Хьарамло лелийна меттиг ца хааелла

DSC_0141

«Доьзалшна а, берашна а социальни гIодаран  Курчалойн-Эвлара туш» пачхьалкхан бюджетни  учрежденехь болх беш бу  лаккхара корматалла йолу, муьлххачу хенахь гIо-накъосталла дан кийча  болу говзанчаш. Цара хьашто  йолчарна  кхачойо  кхачанан сурсаташца а, тIеюхучу  бедаршца а, когаюхучу  мачашца а. Цул совнаха, ахчанца  гIо-накъосталла а до. Цунна хир ду-кх гIийла-мисканиг, гIо оьшуш верг хIокху туьше  вогIуш хилар. Вайн хIокху атта йоцчу заманахь доккха хIума ду цу тайпана туьшаша адамийн хьашт-дезарш кхочушдеш хилар, царна оьшучуьнга ладугIуш хилар.

Шаьш деш долу гIуллакх цIена а, хьанал а хилийтаран Iалашонца туьшехь кеч а йина, тIе а эцна коррупцина профилактика яран а, дуьхьало яран а план. Цуьнца нийса а догIуш, хIора кварталехь белхан тобано леррина кхеташонаш  дIахьо. Цигахь дийцаре до коррупци лелор цахилийтарна тIехьовсийна долу гIуллакхаш. Оцу белхан тобано лелош журнал ду, бахархошна шайн аьрзнаш, магораш, хетарш, ткъа иштта коррупци лело гIоьртина меттиг хилча  тIеяздайта.

Цкъачунна туьшан куьйгаллина а, белхан  тобанан декъашхошна а хааделла дац бахархошца  йолчу юкъаметтигашкахь  хьарамло лелийна, кхаьънаш дехна  меттиг. И санна дерш ца  хилийта белхан тобано дIаяьхьира «Тхо коррупцина дуьхьал ду» цIе  йолу «горга стол». Цигахь жигара дакъалецира туьшан белхахоша.

Бахархошца законашца хила йогIуш йоцу  юкъаметтиг ца хилийта леррина хаамийн стенд йина кхузахь. Гуччу меттехь дIатоьхна ю тешамечу телефонан номер, белхан тобано кхеташонаш дIаяхьаран график.

– Оха кхеташонаш дIахьо туьшан коллективаца а. Цигахь довзуьйту коррупци лелор ца хилийтарехьа деш долу гIуллакхаш. Цуьнца цхьаьна семинараш йо оха, корруцина дуьхьал къийсам дIабахьаран  хьокъехь  долу Россин а, Нохчийчоьнан а законаш  довзуьйтуш, – бохура туьшан коьртачу инженера,  коррупцина дуьхьал болх дIабахьарна жоьпалле волчу Ахмадханов Вахьида. – ХIоттийначу планаца нийса а догIуш, дIахьочу кхеташонашкахь оха ладугIу коррупцица къийсам латторехь цунна жоьпалле болчу белхахоша бинчу балхе. ТIаьхьарчу хенахь дIаяьхьначу шина кхеташонехь  ладуьйгIира белхан тобанан куьйгалхочун  заместитела а, Курчалойн муницпальни районан административни отделан хьаькама а оцу декъехь бинчу  балхе.

Оцу белхан беркате  жамI  лара деза карарчу шеран шолгIачу кварталехь коррупци лелийна хиларан хьокъехь бахархошкара арз кхаьчна цахилар а,  туьшан белхахоша шайн декхарш кхочушдарехь хьарамло лелийна меттиг хааелла цахилар а.

 

Р.ЮНУСОВА

№84, еара, 30 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: