Соьлжа-ГIалахь Профсоюзийн цIийнехь дIаяьхьира «Дешар а, культура а къоман шатайпаналлин баххаш» аьлла йолу мероприяти. Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствон куьйгалло а, иштта Республикин Профсоюзийн а, Яздархойн союзан а, ЮНЕСКО-н гIуллакхашкахула Нохчийн Республикехь йолчу комитетан а, культурин министерствон а, Юкъараллин Палатин а, шуьйрачу хаамийн гIирсийн а векалша а.
2015-гIа шо «Литературин шо» аьлла къастийна хилар билгалдоккхуш дIаяьхьира мероприяти. Цхьаьнакхетар дIахьош волчу Нохчийн Республикин Iилманийн Академин президента, историн Iилманийн доктора Гапуров ШахIрудис билгалъяьккхира гулдаларан коьрта Iалашо: «Уггаре а хьалха тIекхуьучу тIаьхьенна нохчийн мотт бовзийта а, безийта а декхарийлахь ду вай. Церан ойланаш самаяха а, шайн къоман культура, истори царна йовзийта а еза».
Нохчийн Республикин Яздархойн союзан председатела Ибрагимов Кантас хаийтира: «Карара, 2015-гIа шо литературин шо ду аьлла кхайкхийна хиларе терра, дIахьош а, дIаяхьа лерина а тайп-тайпана мероприятеш ю, оьрсийн маттера гочйина арахеца кечйина масех произведени ю».
Цхьаьнакхетарехь коьртачу декъана дийцира кегийрхоша нохчийн маттахь книгаш йоьшуш цахиларх а, церан маттаца шовкъ цахиларх а лаьцна. Яздархойн союзан председателан заместитела Шамсудинов Бувайсара шен къамелехь кегийрхошца боьзна болу коьрта лазам билгалбаьккхира: «Вайн кегийрхоша нохчийн маттахь йоьшуш ца хилахь церан ойла а хир яц нохчийн маттахь. Вайна ма-хаъара, таханлерчу кегийрхойн самукъа телефонаш, интернет ду, цара уьш шайна пайде йолчу агIор цалелор ду галдаьлларг».
Цхьаьнакхетар дерзош Ибрагимов Кантина оьрсийн гIараваьллачу яздархочун М.Ю.Лермонтовн дахар а, кхолларалла а талларехь бIаьрла кхиамаш бахарна Лермонтовн цIарахчу мидалца а, дипломаца а совгIат дира.
Хь. БАХЬТАЕВА
№84, еара, 30 июль, 2015 шо
