Кху деношкахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана министерствийн а, районийн а, гIалийн а куьйгалхошца дIаяьхьначу кхеташонехь дийцаре дира муниципалитетийн бюджет тIеюзаран а, кхерамазалла хилийтаран а хьокъехь долу гIуллакхаш.
Цхьаьнакхетарехь иштта дакъалецира Нохчийн Республикин Правительствон Председатела Эдельгериев Абубакара, республикин Парламентан Председатела Даудов Мохьмада, Нохчийчоьнан Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин куьйгалхочо Кадыров Ислама, кхечара.
И.Кадыровс шен докладехь районийн бюджеташка догIучу ахчанах лаьцна дийцира. Цо дийцарехь 2014-чу а, 2015-чу шеран хьалхарчу эхашарахь а хьал дикка тоделла.
– Юьйцуш йолчу юкъана районийн бюджеташка деанчу ахчанан барам 146 млн. 672 эзар сом бу (пайданашкахула). Ткъа дIадаханчу шарца дуьстича, 2015-чу шарахь бюджеташка деана ахча 55 млн. 402 эзар соьмана алсам ду. Халахеташ делахь а, и барам лахбелла районаш а ю. Царна юкъайогIу Гуьмсан, Веданан, Шаройн районаш, – бохура цо.
Р.Кадыровс билгалдаьккхира муниципалитеташ экономически кхиор республикин куьйгаллин коьртачу Iалашонех цхьаъ хилар.
– Нагахь санна районийн куйгалхоша цу агIор белхаш ледара бахь вайн гIуллакхаш дика хир дац. Республикехь муниципалитеташ кхиорна кхоьллина дика хьелаш ду, цундела къахьегар жигарадаккха деза, – бохура Р.Кадыровс.
Цхьаьнакхетар дIахьош экстремизмана а, терроризмана а профилактика яран декъехь беш болу белхаш бовзуьйтуш Нохчийн Республикин экономикин, юкъараллин кхерамазаллин советан секретара Усмаев Вахьида билгалдаьккхира цхьайолчу районашкахь оцу зуламашна дуьхьало ярна леринчу мероприятешна тидам кхоччуш беш цахилар. Цо дийцарехь бахархошца белхаш бар жигарадаккха деза.
Р.Кадыровс дIахаийтира экстремизмана а, терроризмана а профилактика яр лерринчу тидамехь латто дезаш хилар.
– Республика маьрша хиларх вайн паргIатдовла бакъо яц. Нохчийчоьнан бахархой кхето беза, къаьсттина белхаш дIабахьа беза кегийрхошца, – элира цо.
Р.АБДУЛМУСЛИМОВ
№84, еара, 30 июль, 2015 шо
