Тахана дIаделча кхана карон дерг

457feea6f20d9f05b1cbece1444505cc

Бусалба дог а, ийман а долуш адам хила деза ша дечу диканех мах  ца боьхуш , шен цIе яккхар дезаш воцург. Делера шена ял езар  а, ткъа иштта ша санна волчу шен бусалба вешех а, йишех а дог лазар а ду иза. Цу Iалашонца йиллина хир ю  Соьлжа-ГIалин В. Путинан цIарах йолчу проспектера  маьхза кхача луш йолу Икрам кафе. Дуьххьара  2013-чу шарахь, мархийн баттахь,  генарчу ярташкара схьалелаш долчу а, цIа кхача тIаьхьа  дуьсуш долчу а  адамашка суьйранна марха даста а, Iуьйкъа хенахь марха лаца а кхача  латтор  Iалашо йолуш схьайиллира иза. Дукха нахана доккха совгIат хилира  цунах. Хан мел ели а йовза йолаелира иза.  Исламан университетан студенташ а, сурсадан белхалой а, водительш а хуьлура кафен хьеший.

Кхача кечбан леррина Ташкентера кхайкхина балийна поварш бу. Шайн болх дика бевза царна, массо а тайпа даарш кечдан хаьа. Цул сов кафе  чудогIучу адамашца чIогIа ийна бу, нохчийн гIиллакхаш а, Iадаташ а дика девза. Нохчаша санна хьаша дика тIелоцуш цхьа а къам дац олу цара, хаза гIиллакх  шаьш а лардан хьовсу.

Оццул  доккха саг1а доккхуш йолчу кафен дас (шен цIе яккха пурба ца ло) Мархийн бутт чекхбаьлча а дийнахь шина рожехь  кхача латтор тIедиллина.

ХIора рожехь хаза, чомехь керла-керла даарш хуьлу цигахь. Делкъе  12 сахьт 30 минот  яьлча  йолалой 14:00 сахьт даллалц хуьлу, ткъа пхьор дуу хан  18 сахьт 30 минот яьлча дIайолалой 20:00 сахьт даьлча чекхйолу. Хиш а, стоьмаш а, хастоьмаш а ду массо а стоьла тIе охьадохкуш.  Хьеший,  даима а реза хуьлий, баркалла олий, д1абоьлху.                                                                                                            ТIаьхьарчу хенахь кафе оьхуш берш алсам бевлла. Тайп-тайпана хенаш а, говзаллаш а йолу нах хуьлу цу чохь,  вайн махкахой хилла  ца Iаш, кхечу регионашкара  хьеший а богIу кафе чу хIума кхалла.                                                                                                                        Ца вевза бусалба ваша, Дала къобалдойла хьан саг1а!

ДАНСАЛИКОВА Аза

Авторан сурт

 №84, еара, 30 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: