Нохчийчоьнан Куьйгалхочун векалийн Совет

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана къаьсттинчу тергонехь латтош ду тIекхуьу чкъор кхетош-кхиорехь деш долу гIуллакхаш. Къона т1аьхье ийманехь кхиоран Цхьааллин Концепци  ю республикехь кхиамца кхочушъеш.

IMG-20150727-WA0007

И г1уллакхаш дийцаре дарна лерина кхеташо дIаяьхьира Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Умаров Джамбулата Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Администрацин а динан, юкъараллин организацешца зIенаш латторан департаментан директорца Дадаев Ризванца а, Россин Федерацин субъекташкахь болчу Нохчийн Республикин Куьйгалхочун векалшца а цхьаьна.

«Хууш ма-хиллара, тIаьхьарчу хенахь, интернет чохь вайх лаьцна цхьацца харцдерг дуьйцуш статьяш хуьлу. И гIуллакх тесна дита мегар дац. Вай шуьйрачу хаамийн гIирсашкахула массарна а дIахаийта деза Нохчийн Республикин Куьйгалло бахархошна дечу пайдехьчу гIуллакхех  лаьцна. Иштта регионан Куьйгалхочо Нохчийчоь кхиорехь а, маьрша хилийтарехь а, Россин Федерацехь вайн республика уггаре а тоьллачех субъект хилийтарехь а беш болу болх алссам гайта  беза», – элира Умаров Джамбулата.

Цул тIаьхьа министра билгалдаьккхира Россин тайп-тайпанчу субъекташкахь Iаш болу нохчийн кегийрхой кхетош-кхиорехь беш болу болх кхин а алсамбаккха безаш хилар.

Министран д1адолорца Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Россин регионашкарчу векалаллийн  белхан эвсаралла лакхаяккхаран Iалашонца вовшахтоьхна Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Россин регионашкарчу векалийн Совет.  Цуьнан куьйгалхо хIоттийна Догаев Ахьмад.

А.АБДУЛАЕВ

№84, еара, 30 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: