Ливин суьдо вен кхиэл йина мехкан паччахь хиллачу Муаммар Каддафин кIантана Сейф Аль-Исламана а, Iедалан лаккхарчу даржашкахь хиллачу кхин а бархI стагана а.
***
Иблисан пачхьалкхан гIеранаша тоьпаш тоьхна Мосулерчу маьршачу I20 стагана. И ду-кх цаьргара долуш долу «дика».
***
США-н Президента Б.Обамас ерзийна шен Малхбале Африкин пачхьалкхашкахула йина турне. Эфиопехь динчу къамелехь цо юха а тIечIагIдира Африка социально-экономика кхиорехь шаь жигара дакъалоцург хилар.
***
Мисаран пачхьенна уллехь йолчу йийбаран фабрикехь цIе яьллачохь 19 стаг кхелхина, лазийнарш, багийнарш шозза алсам бу.
***
Стомара дIадуьйладелла Желтойчоьнан куьйгалхошний, кредиторашний юкъара технически дийцарш. Уьш дахдала герга ду. ХIунда аьлча кредитораш реза бац Желтойчохь ян леринчу экономикин реформашна.
***
Францерчу фермерша юха а забастовкаш ян йолийна мехкан къилбаседа-малхбале декъехь. Церан коьрта лехамаш бу юьртабахаман сурсатийн мах тIетохар а, сурсаташ дохка меттигаш хилийтар а.
***
Йовхо тIех Iаткъар бахьанехь бала хьоьгуш бу Японера бахархой. ТIаьхьарчу цхьана-шина дийнахь таIам хьалабаларна больнице охьавиллина лаххара а 1200 стаг.
***
Хонкарна газаца кхачояран гIуллакх тахана-кхана дIадоло лерина ду Иран пачхьалкхан куьйгалла.
***
ОБСЕ-н куьйгалхочо И.Дачича Украинехь вовшех леташ йолчу агIонашка кхайкхам бина шайн тергамхошна кхерамазалла хилийтар доьхуш. Шайн векалш а ларлуш ца хилча ОБСЕ-с Украинехь маслаIат муха дийр ду?
***
Украинин Iедалан эскарша стомара Донецкан областехь 46-зза талхийра «тийналлин раж». Цуьнца Iедало гойту ша Донбассера тIом сацо дагахь цахилар.
***
Россин Президента В.Путина 28-чу июлехь кхеташо дIаяьхьира кхерамазаллин Советан гуттаренна а болчу декъашхошца. Цигахь дийцаре дира Шемахь, Иракехь, Хонкарахь, Украинехь долу хьал.
***
Мехкан премьер-министра Д.Медведевс дIаяьхьначу кхеташонехь дийцаре дира бюджетан ахчанех кхаа шарахь харжаш яран хьокъехь долу гIуллакхаш.