ДIахьош бу хи далоран белхаш

Кху деношкахь районан бахархошна хица кхачояран гIуллакх дийцаре деш Шелахь кхеташо дIаяьхьира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Парламентан Председатель Даудов Мохьмад, Нохчийчоьнан Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин куьйгалхо Кадыров Ислам, республикин Правительствон Председателан хьалхара заместитель Тумхаджиев Iийса, Шелан районан администрацин куьйгалхо Ибрагимов Турпал-Iела, министерствийн а, ведомствийн а куьйгалхой, иштта яртийн дай.

   Бинчу белхийн жамIаш а довзуьйтуш, дан деза гIуллакхаш а дуьйцуш къамел дира республикин Правительствон Председателан хьалхарчу заместитела Тумхаджиев Iийсас.

– Карарчу хенахь Шелан районехь шуьйра дIахьош бу бархI юьртара хинан биргIанаш меттахIитторан белхаш. Бурош тухуш, ялхийтта артезиански скважинна ремонташ ю еш. ХIинцале  37 километр хинан биргIанаш ехкина.

Вице-премьера бовзийтира Шелан районан хIора а юьртахь беш болу белхаш.

Эвтарахь исс километр хин биргIанаш ехкина,  артезиански скважинна бурош а тухуш. Шелахь итт километр биргIанаш  ехкина, шина артезиански скважинна буро тоьхна. Дуби-Эвлахь буро ду тухуш, пхеа скважинна ремонт  ю еш. Жимачу АтагIахь шиъ ах километр хинан биргIанаш а ехкина, цхьана скважинна буро а тоьхна. Гермачигахь цхьана  скважинна буро тоьхна, цхьа километр хин биргIа йигина. Мескер-Эвлахь ялх километр хин биргIанаш ехкина, артезиански шина скважинна буро тоьхна. Сиржа-Эвлахь йиъ километр биргIанаш а йохкуш, цхьана скважинна буро тоьхна. БелгIатой-Эвлахь йиъ километр хин биргIанаш ехкина, цхьана скважинна буро тоьхна.

– Шелан районехь бIе километр хин биргIанаш ю яхка езаш, ткъе шина артезиански скважинна буро ду тоха дезаш. И белхаш бина бевлла хила безаш бу вайн республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжа вина де – 23 август – тIекхочуш,   билгалдаьккхира Тумхаджиев Iийсас.

Докладе ла а доьгIна, Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Р.Кадыровс элира:

«Вай керла некъаш а дохку, керла объекташ а йо. Кху шарахь шайн неIарш дIайоьллур ю ткъе бархI школо. ХIокху районан бахархоша хаийтинера шайна хи тоьаш цахилар. Церан дехаре ла а доьгIна, республикин куьйгалло шена тIелецира и гIуллакх. Иза вай чекх а доккхур ду».

Кхеташо ерзош, Нохчийчоьнан финансийн министр Рассуханов Iусманний, Шелан районан администрацин куьйгалхо Ибрагимов Турпал-Iелий винчу денца декъалвира Кадыров Рамзана.

 

МАТАГОВ Исхан

 №84, еара, 30 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: