ДIадаханчу кIирнах Пятигорскехь схьайиллина Къилбаседа Кавказан кегийрхойн «Машук-2015» форум. Иза схьаелларехь дакъалецира Россин Президентан Къилбаседа Кавказан федеральни округехь юьззина бакъонаш йолчу векала Меликов Сергейс, кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу федеральни агентствон куьйгалхочо Поспелов Сергейс, Россин Пачхьалкхан Думин депутаташа Кожевникова Марияс, Казакова Ольгас, билгалъяьккхинчу округан регионийн куьйгалхоша, гIарабевллачу спортсменаша, культурин а, искусствон а гIуллакххоша.
Форуман дакъалацархошка довха дешнаш аьллачул тIаьхьа, кхузахь дIахIоттийначу четарийн лагерехула экскурси йира хьешаша. ШолгIачу дийнахь Толаман 70 шо кхачарна лерина цхьаьнакхетарш а, ГIебартойн-Балкхаройчоьнан де а дIадаьхьира «Машукехь». Иштта, гIараваьллачу спортсменца Карелин Александраца къамел дан а, цуьнга хаттарш дан а таро хилира кегийрхойн. КхоалгIа де Дагестанан де ду аьлла билгалдаьккхина дара. Цундела, цу дийнахь, форуман ламасте йирзина йолу Iуьйренан «зарядка» Европин а, Дуьненан а чемпион волчу Махачкаларчу Курамагомедов Курамагомеда дIаяьхьира. Кху шарахь Дербентан юбилей хиларе терра, программин дукхах долу дакъа цунна лерина дара «Дагестанан дийнахь».
27-чу июлехь Нохчийн Республикин де билгалдаьккхира «Машук-2015» форумехь. Iуьйренан «зарядка» вайн махкахочо, гIараваьллачу спортсмена Халиев Адама дIаяьхьира. Цу дийнахь форуман хьешашна юкъахь вара Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Умаров Джамбулат, кегийрхойн гIуллакхашкахула волу министр Тагиев Мурат, Парламентан Председателан заместитель Юсупов СаьIид, кхиболу официальни нах. Вайн республика йовзуьйтуш, семинараш, «горга стоьлаш» вовшахтуьйхира цигахь. Цул сов, нохчийн артистийн а, къоман хелхаран ансамблийн а концерт хилира.
Умаров Джамбулата форуман дакъалацархошка ша динчу къамелехь элира: «Нохчийн Республикин кегийрхой синъоьздангаллин, патриотизман масал хилла латта безаш бу. Пачхьалкхан цхьаалла чIагIъярехь, мехкан хиндерг кхолларехь шайн дакъа хила а деза церан. Россин кегийрхойн дог-ойла ийманан, культурин, оьздангаллин декъехь чIагIъяр, кхиор, дIадаханчу сийлахьчу шерийн хиламаш цаьрга ца бицбайтар, таханенна а, хиндолчунна а уьш жоьпалле хилийтар коьрте лаьцна, къахьоьгуш ву Россин Турпалхо, Нохчийчоьнан Куьйгалхо Кадыров Рамзан».
Цул тIаьхьа, Нохчийчуьрчу делегацис форуман дакъалацархойн тайп-тайпанчу хаттаршна жоьпаш делира. Чулацаме а, самукъане а дIадаьхьира «Машукехь» Нохчийн Республикин де.
А.ВАХАЕВА
№84, еара, 30 июль, 2015 шо