Кестта дIахьур ду дуьненаюкъара
машенаш хахкар
Россин исторехь дуккха а тIемаш хилла. Царех уггаре а боккха а, къиза а бара Сийлахь-боккха Даймехкан тIом. Росси, Чина, Монголи, Казахстан, Белорусси, кхидолу мехкаш а маьрша дахар къовсарехь цхьаьнатуьйхира оцу тIамо. Къаьмнашна юкъара цхьаалла бахьанехь фашизмана тIехь Толам баккха аьтто белира.
Лакхахь билгалбаьхначу мехкашкарчу бIаьхоша коьрта дакъалецира Сийлахь Толам герга кхачорехь. Доьналла, майралла, турпалалла, цхьаалла чIогIа яра цаьргахь. Цундела, шайн Iалашоне – Толаме кхечира уьш. Удмуртин бахархоша СССР-н тIеман подразделенийн декъехь, Чинин а, Монголин а халкъийн эскаршца цхьаьна Чина паргIатъяьккхира. Вайн махкара дукха бIаьхой, шайн дахар ца кхоош, кхелхира цигахь…
Удмуртерчу «БIаьхойн-интернационалистийн а, тIаьхьалонан бIаьхойн а ассоциаци» юкъараллин организацис Удмуртин Республикин Правительствон гIоьнца а, меттигерчу килсан Епархин пурбанца а Сийлахьчу Толаман (Чина паргIатъяьккхина) 70 шо кхачарна лерина вовшахтухуш ю «ДоттагIаллин тIай» дуьненаюкъара автопробег. Иза дIахьур ю Поволжьен, Уралан, Сибрехан, Казахстанан, Чинин, Монголин шахьаршкахула.
Машенаш хахкар даздаран хьолехь дIадолор ду кху шеран 1-чу августехь Москвахь, вевзаш воцчу салтичун коша уллехь йолчу Йоврйоцу ЦIе йолччуьра. 3-чу сентябрехь Чинин пачхьене Пекине кхаьчча, цигахь шаьш долийна гIуллакх дерзо дагахь бу машенаш хахкаран дакъалацархой.
Оцу акцин коьрта Iалашо ю Толаман дуьхьа шайн синош ца кхоийна болу б1аьхой биц ца балийтар, уьш дагахь латтор а, Россин къилбаседа-малхбален Азин мехкашца социальни-экономикин декъехь долу цхьаьна г1уллакхаш дар кхиор а. Машенаш хахкарехь дакъалоцур ду бIаьхоша-интернационалисташа, юкъараллин организацийн а, бизнесан а векалша, иштта Казахстанехь, Белоруссехь вовшахкхеттачу дуьненаюкъарчу тобанаша. Цигахь дакъалоцуш верриге а 30 сов стаг хир ву. 60 дийнахь 20000 километр некъ бийр бу цара. Жима итт машен а, цхьа автобус а, (киралелон) йоккха цхьа машен а хир ю цигахь дакъалоцуш. СадаIа совцучу меттигашкахь «горга стоьлаш» вовшахтухур ю, цигахь дакъалоцуш йолу организацеш, предприятеш а йовзуьйтур ю. Иштта, машенахь дIасахьош гайтам а хир бу, концерташ а лур ю новкъахь. Машенаш хахкарехь дакъалоцучеран духаршна, машенаш кечъярна тIера дIадоладелла «горга стоьлаш», культурин цхьаьнакхетарш вовшахтохарна тIе кхаччалц, дерриге а гIуллакхаш лаккхарчу тIегIанехь кхочушдийр ду. Цу балхана дикка ахча оьшу. Машенаш хахкар бюджетехь доцучу хьостанийн чоьтах дIахьур ду.
А.ХАСБУЛАТОВА
№84, еара, 30 июль, 2015 шо