«Серноводск-Кавказский» курортехь дIахьош ю дешаран белхахойн профсоюзан юьхьанцарчу организацийн кураторийн семинар
Дешаран белхахойн профсоюзан рессовето вовшахтоьхначу семинаро шен болх дIаболийна 22-чу июлехь. Итт денна лерина бу цуьнан болх, аьлча а, 31-гIа июль кхаччалц.
Iаморан лекцешца цхьаьна билгалдина ду дарбанан процедураш буьззинчу барамехь дIаяхьар, ткъа хIора дийнан болх берзабо культурин программица.
Семинаран дакъалацархошна хьалха лекцеш еша кхойкху тайп-тайпанчу министерствийн, ведомствийн куьйгалхой, Iилманчаш, юристаш, дешаран зеделларг долу белхахой, профсоюзан белхан жигархой.
Июль беттан 25-чу дийнахь цаьрца цхьаьнакхийтира Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Умаров Джамбулат. Цуьнан лекцин тема яра: «Исламан» терроризмах ма-дарра долуш дерг а, кегийрхой цуьнан Iаткъамах ларбаран некъаш а». Верриге а 100 сов стаг вара лекцига ладугIуш. Хьаша вовзуьйтуш, дешаран белхахойн профсоюзан рессоветан куьйгалхочо Герзелиев Хизира билгалдаьккхира оцу темина лекци еша Д.Умаровл хьакъ волуш стаг шена хеташ цахилар. Цо дагадаийтира Нохчийн пачхьалкхан университетан историн факультет чекхъяьккхинчул тIаьхьа, Кадыров Ахьмад-Хьаьжас магорца Д.Умаров Тунисерчу политологин университетехь стажировкехь хилла хилар. Цигахь цо караерзийра «востоковедан-политологан» говзалла.
«Исламан» терроризм термин ша а нийса яц, террористийн цхьа а дин а дац, билгалдаьккхира, шен къамел долош, Д.Умаровс. Билггал делилаш а далош, лекторо кхачам боллуш дийцира исламан мостагIийн зуламех а, церан орамех а лаьцна. Иштта шех олучу «исламан» терроризмана а, экстремизмана а нуьцкъала дуьхьало яран шатайпа дуьненаюкъара туш хилла лаьтта Нохчийчоь. Тахана вайн республикехь санна бусалба динна паргIато йолуш меттиг дукха хир яц, билгалдаьккхира Д.Умаровс. Цунна тоьшалла ду хIора юьртахь дина исбаьхьа маьждигаш, дуьненахь а тоьлла лерина хьафизийн хьуьжарш, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун дIадолорца Россин кхечу регионашкахь а, кхечу мехкашкахь а дина Делан цIенош, 19-чу январехь Соьлжа-ГIалахь хилла бусалбанийн гулам, иштта кхин а, кхин а. Кегийрхой тиларх ларбарехь ерриге а юкъаралло къахьега дезаш хилар ч1аг1дира цо. Вайн эвлаяаша, шайхаша Делан дин даржорехь бина цIена некъ бовзийта беза царна.
Дерзош, гулбеллачийн хеттаршна жоьпаш делира Д.Умаровс.
31-чу июлехь берзор бу семинаран болх. Шайн балха тIехь оьшур долу дуккха а керланиг девзина, гIеххьа шайн могашалла тойина, садаьIна, цIа боьрзур бу профсоюзан юьхьанцарчу организацийн кураторш.
Цадевзарг довза а, садаIа а и меттиг вовшахтохарна семинаран дакъалацархоша баркаллаш бохура дешаран белхахойн профсоюзан рессоветан куьйгаллина.
Хь.АБАЕВ
№84, еара, 30 июль, 2015 шо