я оьмарал деха диъ шо
Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа республикин куьйгаллехь дIора дукха ца Iийнехь а, и куьйгаллехь хилла диъ шо, 2000-чу шарера 2004-чу шаре кхаччалц болу мур, вайн халкъан истори юккъе бахана дийнна оьмар санна. Иза халкъ когахIоттаран а, республика меттахIотторан а оьмар яра.
Хетарехь, вайх хIоранна а дагадог1у 2000-чу шеран юьххьехь Нохчийн Республика муьлхачу хьолехь яра. Йохийна дIаяьккхина яра экономика, хIаллакйинера социальни а, инженерни а инфраструктура. БIеннаш ярташ яра йохийна, саьлнашкахь Iохкура гIаланаш. Балхахь стаг вацара.
Оцу хьелашкахь, Ахьмад-Хьаьжа, шена тIе вуно доккха жоьпалла а эцна, Нохчийн Республикин куьйгалле хIоьттира. Дог-ойла эшначу дуккха а нахана цамоьттинарг хилира: цо цIий Iенор, тIом сацийра. Цуьнан ницкъ кхечира нохчийн юкъаралла машар, маслаIат, барт хинболчу некъа тIе дIахьовзо.
Боццачу муьрехь республикин куьйгаллин федеральни центраца цхьаьна аьтто белира гIаланашкахь а, ярташкахь а дахарна уггаре а хьалха оьшуш йолу объекташ меттахIитто. Цу юккъехь яра дешаран 125 учреждени, могашаллаIалашъяран 167 объект, ткъа иштта хIусамийн-коммунальни бахаман, культурин, спортан, транспортан, некъан бахаман, зIенан, телерадиовещанин, зорбанан объекташ. Иштта аьтто белира экономикехь коьрта долу дакъош – агропромышленни комплекс, машенашъяран, дечгахгIуллакхдаран, медицинан промышленностан предприятеш – меттахIиттор дIадоло. Ахьмад-Хьаьжа волуш дIадоладелира цIерпошташ дIасалелар, иштта и волчу хенахь юкъаелира мобильни зIе. 2004-чу шарахь промышленни производствон барам 10750,7 млн. соьме кхечира, 2000-чу шарахь республикин промышленность саьлнашкахь Iуьллуш хиллехь а.
Юкъараллин-политикин хьал синтеме доьрзуш хиларо а, меттахIитторан белхийн жамIаша а, республикин куьйгалле тешам хиларо а, ма-дарра аьлча, А-Хь.Кадыровс дIахьочу некъе тешам хиларо а гIодора экономикера хьал тодарна, жима предпринимательство жигараяларна. Тахана вайна го жимачу бизнесан дуккха а предприятеш эвсаре болх беш хилар. Вовшахкхеташ ю яккхий гIишлошъяран а, юьртан бахаман а предприятеш.
Нохчийчоьнан хьалхарчу Президента боккха тидам тIебохуьйтура социальни декъана. Нохчийн Республикин куьйгалло цхьаьна, бертахь, вовшех дагадовлуш, болх бар бахьанехь дIанисдира шен-шен хенахь пенсеш, пособеш дIадалар. ДIадолийра белхан меттигаш кхоллар. Мехкан куьйгаллин Нохчийчоьнан хьалхарчу Президенте боккха тешам хилар бахьанехь дIадоладелира йохийначу хIусамашна а, хIаллакьхиллачу бахамашна а 39 эзар стагана компенсацеш дIадалар.
Дешаран а, могашаллаIалашъяран а дакъош даима а коьрта лоруш вара Ахьмад-Хьаьжа. 2004-чу шарна республикин юкъарадешаран школашкахь доьшуш дара 211 эзар сов бер. Ткъа республикин вузашкахь доьшуш вара 23 эзар сов студент.
ТIеман шерашкахь уггаре а аьшнаш бина, гIийла латтийнарш ца бисира цуьнан тидам боцуш. Вай дуьйцуш дерш бераш ду. Нохчийчоьнан хьалхара Президент волчу хенахь дуьххьара юкъадаьккхира нохчийн дешархой садаIа луларчу регионашка хьовсор. Ткъа кхоллараллин къона коллективаш дакъалаца а, толамаш баха а юьйлаелира российски хьовха, дуьненюкъарчу конкурсашкахь.
Доккха гIо-накъосталла дора цо культурина а, спортана а. Цара даима а шайн кхиамашца хазахетарш дохьура спортъезархошна. Болх бан йолаелира хелхаран «Вайнах» пачхьалкхан ансамбль, ловза йолаелира «Терек» футбольни команда. ГIо-накъосталла дора спортан кхечу дакъошкахь къахьоьгуш болчарна а.
Вай массара а доггаха баркалла ала деза Кадыров Ахьмад-Хьаьжина цо Соьлжа-ГIала вайна Iалашъярна. ГIалин хIора вахархочун дагна ов тухура цхьаболчу федеральни чиновникаша пачхье кхечанхьа ян еза боху къамел юкъадаьккхича. Цу тIехь Ахьмад-Хьаьжина хетарг хийцалур доцуш хиларо таро елира Соьлжа-ГIала республикин пачхье хилла йисийта. Тахана вайна го Соьлжа-ГIала овкъаршлара муха гIаьттина. ТIом хилале хьалха хиллачул дуккха а хазъелла дIахIоьттина иза. Ахьмад-Хьаьжин сийнна дан леринчух кIеззиг дакъа бен дац вай динарг.
Делахь а, республикехь хуьлуш болчу дикачу хийцамашка хьаьжна ца Iаш, шуьйрачу хаамийн гIирсаша, ца саццош, дIахьора Нохчийчоь бух боцчу черманах таръяр. Кадыров Ахьмад-Хьаьжас ша аьшнаш вар санна тIеоьцура иштта харц хаамаш. Цо, майрра, дерриге а дуьнене а даррехь дIахьедора харжех эвсаре доцуш пайдаэцарна я республикин куьйгалла а, я бахархой а бехке бац, цунна уггаре а хьалха бехке федеральни чиновникаш бу, Москвахь хевшина а Iаш, Нохчийн Республика меттахIоттош болу, бохуш. Оцу хьолах хьалхадовларан некъ бу бохура Ахьмад-Хьаьжас Нохчийчохь гIишлошъяран-меттахIитторан белхашна куьйгалла даран декхарш республикин Правительстве дIадалар.
Халахеташ делахь а, «Дирекция» ФКП республикин куьйгалле схьаялар Президент кхелхинчул тIаьхьа бен ца нисделира. Амма тахана тешна хиларца ала мегар ду: Кадыров Ахьмад-Хьаьжа похIме политик хилла ца Iаш, хиндерг хьалххе гуш мехкан бахаман да а вара. Иза бIаьрла гойту госзаказчикан декхарш республикин куьйгалле схьадалале хьалхарчу деа шарахь а, схьаделлачул тIаьхьа дIадаьллачу шина шарахь а бинчу белхийн тIехулара жамIаш даро.
Цундела ларамаза дацара 2003-чу шарахь Нохчийн Республикин Президент хоржучу хенахь нохчийн халкъо цхьабосса Кадыров Ахьмад-Хьаьжигахьа кхаж тасар.
Дерриге а халкъан цIей долчу Толаман дийнахь Нохчийн Республикин хьалхара Президент Кадыров Ахьмад-Хьаьжа кху дахарера дIавахара. Цу хенахь Россин Президента Путин Владимира ма-аллара: «дIавахара эшна а воцуш». Иза, эшна а воцуш, тоьлла дIавахана цуьнан ойланаш, сатийсамаш тахана кхочушхуьлуш хиларна. Шен халкъан бакъволу воI, къонаха, патриот санна висина иза нохчийн халкъан иэсехь. Ахьмад-Хьаьжас дIадолийна Даймохк денбар, меттахIоттор тахана сийлаллица дIахьош ву цуьнан кIант – Нохчийн Республикин Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан. Тешна хиларца ала мегар ду цуьнан куьйгаллица Нохчийн Республико Россин экономически кхиъначу субъекташна юккъехь хьокъала йоллу меттиг дIалаьцна хилар.
Ахьмад-Хьаьжа тахана вайна юкъахь вацахь а, вайн дегнашкахь, вайн гIуллакхашкахь вехаш ву. Иза даима а вайн дегнашкахь, тIаьхьенийн дагнашкахь вехар ву. Вехар ву нохчийн халкъ мел деха.
Магомадов Iабдул,
Нохчийн Республикин Правительствон Председателан заместитель
№84, еара, 30 июль, 2015 шо
