азамата редакцехь шен коьрта болх бина ца Iаш,  нохчийн яздархойн, поэтийн произведенеш а йохура нохчийн  матте. Иза волчохь кест-кеста хьошалгIахь хуьлура яздархой Ахматова Раиса, Мамакаев Мохьмад, Сулаев Мохьмад, Эдилов Хасмохьмад, Исаева Марем, кхиберш а.  Чулацаме хуьлура церан къамелаш. Уьш дара нохчийн халкъан исторех, литературех, фольклорах, Iадатех лаьцна. Дукха хьолехь яздархоша Азамате хоттура оьрсийн дешнаш нохчийн маттахь муха хир ду, поэтически, исбаьхьаллин произведенехь  церан маьIнах, чулацамах муха  кхета  веза.  Оцу дерригенна а кхачам боллуш дала жоп хуьлура Азаматан.

Цкъа Мамакаев Мохьмада Сулаев Мохьмаде  хаьттира: «Нохчийн гIиллакхаш, Iадаташ иштта дика  мичара девза хьуна? М.Сулаевс жоп делира: «СаракаевгIеран доьзалера!».

Азаматан жимах волу ваша – Юсуп – Казахстанехь  дукха хьалхе  кхелхира. Хьамзатах дика вевзаш волу яздархо, поэт, публицист хилира. Азамата а, цуьнан  хIусамнанас Асета  (иза а  яра журналист, цо еххачу хенахь болх бира «Грозненски рабочий» газетехь) кхиийра  кIант Iела а,  йоI Фариза а. КIанта,  Аштаркхнера лоьрийн  институт чекхъяькхина, лоьран болх бира ОвгIанехь а, ткъа цул тIаьхьа Соьлжа-ГIаларчу эскаран гарнизонехь  полкан медицински службин хьаькам  хилла а. Иза майор вара. ЙоI Фариза дика доьшуш, хьехархойн институт чекхъяьккхина, оьрсийн меттан, литературин хьехархо яра. ХIинца пенсехь ю.

ЧIогIа дика стаг вара Азамат, Алма-Атахь а, Соьлжа-ГIалахь а цуьнца цхьаьна болх беш,  суна цкъа а ца хааелира цхьаьнца цуьнан дош дашера даьлла меттиг. Оьшучунна муьлххачу а хенахь гIо дан кийча вара иза. Ур-аттал бер тIедеача а хьалагIоттура.  Цуьнан дика гIиллакхаш, амалш бахьана  долуш белхан накъосташа а, лулахоша а, гергарчара  а лоруш  а, сий  деш а вара иза. Оьзда, шиша санна, цIена  стаг  вара  Азамат.

1975-чу шарахь шен 57 шо долуш кхелхира А.Саракаев.

 

С.МАГОМАЕВ

№84, еара, 30 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: