Къонах – иза дагца цIена нийят дерг ву: ша мел деш долу гIуллакх Делан дуьхьа, халкъан дуьхьа дийриг. Нохчийн Республикин хьалхара Президент Кадыров Ахьмад-Хьаьжа вайн ирсечу кханенан дуьхьа шен са ца кхоош чекхваьлла цу нийятца. Ахьмад-Хьаьжа баккъал а турпала стаг вара. Ша куьйгаллехь волчу шерашкахь, цо шен букъа тIехьа лаьцнера Нохчийчоь а, нохчий а, цо тешам боллуш маьршачу дахаре йигира вайн республика .
Къоначарна гуттар а дагахь лаьтта Ахьмад-Хьаьжас дина гIуллакхаш. Кегийрхойн «Ахмат» боламан дакъалацархошка «Муха дагавогIу шуна Нохчийн Республикин хьалхара Президент Кадыров Ахьмад-Хьаьжа?» – аьлла, хаьттича, церан жоьпаш вовшах тера догIуш нисделира.
Хажмурадов Хаважи: «Со кхоалгIачу классехь волуш, 2003-чу шарахь, Ахьмад-Хьаьжа президент хIоьттина дагадогIу суна. Цул тIаьхьа дукха хийцамаш хилира вайн республикехь, паргIато елира махкахошна. Со жима волуш дуьйна воккхавера Ахьмад-Хьаьжас дIакхоьхьучу некъах. Даима а бакъдош олуш, озавалар доцуш, майра чекхваьлла иза вайн мохк а, къам а лардарехь. Дала гIазот къобалдойла цуьнан!»
Азизов Мохьмад: «Ахьмад-Хьаьжа вайн къоман уггаре а де эшна,хьалхаваьккхина хилла аьлла хета суна. «Шен къоман дуьхьа са дIаделла Ахьмад-Хьаьжас», – майрра ала йиш ю цунах лаьцна. Таханлерчу кегийрхошна дагахь хилла ца Iаш, тIейогIучу тIаьхьено а дуьйцур ду аьлла хета суна Ахьмад-Хьаьжех лаьцна».
Атухаджиев Мансур: «Сан 10 шо дара Кадыров Ахьмад-Хьаьжа вайн республикин куьйгалле хIоьттича. Тхан баккхийнаш и Президент хIоьттича. хазахеташ телевизор хьалха Iашшехь цунна баркаллаш бохуш хилла дагадогIу суна. ХIинца дукха дика кхета со царах. Оцу халчу новкъахь майраллица, доьналлица чекхваьлла Ахьмад-Хьаьжа. Мел дукха хIума дина цо нохчийн къоман дуьхьа. Дала гIазот къобалдойла цуьнан!».
Титаев Муслим: «Нохчийчохь массо а меттигашкара схьабаьхкинчу террористаша шайн талор лелочу хенахь, йохийна гIаланаш, ярташ йолуш, гIаддайна хьийзачу къоман накъост хилла дIахIоьттира Кадыров Ахьмад-Хьажа. Хала зама а, хала киртиг а яра цунна тIехIоьттинарг, делахь а турпалаллица чекхваьлла иза ерриге а халонах. Цундела, тахана цуьнан цIе сий-ларамца йоккху нохчийн халкъо».
Исмаилова Асет: «Со жима яра, дукха хIуманах ца кхетара, Кадыров Ахьмад-Хьаьжа Президент хаьржинчу хенахь. Делахь а, суна чIогIа дика дагайогIу адамийн цунах хилла йолу дог-ойла. Баккхийчаьрга ладоьгIуш со тешара Ахьмад-Хьаьжа республикин куьйгалхо хилла ца Iаш, нохчийн къам кIелхьарадаккха Дала ваийтина хиларх. Туьйранашкахь санна, къоман ирсан гIаролхо хилира цунах. Халахета тахана Ахьмад-Хьаьжа вайна юкъахь воцуш. Вайн къомана цкъа а виц лур вац вайна маьрша дахар делла волу Нохчийн Республикин хьалхара Президент Кадыров Ахьмад-Хьаьжа».
Ша республикин коьртехь хиллачу дуьззина доцчу деа шарахь дуккха а дика, беркате гIуллакхаш кхочушдан кхиира Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. Цу юкъахь коьрта меттиг дIалоцуш яра къома юкъахь маслаIатдаран политика. Иза иштта хьекъале, нийсо лелош Iеламстаг хилла хиларна, Дала цуьнан аьтто бина аьлла хета. Делан а, шен халкъан а дуьхьа хилла Ахьмад-Хьаьжас мел боккху ког. Далла хьалха нийса хиларна ницкъ карабора цунна халонаш эшо. Иза, цкъа а виц лур воцуш, висина вайн халкъан иэсехь а, Россин исторехь а.
АВХАДОВА Хьава
№84, еара, 30 июль, 2015 шо