Вайн республикехь коьртачарех цхьаъ ю Соьлжа-ГIалара номер 9 йолу больница. Лоьрийн сиха гIодаран цхьаъ бен йоцург а ю иза. Дийнахь а, буса а хаддаза сиха гIо оьшуш болу лазархой балабо кхуза – Кху больницехь ю цхьанадогIучу лазорийн отделени. Стаг аварехь я кхечу меттехь лазийнехь, цунна хиллачу чевнашка, лазорашка хьаьжжина хуьлу кху отделени дархо охьавиллар. Нагахь стеган корта куьг-ког лазийнехь, иза кху отделенин дархо ву, ишттачу чевнех олу цхьанадогIу лазораш.
ХIара отделени вайн республикехь доккха маьIна долуш ю, хIунда аьлча, халахеташ делахь а, лазош долу адамаш кхачадо кхуза хIора сохьтехь .
Лаккхара говзалла а, доккха зеделларг а долу лоьраш бу кху отделенехь болх беш.
Дукха хан йоцуш отделенин дархо хиллачу Макчиев Iийсас дуьйцу:
– ЧIогIа лазийна белш а йолуш, валийнера со. Цул хьалха со вайн республикерчу больницашкахь дарбанаш лелийна вацара.
Суна больницехь хиира, мел говза а, дика а лоьраш бу вайн Нохчийчохь. Со ца кхета, вайн махкахой кхечу гIаланашка дарбанаш лело хIунда боьлху. Схьахетарехь, царна ца хаьа вайн вешан говза лоьраш буйла.
Кху отделенехь 20 де доккхуш, суна чIогIа лазийна дукха дархой гира. Амма, гIоле а хуьлий, шайн когаш тIехь цIа боьлхура уьш. Со-со хьалагIаьттира цхьайтталгIачу дийнахь.
Лоьрашна даггара баркалла ала лаьа суна!
Макчиевс хастийра кху отделенин заведующи Магомадов Хьамид. Оьзда а, гIиллакхе а стаг хилла Хьамид. Тхоьца хиллачу къамелехь цо дийцира:
– ХIара отделени 2011-чу шарахь вовшахтоьхна Некъан бохамашкахь лазийначу нахана лерина ю иза.
Кхуза кхаьчна дархой масийтта чов йолуш хуьлу. Оха царна операцеш йо, церан могашалла меттахIоттайо. Цу гIуллакхана лаккхара корматалла оьшу. Ирсана, тхан коллективехь берш вайн республикехь тоьлла болу лоьраш-трамвматологаш бу: Яндаров Салман – травматологехь болх беш волу 50 шо ду, со волу – 32 шо, къонанаш а бу – Габзаев Iарби, Абдулаев Равиль, кхиберш а.
Оха, тхаьш ца кхоош, болх бо, вовшашна зеделлачух пайдаоьцу, кхиамца операцеш йо.
Дуккха а нехан дахар кIелхьардаьккхина оха.
Вайн заманан лехамашца богIуш гIирсаш бу тхан стационарехь. Больницин куьйгалло а, Могашалла1алашъяран министерство а оьшучу хIуманна тIехь дика гIо-накъосталла а до тхуна. Халонаш а ю тхан балхахь, уьш йоцуш-м цхьа а болх хир бац.
Лазийначу стагана тIаьхьа баьхкинчаьрга собаре хилахьара, тхан балхана новкъарло ма яхьара аьлла, дехар дара сан.
Иштта шайн балхах лаьцна дийцира республикехь дика вевзаш волчу лоьро Яндаров Салмана а:
– ТIаьхьарчу хенахь чолхе лазораш алсамдевлла. Иза машенаш дукха хиларца а, водительша некъан бакъенаш талхорца а доьзна ду. Чехка йогIучу машено авари йича, стаг чIогIа лазаво – масийттанхьа даьIахкаш кегйо, дегIан меженаш лазайо, дукха цIий дIаоьху. Дахарна боккха кхерам бохьуш лазораш хуьлу, амма дархо больнице сиха схьакхачаваре хьаьжжина хуьлу ша кIелхьарваккхаран гIуллакх. Цундела кхоьллина ю цхьаьнадогIучу лазорийн отделени.
Тхан коьрта лор Хамбиев Iумар отделенина леррина гIо деш а, гуттар а тхан болх тидамехь латтош а ву.
Отделенин лоьро Абдулаев Равиладийцарехь церан дукха хан дIайоккху лазийначун гергарчу нахаца дечу къамелаша. Шайна тидам ца бича, царна халахета, ткъа тхан болх Iаламат сиха бу», – боху Равила. ХIора цомгашчунна еш терго ю, цуьнга хьожуш масех лор хуьлу. Вовшех дага а довлуш бо цара болх.
М.УСМАНОВА
